Белгородан кIоштахь герзаш детташ, кадыровхой хелхабуьйлуш йаьккхина видео толлур йу полицино

Кадыровхойн шеврон, гайтаман сурт

Белгород-кӀоштахь полицино талламаш дӀахьош бу, Валуйки гӀаларчу майданахь Нохчийчуьра хила тарлучу эскархочо хӀаваэхь герз детташ гучуйаьллачу видеон. Хьалхо кадыровхойн леларо оьгӀазбахийтира милитаристийн блогерш, цунах лаьцна цара дIахьедира нохчийн "Ахмат" декъан куьйгалхочуьнга Алаудинов Аптига.

Талламбарх дIахьедина Валуйск гӀалин кӀоштан администрацин куьйгалхочо Дыбов Алексейс, хаамбо Bel.ru а, "Йиллина Белгород" а сайташа. Цо бахарехь, "барамаш тIеэцна цу тайпа гӀуллакхаш ца хилийта", хьаькамо билгал ца даьккхира муьлха гӀулчаш йу ша йуьйцурш.

Йуьхьанца ши видео зорбане йаьккхира милитаристийн а, националистийн а Hard Blog телеграм-канало. Хьалхарчунна тӀехь маьршачу нехан духар дуьйхинчу жимчу стага хӀаваэхь автоматан кепехь тапча йетта. ТӀаккха лезгинка хелхар до цо, кхин а веа стага тӀараш детта цунна – царех кхоъ тӀеман духарца ву, шиннан пхьуьйшаш тӀехь гуш нохчийн дакъойн шевронаш йу. "Пепел" телеграм-канало геолокацеш йина цу видеон, тӀечӀагӀдина иза Валуйки гӀалахь йаьккхина хилар.

ШолгӀачу видеохь, гӀалин майданахь йаьккхина йолчу, башха дукха хаамаш бац. Цу тӀехь 15 гергга стаг ву, шайна йукъахь ши-кхо полисхо а волуш, "Герз дӀадаккъал, бл***!" олуш хеза. "Zаписки Vетерана" телеграм-канал лелочу Белгородан вахархочо Каргапольцев Алексейс дехар деш кехат йаздира "Алаудинов Аптин векалшка, йа Кадыровга шеца зIене довла дукха хенахь дуьйна Валуйскан кIоштахь Нохчийн Республикера дакъойн векалш йукъахь болуш лелочун йист йаккха".

Hard Blog телеграм-канало публикаци йинчул тӀаьхьа Каргапольцевс йаздира, шегарчу информацица, Алаудинов Апти "хӀинцале а "инцидент" луьстуш ву, ткъа Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн куьйгалло а, "Ахмат" декъан векалша а сихонца луьсту, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн а, Росгвардин а векалшца йоьзна проблемаш а, девнаш а".

  • Товбеца-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира нахана хьалха къинтӀера довлар дехнера Белгородан кӀоштара "Ахматан" дакъош эскаре кхойкхучарна тӀехьа лаьтта аларна. Цо шен дӀахьедар харцдира, ша Алаудинов Аптица "дехха а, даггара а къамел" динчул тӀаьхьа "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.
  • Стохка мангал-баттахь Белгородан кӀошта дехьадаьккхира нохчийн "Запад-Ахмат" батальонан дакъа. Цо ларъйан йезара регион диверсин рейдех, амма тайп-тайпанчу хьостанаша дийцарехь, цо тылехь позицеш дӀалоцуш хилла. Украинехьа тIемаш бечу лаамхойн тобанийн, шайна юкъахь Ичкерийн дакъош а долуш, дӀасалелар сацо аьтто ца баьлла цуьнан. Кху шеран мангал-баттахь иштта Белгород-кӀошта дехьабаьхнера Алаудинов коьртехь волу "Ахмат" спецназан эскархой, - Харьковн агӀор тӀемашкахь дакъалаца.