Саидова Хадижат – Франкфуртера нохчийн меттан гΙаролхо

Германи --Саидова Хадижатан нохчийн берийн бешахь, Франкфурт, 14Гез2012

Нохчийн меттан хьолах, цуьнга ларам болучу нахах Маршо Радионо шега дийцалуччул дуьйцу даима а. Оха даккхийдерца йовзуьйту Германехь вайн ненан мотт уггаре а кегийчу берашна маьхаза хьоьху Саидова Хадижат. Иштта нохчий алссам хилича, шен мотт адамна уггаре а хьалха оьшийла кхета а там бара хΙора а нохчо, хуьлда иза вехаш Декъастахь я пана махкахь.


Нохчийн мотт Iамор а, иза кхиор а Советийн заманахь хиллачул кхин башха гена даьлла дац таханлерачу Нохчийчохь. Меттан де дIакхайкхийна, цу дийнахь Iедалан белхахошна шайна тIе къоман духар – вета болу кучамаш а, гIабалеш а, - дохар тIе а дожийна а, даздеш дерг къоман костюман де долуш санна. Ткъа Iедалхоша духарш хийцарх нохчийн мотт кхиар ца хуьлий, нагахь санна цу Iалашонна хIоттийна лерина программа а яцахь, и программа кхочушъярна хьажийна шортта ницкъ а,рицкъ а дацахь - иза дицделлачух тера ду.

Ткъа меттан хьал кхиор дуьйцучохь дац, иза кIелхьара баккха безачу хьолехь бу.

Цу хьелашкахь Iедалерчу омранашка я гIоне хьоьжуш а ца Iаш, шайн таронашца берашна ненан мотт хьоьхуш нах бовлу Малхбузерчу нохчийн мухIажаршлахь. Царех ю немцойн Франкфурт-гIалахь еха Саидова Хадижат. Цо ша ехачу хIусамехь цхьа берийн беш тайпа кхерч кхоьллина, маьхаза нохчийн берашна мотт хьеха. Ши шо сов хан ю цо и болх бен.

Саидова: "Со цIахь нохчийн меттан хьехархо хилла ю. ЦIера схьаеана 4-5 шо зама ю со. Кхузахь нохчийн бераш гуш, цара мотт буьйцуш хеза, юкъ-кара немцойн дешнаш юккъе а кхуьйсуш. ЦIахь нохчийн мотт, оьрсийн дешнаш юккъе кхуьйсуш буьйцу, ткъа Францехь кхууьчара французийн моттий, нохчийн моттий ийна буьйцу, Германехь кхуьучара немцойчуьнца ийна буьйцу.

Кхаьрга цIена шайн мотт бийцийтархьама хIун дийр дара те, аьлла, ойла йинера ас. Нохчийн мотт а, кIоргера дешнаш а, гIиллакхаш а диц ца дайтархьама, аьлла, схьайиллина-кх ас хIара берийн беш, со йолчохь цхьа чоь а нисйина“.

Саидова Хадижата схьайиллинчу кхерча кIиранах кхузза мотт Iамон догIуш итт- пхийтта бер ду. Уьш кхаа шарера ялх шаре кхаччалц хенаш йолуш ду, хIинца а ишколе даханза.

Нохчийн элпаш Iамадарал совнаха, нохчийн Iалам а, цу Iаламехь долчу акхаройн а, бецийн а цIераш а хьоьху Хадижата берашна. Масала, боху цо, ша йолчу лелачу берашна дика хаьа немцойн маттахь "игел" бохург хIун ду, царех цхьана декъана "ёжик" аьлча кхеташ а хуьлу, амма "зу" аьлча, и хIун бохург ду хууш ца хуьлу цхьа а.

Доллучу дуьнентIехь а Iилманчашна билгалдаьлла хIума ду, нагахь санна хийрачу махкахь кхуьучу берана жимчохь дуьйна шен ненан мотт дика хаахь, цунна кхин долу меттанаш Iамо а аттаха хуьлу, дешарна тIехь а кхиамаш цуьнан алсам хуьлу, бохург. Халахеташ делахь а, вайзаманахьлерчу нохчийн мухIажираллин хьалхарчу чкъуралахь дуккхаъчу доьзалшлахь бер нохчийн мотт ца хууш-м дуьсур дацара, боху хьесап юьхьара а лоций, берана ша вехачу махкара мотт Iемичхьана, тоам беш хуьлу.

Амма ненан мотт берана бицбалар дукхачарна моьттучул а сиха нисло.

Саидова Хадижата шен мукъа хан а, ницкъ а, харжаш а йойъуш дIаболийна болх а бу цу хIуманна йолчу гIайгIано кхоьллина.

Саидова: "Ша миччахь велахь а, шен мотт бицбан мегар дац. Мотт бицбелча, иза юккъера дIабаьлча, къам а дIадолу. Цундела, ша Даймахкана мел генахь велахь а, шен мотт а, шен гIиллакх а, шен Даймохк а бовза беза. Цхьаццаберш бен ца хеташ а, нохчийн мотт ца хиича а мегаш хуьлу. Ткъа, мелхо а, берашна шайн мотт я орамаш диц ца далийта гIерташ, къахоьгуш бу цхьаццаболу наной. Бен ца хета мегар дац, шен мотт бицбан а мегар дац. Мотт, гIиллакх, Даймохк - уьш массо а хенахь дагахь латто беза хIораммо а".

Малхбузерчу Европехь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн меттанаш царна диц ца далийтархьама, цаьрга шайн доьзалшлахь мотт Iамабайтархьама Iедало деш гIо ду. Амма дукхахболчу вайнехан мухIажиршна и хIума я ца девза, я, девзича а, шайна оьшуш доцуш санна хета. Маьхаза шайн берашна мотт Iамочу кхерчашка а ур-аталла бер дахийта ца лаьа цхьаболчарна.

Иштта, халахеташ делахь а, бераш кIезиг хиларна, болх бинеш генаялале, дIакъовла дезна Берлинера нохчийн культуран кхерч. Цу кхерчан неIарсагIа, тIе гезгамаша а лацабелла, лаьттара, масех кIира хьалха цига со яхча. Ткъа луларчу туркойн культуран кхерчахь хьат-аьлла дIахьош дешаран сахьташ дара.

Ши эзар сов нохчо вехачу цу гIалахь итт бер а ца хилира ненан мотт Iамон лууш, цундела и кхерч кхидIа лело маьIна дац, аьлла, дIакъовла дезна.

Бакъду, оьрсийн векалтехь йолчу оьрсийн мотт Iамочу ишколашка мукъаденошкахь, мах а луш, шайн бераш кхуьйлу цигахь бехачу нохчаша, вайн къоман уггаре а баккхийчу патриоташа а тIехь.