ТIалибаша дIалаьцначу меттигера 13 шо хьалха Джо Байден а, цуьнан ши коллега а кIелхьарваьккхина меттигера гочдархо Афганистанера араваккха ка ца яьлла Американ Iедалхойн. The Wall Street Journal гIирсе дийцина цунах лаьцна ша гочдархочо, яздо Свобода Радионо.
Ма-ярра цIе йовзуьйтуш воцчу афганхочо Мохьаммада дехар динера КIайчу цIийнан урхалхочуьнга, ша пачхьалкхера араваккхахьара аьлла.
"Маршалла ду хьоьга, президент! КIелхьарваккхахьара ахь со а, сан доьзал а. Ма витахьа со кхузахь", - аьлла Мохьаммада америкахойн газете.
2008-чу шарахь сенаторш Байден Джо а, Гейгел Чак а, Керри Джон а вертолеташ тIехь Афганистанна тIехула боьлхучу заманчохь, дарц хьоьвзина, вертолет охьадоссо декхаре хиллера генарчу цхьана кIоштахь. Бохам баларх билгало йинчу царна орцахваьллера хIетахь меттигера вахархо, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн гочдархо волу Мохьаммад.
ТIаьхьа цуьнан дезнера 30 сахьт шелонехь даккха, конгрессменашна кхерамзалла латточу Американ тIемлошца а, афганхойн кхерамзаллин ницкъашца а цхьаьна.
Мохьаммадан гIо доьхуш кхаьчначу дехарх лаьцна дуьйцучу КIайчу цIийнан пресс-секретаро Псаки Джена шинарин дийнахь дIахьедина, Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю иза а, цуьнан доьзал а пачхьалкхера арабаккха аьлла.
"Оха арадохур ду шу. Хьайн са ахь ца кхоор оха чIогIа мехала лору", - аьлла цо.
Американ эскаршца контракташца болх бина эзарнашкахь афганхошна эвакуаци ечу заманчохь цаьрца араваккха везаш вара Мохьаммад, амма аьтто ца белира виза хьеяр бахьана долуш. Кабулерчу аэропортера араволучу заманчохь Мохьаммадна хиинера, шена цхьанна бен дIаваха бакъо ца еллий. Юхавеанчу цуьнан дийзира чохь а сецна, тIалибех лечкъа.
"Чуьра араволийла дац сан,- далийна цуьнан дешнаш WSJ газето. - Со чIогIа кхоьруш ву".
Дахначу оршотан дийнахь дирзира Афганистанера эскарш арадахар. Эвакуацин коьрта этап а чекхъяьлла. Американ Iедалша Афганистанера араваьккхина 120 эзар афганхо - НАТО-н ницкъашца белхаш беш хилла болу, церан доьзалш а, Талибано бойъур бу аьлла хетачу бахархойн дакъа а.
Оццул дукха нах Афганистанера арабаьхнехь а, бисина оцу пачхьалкхехь америкхойн мисси ерзале дIабаха ницкъ ца кхаьчнарш - шен хеннахь кехаташ церан нисдан ца ларийра.
Пачхьалкхан департаментан пресс-секретаро Прайс Неда бахарехь, визан системехь болх бан нах цатоарна нисделла иза.