Кху шеран дечкен-баттера гезгамашин-батте кхаччалц хеначохь белхан алапийн тIегIанехула хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь нисбелла. Кузахь къаьсттина дукха бу 20 сов эзар сом ца кхоччуш алапа баттахь оьцурш. Йуьйцург йу Нохчийчоь – 35,6%, ГIалгIайчоь – 34,1%, Дагестан – 32,2%, Кхарачой-Чергазийчоь -30,8%, ГIебарта-Балкхаройчоь - 29%, Къилбаседа ХIирийчоь - 28,8%.
"Новости" агенталлин талламан зерашца, ГIалмакхойчохь 1,8% бахархой бу 100 эзар сов сом оьцуш баттахь, ГIалгIайчохь- 2,08%, Дагестанехь а, Нохчийчохь а – 2,3%. ТIаьххьарчу иттанна йукъахь нисйелла Къилбаседа ХIирийчоь – кхузахь лаккхара алапаш оьцучийн терахь – 2,4 процент ду.
Астраханан кIоштахь лаккхара алапа оьцу 8,4 процент бахархоша, Краснодаран кIоштахь – 6,4%, Ростов-махкхахь – 6,1%, Волгоградан кIоштахь – 4,5%, Ставрополь-махкахь – 4,2%, Адыгейхь – 3,8.
Рейтингехь хьесап дечу заманчохь коьрта гайтамах санна пайдаэцна лаккхара алапа оьцучу белхахойн декъах, ) баттахь 100 эазр сом, йа кхин а алсам алапа оьцурш), иштта лаххара алапаш (20 эзар ца кхоччуш баттахь) кхочучу декъах а.
*Аннекси йинчу ГIирмера, йа оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIера хьал а лерина хила тарло официалан статистикехь.
- Белхан меттигаш алсамйовларх хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а тIаьххьарчу позицешкахь нисйелла. РИА "Новости" агенталлин талламашца, оцу мехкашкахь уггар лахара алапаш ду, лакхара белхазалла а йу. Йерриг Оьрсийчуьра хьоле хьаьжча, дикка тIаьхьа йу и республикаш, йаздо РБК агенталло.
- ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а хьалхарчу могIаршкахь нисйелла кхелехь банкротан гIуллакхийн динамика кхиарехь. Нохчийчохь церан терахь 2021-чу шарахь хиллачу 158 тIера 2022-чу шарахь 511 даьлла. Ткъа ГIалгIайчохь 2021-чу шарахь 122 дара, 2022-чу шарахь 418 ду. Шозза сов лакхара ду Дагестанехь банкроташ хиллачу нехан терахь (579 тIера 1222-не), ГIебарта-Балкхаройчохь (490 тIера 991-не)
- Нохчийчохь 2021-чу шеран хьалхарчу йалх беттачохь 3,5-зза алсам индивидуалан фирмаш дIакъевлина, и терахь тIех ду 2020-чу шарца дуьстича. Пачхьалкхехь а лаккхара гайтам бу иза.
- 2022-чу шарахь динчу зерашца ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан уггар а ледарчу итт регионашлахь нисйелира. Рейтингехь жамIаш динера бахархойн дахаран а, социалан-экономикан хьелийн а, белхан меттигийн а, иштта кхиндолчун а.