Басаевн тобанца хиллачу шиннан гIуллакх кхеле кхачийна

Нохчийчоь, 2000 шо. Архивера сурт

Басаевн тобанхойн декъашхой хиллачу Атуов Рашидан а, Понарьин Максиман а хьокъехь долийна бехктакхаман ши гIуллакх таллар дерзийна Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахула йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхалло. Уьш бехкебо бакъоларъяран органийн белхахойн а, эскархойн а дахарна тIекховдарна.

Талламан версица, Басаевс а, Хаттаба а куьйгалла а деш, 2000-чу шеран Зазадокху-беттан 29-чохь Нохчийчуьрчу Ведана-кIоштара Джани-Веданахь Пермскан кIоштарчу ОМОН-н отрядах а, Нохчийчуьрчу комендатурерчу эскархойх а вовшахтоьхначу тобанна тIелатар динера Аутовс а, Понарьина а.

Бакъоларъяран органийн 43 белхахо вийра, бIе сов лазийра.

Ставрополера схьаваьллачу Понарьин Максимана 2007-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхнера, 2004-чу шарахь Москварчу метрохь терроран тохарш дина аьлла. 2017-чу шеран Чиллан-беттан 20-чохь Понарьинна изза таIзар кхайкхийра Псковрчу десантхошна тIелетта аьлла, бехкевина.

Псковрчу десантхошна 2012-чу шарахь тIелатарна бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочунна Атуов Рашидана набахтехь даккха 13 шо тоьхнера.

  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.