Белгородан дозанца йолчу кIошташкахь рейдаш дIайаьхьна "Ахматан" эскархоша

Гайтаман сурт

"Запад-Ахмат" батальонан эскархоша къайлахчу сервисашца а, полицица а рейд дIайаьхьна Белгород-мехкан дозанца йолчу кIошташкахь. "Диверсин-талламан гIуллакхца" боьзна хилла аьллачу шеконашца пхи стаг лаьцна, хаамбина регионалан чохьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь.

Полицин хаамашца, "Ахматан" эскархоша теллина Белгород-махкаца дозанца йолчу меттигашкара 119 цIа. Йаржийначу оперативан видео тIехь камуфляжан барзакъца болу нах иштачу цхьана цIа чу боьлху, автоматаш хьалха а лецна – "диверсанташ" лоьцуш гойтуш дац. Оццу видео тIехь цхьахволчу нохчийн эскархочо меттигерчу туьканара сурсаташ схьайоху- МВД-хь хаамбарца, рейд дIахьочу заманчохь "диверсанташца" цхьаьна карийна 20 литар контрафактан къаьркъа а, 45 блок цигаьркаш а.

Диверсанташца боьзна хиллий хьажа "толлуш" лецна аьллачу пхеаннах формулировка а кхин къаьсташ йац – цхьа а хаамаш бац беш, йа дохкуш бехкаш а дац, дийцина Кавказ.Реалиига Белгородера журналисто, "Пепел" медиа кхоьллинчу Парменов Никитас.

"Дуьххьара дIакхайкхийна, Белгородан кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица цхьаьна дIайаьхьна "Ахматан" рейд йу хIара. "Ахмат-Запад" дакъа дIахьажочу заманчохь Кадыров Рамзана а, Делимханов Адама а дIахьедора, "диверсин тIелетарш йукъахдохур ду цара Украинан тIерритори тIехь" аьлла, амма цкъачунна рейдаш йеш бу Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь, Росгвардин декхарш кхочушдеш. Гучуйевлла харцонаш денна шайн балхаца йукъахйохуш йара ишта а полицино", - билгалдаьккхина къамел дечо.

  • Товбеца-бутт бовчу хенахь Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Къастийначу леррина Iалашонаш кхочушйечу батальонан (ОБОН) эскархойн аьтто белира Белгородан кIошта а баьхкина, мел кIезиг а, цхьа тIеман машен хIаллакйан. Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, диверсанташ катоьхна Оьрсийчуьра арабевлира, шайна тIаьхьа ахматовцаш хьовсийча аьлла.
  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана "Ахмат-Западан" эскархошца видео хIоттийра, цу тIехь Харьковн кIоштахь "техникана а, эскархошна а" тIелетта бохуш. Кавказ.Реалиино геолокаци лецира, хIоъ-молха кхеттачу кхаа меттиган – царех цхьаъ Белгородан кIоштан дозана тIера кол йу.
  • Белгородан кIошта дехьабаьхна нохчийн "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша дIалаьцнера украинхойн дозана генара позицеш – салтийн букъа тIехьа. Цунах лаьцна мангал-беттан йуккъехь телеграм-каналаша хаамбира. Хьалхо эксперташа дIа ма хьедарра, кадыровхойн дислокаци хийцар доьзна хила тарло Нохчийчоьнан урхалхочунна шен ницкъаш кхоон лаарца а, чолхечу тIемашкахь цаьрга дакъа ца лацийта а.