Курскан кIоштара нах арабаьхначу Глушково йуьртара телефонаш йухкучу туьканахь къола дина шина эскархочо - царех цхьаъ Росгвардин белхахо хилар гучудаьлла. Оцу структури йукъахь йу формалехь Курскана гергарчу позицешка хьажийна "Ахмат" спецназ. Бехкечарна таIзар де бохуш тIамехьа болу блогерш хилла ца Iа, ишта кхайкхам бина официалан наха а. Оцу гучудаьллачу къоладарехь хIун ду башха, эксперташца цхьана цуьнан духе кхиа хьаьжира Кавказ.Реалии сайт.
Кхаа минотехь йолу видео дуьххьара зорбанашкахь йаржийра "Типичный Курск" телеграм-канало – хетарехь, йохкаран меттигера администраторша, йа хадархойн хьукмато кхачийна хир йара уьш цаьрга. Цу тIехь, нохчийн мотт буьйцу шиъ эскархо ву, дохийначу корехула къевлинчу салон чу волу, къевлина неI йелла гIерта цIе йойъучу гIирсаца. Аьтто ца баьллачул тIаьхьа терхи тIера смартфонаш а, йохкархочун стол тIера карташ а, телефонашна тIе йохку баттарчий а дIахьо эскархоша.
И видео нахалайелира йаккхийчу пабликашлахь а, зорбанан гIирсашкахь а, ткха марсхьокху-беттан 18-чу суьйранна Курскан кIоштара губернаторан хьехамчас, Z-блогеро Алехин Романа дIахьедира, "мародерийн цIе а, фамили а йу", ша "динчу зуламах жоп дала деза хIораммо" аьлла. Курскан кIоштахь болх бечу кхечу "тIеман корреспонденто" Романов Владимира дукха ца Iаш тIечIагIдира, къола динарш схьакарийна аьлла.
"Агентство" гIирсана вевзина телефонаш йухкучу туькана чубевллачу нохчийн эскархойх цхьаъ, иза ву Абдулвадудов Юсуф. Оцу цIарца социалан машанашкахь лелош аккаунташ йу цуьнан.
Соьлжа-ГIалара Росгвардин къаьстинчу "Юг" батальонан командирца Межидов Хьусйенаца даьккхина сурт ду цуьнан. "Кадыров Ахьмадан цIарах полк" тIейаздина футболка йу цунна тIехь. Цхьана сурта тIехь Росгвардин машенна уллохь лаьтташ ву иза.
Керлачу дозанашкахь къоладар
Куьйгалло схьайоху "Ахматан" эскархошкара смартфонаш, шайн гергарчаьрца а, доттагIашца а зIене уьш ца бовлийта а, цаьргахула нохчийн дакъошкахь билггал долчу хьолах лаьцна хаамаш гIара ца билийта а, дуьйцу нохчийн блогеро Халитов Хьасана. Къаьсттина цундела ошуш йу эскарехь гIуллакх дечарна смартфонаш, царех цхьайерш совгIатна цIахь болчарна дIахьур йу цара, кхин дIа дийцира цо.
"Амма оцу къуйша бехказлона дегайовхо йитина йац. Ала йиш йара оперативан Iалашонаш кхочушйан царна чIогIа оьшуш йара и телефонаш, амма оцу видео тIехь цара вовшашлахь дуьйцуш ма ду, лечкъийна хIуманаш цIа шаьш муха хьур йу. Цхьаммо боху оригинале телефон дIайузу сара ло шена, шолгIачо жоп ло, оригинал йерш сил йорах хуьлийла дац", - кхетийра къамелдечо.
"Iийса пайхамаран эскар" бохуш, Алаудинов мел чIогIа дIахьедахь а, и нах шайн идейш йоцуш бу
Оьрсийчоьнан дозанера регионашна тIамо Iаткъамбарх йаздечу йозуш йоцчу "Чим" ("Пепел") хьостан журналисташа Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь тIечIагIдира, хьалхо "Ахматан" дакъош Белгородан кIоштахь долчу заманчохь цара къола дина бохуш тоьшаллаш цахилар. Цундела Глушковехь хилларг дуьххьарлера тIечIагIдина масал хила тарло Оьрсийчоьнан территори тIехь кадыровхоша къоладарх. Оцу йукъанна дIалецначу Украинан дозанаш тIехь "ахматхой" хаабелира къоланаш деш а, талораш лелош а.
2022-чу шеран охан-бутт бовш Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Закан-йуьртахь гучуйелира украинхойн Мелитополехь лачкъийна хилла малхбузехь арахецна йуьртбахаман техника, цуьнан мах бу бохура масех миллион еврошкахь. ТIаьхьо дийца даьккхира, кадыровхошка и машенаш хьала лата ца йеллера геннара царна блок тоьхна дела. Хучиев Муслиман дай баьхна эвла йу иза – оцу хенахь иза вара Нохчийчоьнан премьер-министр, ткъа тахана Оьрсийчоьнан премьер-министран гIовс ву иза.
"Ахматан" йолахочо, Челябинскера Воложанин Александра шен телеграм-каналехь зорбане йехира ша йина роликаш а, гинчийн тоьшаллаш а, цу тIехь эскархоша (Воложанина а цхьаьна) дIалаьцначу украинхойн Северодонецкера наха дIатийсинчу хIусамашкара лечкъош, арайоху хIуманаш, иштта лечкъайо машенаш а.
Шен къам хьийзон Iалашонца вовшахтоьхна йу "Ахмат" спецназ
Кхин а цхьа масал ду дIайаздина – 20 гергга йеза смартфонаш оккупаци йинчу Мариуполера арайаьхна "Ахмат" спецназан эскархоша Нохчийчу дIайаьхьира. Уьш йолу меттиг билгалбелира церан дайшна пеленгацин гIоьнца. Мелитополехь йуьртбахаман склад схьайаьккхинера кадыровхоша, цигара хIума дIадохка.
КХИН А ХЬАЖА: ХIора денна "Ахмат": Нохчийчуьра маса дакъа ду Украинехь тIом бешУкраине чугIоьртинчу хьалхарчу шарахь къоланаш дина меттигаш Iаламат дукха хиллачух тера дара, хIунда аьлча, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ирасханов Аслана рогIера Украине хьажочу лаамхойн тобанашка кхайкхамбира, оцу кепара хIуманаш ма леладахьара аьлла. Амма хIетте а кху аьхка Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лецира оккупаци йинчу Мелитополехь Нохчийчуьра масех вахархо - нах хьийзорна а, тIелетарш дарна а, меттигерчу нахера ахчанаш дахарна а.
"Кхин керла хIуммаъ а ца гира тхуна. Дуккха а шерашкахь оцу кепарчу ницкъахоша лечкъош, дIабуьгуш, баъйина дуккха а нохчий, царна наркотикаш кхуьйсура, даккхий ахчанаш дохура цаьргара, шаьш тIехь Iазапаш хьоьгур ду ца лахь, йаккхий хенаш йеттар йу набахтехь такха бохуш, кхерамаш а туьйсуш. ХIинца и хIума даьржина Курскан а, Белгородан а кIошташкахь, Алаудиновс мел дукха "Iийса пайхамарн эскар" ду бахахь а, и нах цхьана а кепара идейш йолуш бац, церан эхь-бехк а, церан интересаш а акхарошца дуста тарлуш ду", - аьлла хета Халитовна.
Уггар а гIад дайнарш къастор?
"Ахмат" спецназ кхоьллина йу "шайн къомана тIехь Iазап латтон", Росгвардин дакъа хиларе терра кийча ца хилла тIемашкахь дакъалаца, билгалдаьккхира Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Хаъане а хууш дац, тIеман министраллин куьйгалло а, Коьртачу штабо а муха лерина и дакъа тIом балур болуш ду аьлла. Хетарехь, хIинца а лелаш йу нохчех стереотип, цара майраллица тIом бира 1996-чу шарахь шайн маршонехьа, шайл а дуккха а тоьлачу мостагIчуьнца. ХIара царна ца хиндерг ду, хIунда аьлча, "Ахмате" эцнарш бу нохчийн къоман уггар а ледарчех векалш", - дIахьедира Сулеймановс.
Росгвардин эскархочо лаьцначуьнгара смартфон схьайоккхуш хилча, гаджеташца йолчу терхина тIех муха вер ву иза?
Спикеро дагадаийтира, КIотар-йуьртахь къано аьшнашвар кадыровхоша, ткъа иза нохчийн гIиллакхашца данне а догIуш дац. Оьрсийчоьнан дозанашкара регионашкахь кадыровхоша майраллин, доьналлин хьуьнарш гойтур ду бохург, - харц ду, тешна ву иза: "Гуьмсехь таIзар доцуш дитинарг, Глушковехь а лелон мегар ду".
"ХIун ду вайна гуш телефонаш йухкучу туьканахь йаьккхинчу видео тIехь? Оьрсийчоьнан ницкъахоша даим а лелош дерг ду – хуьлийла уьш полисхой, йа Росгвардин эскархой. Цхьана а хIуманах хьожа ца йогIу нах бу цига балха дIаоьцурш. Нагахь санна полисхочо йа Росгвардин эскархочо бакъо йоцуш шаьш лецначу могIарерчу нахера смартфон а, ахча а схьадоккхуш хилча, гаджетех йуьзначу терхина тIех стенна вер вара иза?",- хеттаршка вуьйлу иза.
Оьрсийчоьнан тIеман аналитикех волчу цхьаммо Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь, шен цIе хьулйар доьхуш, билгалдоккху Росгвардин "Ахмат" спецназ а, тIеман министраллин "Ахмат-Чечня" полк а тIом бан гунахь цахиларх.
"Доккхачу декъана тIемаш беш бу хIордан пехотин 810-чу бригадера эскархой, ткъа кадыровхой уллохь хуьлу, церан толамаш а боькъуш. Инарлас Алаудиновс чIагIонаш йеш даккхий къамелаш дахь а, церан декъа кхин хIуммаъ а дац- Курскан кIоштахь жамIаш дац", - дерзийра къамелдечо.
Глушково – и цкъачунна тылера зона йу, и бохург ду, мел кIезиг а кадыровхойх цхьа дакъа тIемаш боьлхучу хьалхарчу позицешкахь бац, "Ахматан" куьйгалло дIахьедеш ма-хиллара. Уьш Сеймехула дехьаволлучохь бу, тидам тIеузу цо.
- Курскан кIоштан дозана чудахна украинхойн эскар марсхьокху-беттан 6-чохь. ХIетахь дуьйна регионехь беш тIемаш бу. Оьрсийчоьнан Iедалхойн хаамашца, 100 гергга маьршачу бахархошна зенаш хилла цигахь, иттаннаш эзарнашкахь нах арабаьхна цу меттигера. Марсхьокху-беттан 13-чу дийнахь динчу зерашца, украинхойн эскаро шайн карахь латтон тарло 30 гергга нах беха йарташ.
- Йуьхьанца Оьрсийчоьнан агIоно дIахьедора, ВСУ-н нцкъийн ка ца йаьлла дозанехула чекхбовла, уьш цигахь дIасабохийнера аьлла. "Шога дуьхьалойарх" дийцира ишта "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис. И дешнаш харцдира тIеман эксперташа а, тIамехьа болчу блогерша а, кадыровхойх йуха а "тикток-эскарш" олуш.
- Марсхьокху-беттан 9-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Курскан кӀоштахь хиллачу тӀемашна комментарий йеш, ши-кхо де даьлча "дика жамӀаш" хила деза аьллера. Цуьнан прогноз кхочуш ца хилира – хӀетахь дуьйна регионехь тӀемаш бен майда кхин тIе а совъйаьлла.