Бегаш бечех вац "Лорд"

Нохчийчоь -- Даудов Мохьмад, 2016

Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch адамийн бакъонашна терго ен вовшахтохаралло Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна «Кавказский узел» интернетан проектан коьртачу редакторан Шведов Григорийн кхерамазалла ларйе аьлла а, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада цунна кхерамаш тийсар емал де аьлла а.

Your browser doesn’t support HTML5

Бегаш бечех вац "Лорд"

Бакъонашларъярхоша цул сов тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедалшна бозуш боцучу зорбанан гIирсийн векалшна Нохчийчохь кхерамаш тийсар а, тIелететарш дар а сацадар.

Дечкен-беттан 4-чу дийнахь Даудов Мохьмада шен Инстаграмехь сурт зорбане даьккхинера, «Муха баста беза "Кавказан шад» аьлла кIел а яздина. Цо язйинчу текстца а догIуш, Даудовс дуьйцуш дара "мотт бацбан оьшучу «Швед» олучу жIаьлах" лаьцна.

Цул тIаьхьа «Кавказский узел» интернет порталан куьйгалхочо Шведов Григорийс арз дира Оьрсийчоьнан Талламан комитете, Даудовна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла.

Шведов а, цуьнан белхан накъостий а, бакъонашларъярхой а вуно саготта бу Даудовс Шведовна кхерам тасар бахьана долуш, парламентан спикеро аьлларг Нохчийчохь дIоггара чIогIа хIума ца хетахь а.

Синтем бан оьшуш долу хIума ду аьлла хета иза бакъонашларъярхошна, Даудов мила ву бохург тидаме эцча.

Даудов Мохьмад Кадыров Рамзанна уггаре а муьтIахь волу стаг ву бохуш, чIагIдо Оьрсийчура зорбанан гIирсаша. «Новая газето» а, кхечу ресурсаша а яздо иза Нохчийчохь шолагIа стаг ву, Кадыров Рамзан дIаваьлча бохуш.

2015-чу шеран Товбеца-баттахь дуьйна Даудов ву меттигерчу парламентан гIантда. Цул хьалха иза куьйгалла деш вара Кадыровн администрацина.

Кадыровн а, Даудовн а юкъаметтигаш юххера хилар гойтуш дуккха а тоьшаллаш ду интернетехь. Масала, YouTube-ехь каро аьтто бу вижина Iуьллу Даудов (озаца) Кадыровс самавоккхуш яьккхина видео.

Цхьаболчу хаамашца, Нохчийчохь шолагIа тIом боьдуш Даудов нохчийн тIемало хилла ву, Оьрсийчоьнехьа ваьлла волу. «Собеседник» газето чIагIдарехь, «Лорд» аьлла цIетиллина цунна Кадыровс цо ингалс махкарчу божарша санна товш духар лелорна.

Амма ша Даудовс дуьйцу «Лорд» ша раци тухуш лелош йолу цIе яра шен Нохчийчохь тIом боьдуш бохуш. ТIом бан а, масала, гранатомоьт кхосса, Кадыровс Iамийна шо боху Даудовс цхьана видеохь.

Лорд" шен социалан статус а яц, сийлахь цIе а яц бохуш вара Даудов, ша журналисташна интервью луш.

2009-чу шарахь Чиллан-баттахь, хилла болчу нохчийн тIемалоша дакъа а лоцуш, леррина программа гайтира Нохчийчурча телевизионо. Цигахь дакъалоцуш волчу Кадыровс дийцира, шаьш Даудов Мохьмад йийсаре лаьцначул тIаьхьа, иза вен а ца вуьйш витира ша бохуш.

Шена бехк буьллу, ша цу тайпа нах улле баьхна бохуш, амма уьш Оьрсийчоьнна хьанал гIуллакх деш бу, бохуш вара Кадыров.

Даудовна дIоггара луучух тера дац ша тIемало волуш лелийнарг дийца. И вевзаш хилла тIемалой каро а дац атта. Амма тIом беш леллачу наха дуьйцу, шайна Даудов Мохьмад дага ца вогIу бохуш. Царах ву карарчу хенахь Малхбузерчу Европехь веха Джамбулат цIе йолу стаг.

Джамбулат: "Со оцу хенахь оцу юкъахь сайга далург деш лелаш вара. Амма цкъа а и стаг я ву, я вац аьлла, вуьйцуш хезна вац суна. Даима тIемалоша нехан цIе йоккхучу хенахь, вайн баккхийн командираш вай бийца а ца буьйцу, тIемалошна юкъахь суна цкъа а хьахош хезна стаг вац и Лорд я Мохьмад Даудов. Суна цIе йоккхуш а, хьахош а хезна стаг вац-кх и накъост".

Мухха делахь а, 2002-чу шарахь Даудов балха хIоьттира Нохчийчоьнан президентан кхерамазаллин сервисе. «Кавказский Узело» яздарехь, Даудовс масийтта шарахь болх бина республикерчу тайп-тайпанчу ницкъаллин структурашкахь.

Шелахь кIоштан милицин хьаьким а хилла иза. Нохчийн дуьхьалонан боламан дакъашхошна дуьхьал тIеман операцешкахь жигара дакъалацарна 2007-чу шарахь Даудовна белира Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан дашо седа.

Даудов юкъаозийна вара наркотикаш лелийна аьлла чувоьллинчу нохчийн юкъараллан жигархочуьнан Кутаев Русланан кхелана. Кутаевс дийцарехь, цунна дуьхьал кхел йолийра Даудовна иза кIел ца таIар бахьана долуш.

Хьалха МартантIехь Кутаевна кхел еш ша цунна йиттина бохург бакъ дац, шена иза гина стаг вац аьлла тоьшалла дан ваханера Даудов. Кхел йоьдучу иза чоьхьа ваьлча массо а, суьдхо а цхьаьна хьалагIаьттира, бохуш яздора «Новая газето».

Даудов ву Iамерко санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь. Иза хIунда юкъавахийтина цу санкцешна хууш дац, амма иза хилира Кутаев Русланна хан тоьхна ах шо даьлча.

И гIуллакх Кутаевна кхел ярца доьзна хила мега бохург нийса хила мегаш хилар гойтуш ду Даудовца цхьаьна санкцеш кхайкхийначу нахана юкъатоьхна Кутаевс шена етташ дакъалоцуш вара аьлла хьахийна волу Нохчийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министран когаметта Алаудинов Апти хилар.

Юкъараллан дахарехь а жигара дакъалоцуш ву Даудов. Иза ву Нохчийчохь божарийн масийтта зуда яло бакъо хила еза аьлла хетачех. Даудовс дийцарехь, масийтта зуда ялор шуьйра даьржина ду Нохчийчохь, цундела цу хьокъехь низам тIеэца деза Оьрсийчоьнан Iедалша.

Стохка ГIадужу-баттахь «Кавказ.Реалии» сайто хаам бира, Даудовс буй-тIарий йина Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан гIантден декхарш кхочуш деш волчу Мурдалов ТIахIирна аьлла. Мурдаловга дарж охьадилла бохуш хиллера Даудов.

И бахьана долуш эргIадбахана бара дуккха а нах. Амма эххаре а Даудов шен меттахь висира, ткъа Мурдаловс дитира шен дарж. И дерриг а тидаме эцча, Даудовс тесна кхерамаш, цо-м забар йина хир яра аьлла, Шведовс тесна ца дитар кхеташ ду.

Лакхохьа вай хьехийначо Лорд бегаш бечерах ца хилар гайтахь а, цхьа гIоле ю кхузахь. Шведовна кхерам тасар сиха гIардаьлла, журналистана тIе дуккха а нах хIиттина, шайна юкъахь Human Rights Watch вовшахтохаралла а йолуш, ткъа Кадыровн зорбанан сервисо дIахьер дина, шайна хетарехь, Даудовс динчу дIахьедаршкахь кхерам тасар дац аьлла.