Бакъоларйархой: Бакаев Зеламха вийна нохчийн ницкъахоша

Бакаев Зеламха

Нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха, 2017-чу шарахь тIепаза вайна хилла, вийна нохчийн ницкъахоша. Цунах лаьцна дуьйцу "СК SOS" Кризисан тобано шен талламехь.

Гомосексуал ву аьлла шеконаш кхоллайелла, цунна тIаьхьа бевлла хилла нохчийн полисхой, тешна бу бакъоларйархой. Шен дукхахйолу йолу хан Москвахь дIахьора цо, иза тешаш вацара, ша вуьйр ву аьлла.

Кхерам лаьтташехь, Зеламха Оьрсийчохь висира шен цомгаш нана дIа ца таса. Организацица къамел динчунна хетарехь, Бакаев "дIавелла" хила тарло цуьнца уьйрашкахь хиллачу жимчу стага – иза а хилла Москвахь вехаш, Нохчийчуьра ницкъахошца зIе а хилла цуьнан.

Бакаев гомосексуал ву аьлла хаам Кадыров Рамзанах кхетча, Зеламхаца "йистйаккхар" тIедожийра цо. И шиъ вевзаш вара, иллиалархочуьнга куьг а луш, ткъа цуьнан гомосексуале хиларо ша сийсазвина леринера цо, чIагIдо Тобано.

"СК SOS" тобанан хаамашца, веле хьалха артистана тIехь бехха ницкъ бина. Нохчийн Iедалхоша тIе ца дуьтура, Бакаев дIаварна шаьш гунахь хилар. Бакъоларйархоша цуьнан вар дуьйзира "гейшна тIаьхьабовларца".

Бакаев билггал вийна нохчийн ницкъахоша: цуьнан дакъа дега-нене дIаделлера, "жIала санна дIаволла" аьлла, тешна бу таллам бинарш.

  • Бакаев Зеламха вайначул тIаьхьа цуьнан нанас полицига дIахаийтира, кIант лохуш гIо дар а доьхуш, делахь а, цунах гIуллакх ца хилира. ХIетахь къоман политикан министр хиллачу Умаров Джамбулата "кIад боцург" ду элира Бакаев вайна бохуш баьржина хаамаш. "Цхьа хан йаьлча" иллиалархо гучувер ву, бохура цо. Умаровс билгал ца даьккхира, стенгахь ву Бакаев.
  • 2017-чу шеран гезгамашин-беттан 24-чохь ЧГТРК "Грозный" телеканало шен сайтехь информаци йелира, Бакаев Германихь ву аьлла. Тоьшаллина пачхьалкхан канало иллиалархочуьнца цхьаьна йаьккхина видео хIоттийнера. Бакаев кхечу пачхьалкхе дIавахна бохучу ролика тIехь журналисташна къаьстинера Оьрсийчохь бен бухкуш боцу йийбар а, хиш а. Иштта бакъоларйархошка жоп кхечира Европан комиссигара, Европе иллиалархо кхаьчна вац аьлла.