Ша республика йу аьлла дIакхайкхийначу Абхазин пачхьалкхан музейно Ичкерин буьйранчан Басаев Шемалан "Абхазин Турпалхо" аьлла сурт долу дакъа дIакъевлина, хаам бо РБК-но. Журналистан хаамашца, ишта сацам кхочуш бина Сухумера Оьрсийчоьнан векалтан белхахоша кхайкхам бинчул тIаьхьа.
Музейхь Басаев Шемалан сурт хIоттийна хиларах хьалхо хаам бира Hard Blog телеграм-канало. Цуьнан долахочо дагадаийтира, Абхазера Пачхьалкхан музей Оьрсийчоьнан ахчанах меттахIоттийна хиларх, цунах лаьцна йаздина ду гIишлонна тIе тоьхначу у тIехь а.
1992-чу шарахь Басаев Шемал Абхазин агIонехь Гуьржийчоьнан эскаран дуьхьал тIом бина ву, цхьаьна йукъахь къобалйазчу республикан тIеман министраллин гIовс а лаьттина иза, "Абхазин Турпалхо" цIе а йелла цунна. Ичкерин буьйранчас Оьрсийчохь цхьа моггIа теракташ йира, шайлахь Буденовскехь а, Москвахь а, Бесланехь закъалтхой лецар долуш.
Музейн администрацехь дIахьедира, Басаевн сурт экспозицин йукъахь ду 2012-чу шарахь дуьйна, кхело сацам а бина, "Абхазин Турпалхо" цIе дIайаьккхича бен музейно сурт дIадоккхур дац аьлла, хаам бо РИА "Новости" пачхьалкхан агенталло.
- 1993-чу шеран гурахь дӀадирзира гуьржийн-абхазхойн конфликтан уггаре а цӀий Ӏенош долу дакъа – сепаратистийн аьтто белира Абхазин йерриг аьлча санна территори тӀехь Ӏуналла дан, ткъа цигахь бехачу гуьржийн доьзалш дӀабаха дийзира. Цул цхьа шо хьалха ишттаниг хилира Къилба ХӀирийчохь а. 2008-чу шарахь марсхьокху-баттахь пхеа дийнахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а йукъахь тӀом хиллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьно къобалдира Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьна а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар. Дуьненаюкъаралло уьш Гуьржийчоьнан дакъа лору. Гуьржийн йукъараллехь и ший а шаьш-шайх республика аьлла, кхайкхийна йолу пачхьалкхаш оккупацехь лоруш йу оцу массо а шерашкахь.
- Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев а, Донашев а лецира 2018-чу шарахь лахьан-баттахь. Стохка гIуран-беттан 11-хь хиллачу кхелан кхеташонехь Оьрсийчоьнан хиллачу кхаа эскархочо дийцира 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хиллачу тIамехь шаьш дакъалацарх. Амма цара даре ца дира Дудиев а, Донашев а Басаев Шемилан тIемалой бу бохург. Цу шинна билла цхьа а бехк бац шайн элира цара.
- Официалан верица, 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимачу тобано тIом бинера шайл а дикка алсам болчу тIемалойн ницкъашца. Йерриг аьлча санна, хӀаллакйира и тоба. Эскархой байаран бахьана хиллера шайчара тIейеттар, аьлла хета бакъонашларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн тобанан буьйранчалла.