Байденан администрацина бехкбиллина Трампа, нелегалан мигранташ совбовларна

Трамп Дональд

Иттаннашкахь эзарнашкахь нелегалан мигранташа дуьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанаш тIаьххьарчу деношкахь аьлла, дIахьедина пачхьалхкан экс-президенето Трамап Дональда. Цунна бехкбиллина цо президентан Джо Байденан администрацина, яздо Коммерсанто.

Трампа бахарехь, "хаа а хууш, цхьаммо билггал хIаллакъеш ю" Цхьаьнатоьхна Штаташ.

"Техас штатерчу Дель Риохь шуна гуш бу, вайн дозанаш дIадуьзна иттаннашкахь эзарнашкахь нелегалан мухIажарш, вайн дозанан полицин агенташна юьхьдуьхьал бийла а буьйлуш", - аьлла цо шен агIончашна хьалха Джорджехь вистхуьлуш.

Ша президент волчу шерашкахь шен ма-хуьллу Мексикаца долчу дозанехь пен богIа гIиртира Трамп Дональд. Тахана цуьнан агIончаш юха а тIебирзина оцу идейна.

КIира хьалха Дель Рио кIошта веара 15 эзар хиллал мигрант, дукхахбераш Гаитера а болуш. Царех ши эзар гергга юхавахийтина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа.

Товбеца-беттан 7-чохь Гатин президентан резиденцина тIелатар динера. Йинчу чевнех кхелхира пачхьалкхан президент Моиз Жовенель. Оцу гIуллакхна тIехула лаьцна ву 40 сов стаг.