Берлинехь Нохчийчура а, Шемара а мухIажирийн бераш вовшахлатар динца доьзна дац

Германи -- Нохчийн берийн беш, Берлин, 14Гезг2012

Берлинехь нохчийн а, шемхойн мухIажиршна юкъахь даьлла хилла дов а, хилла тийсадаларш а бакъдолчунна нийса бIостанехьа дийцаре деш ду меттигерачу хаамийн гIирсашкахь.

„Юха а тIелетта нохчийн исламхой кхин дин лелочарна“, „100 нохчочуо 30 шемахочунна йиттина“, „АллахIу акбар“ боху маьхьаршца Германин коьртачу шахьарахь еттар“, „Нохчийн радикалан исламхоша керистанашна йиттина Берлинан юккъехь!“ - иштта ю кху деношкахь Германехь араюьйлучу артиклийн моьхь-цIогIане цIераш. И артиклаш даханчу кIиранахь Берлинерчу Темпелхоф кIоштахь Iуьллучу мухIажарийн юкъараIойлахь бехачу нахана юккъехь девллачу девнах лаьцна ю.

Бакъду, хилларг нийса бIостанечу агIо а дерзийна дуьйцу церан авторша, кхетам боцучу кхиазхошна юккъехь даьлла хилла могIарера дов динан а, политикан а, идеологин а тIегIанна тIе даккха гIерташ. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, мухIажарийн юкъараIойлахь Iачу нохчашна ца тайна хилла цхьа кериста шемахо тIехь коч йоцуш цу юкъараIойлехула дIасалелар, тIаккха цара иза цунна ца магийтрхьама, цунна йиттина. Цу тIехула даьллачу девна декъа баькхина ши бIе сов нохчийн гIоьнчаш, масех мискачу шемахошна цара къиза йетта а йиттина. Иштта ду коьртачу декъехь немцойн хаамийн гIирсаша хиллачун хIоттош долу сурт.

Амма бакъдоллчунна дукха генара ду и дийцар. Уггаре а хьалха аьшпаш а, шайгара кхоьллина а ду Берлинерчу юкъараIойлахь даьлла дов бусулбанашний, керистанашний юккъехь хилла бохург, хIунда аьлча цу декъа хилла ший а агIо бусулба дин лелош ю, нохчи а, шемахой а. Дов даларан бахьана, ма-дарра аьлча, иман ца хилар а, бусулба динан бехкамаш шаьш бусулба лоручара ца ларбар а, кхетам а, лела хаар а ца тоар делахь а, амма и дов динан я идеологин харше даккха гIортор вуно кхераме а, питане а хIума ду.

Ткъа стенна тIехула даьлла хилла и дов? Летаршкахь декъа хиллачарна юккъехь маслаIат дан бахан хиллачу ночхийн векалийн тобанан декъашхочуо Абумуслимов Сайд-Хьасана дийцарехь, цхьана I5 шо долчу нохчийн кхиазхочу лагерехь ехачу шемахойн йоIан сурт даьккхина хилла шен мобилан телефонца. Иза гиначу шемахойн кхиазхоша цуьнга дов хьедина, и сурт стенна даьккхина ахь, иштта хIума дан бакъо ма яц хьан а, иза дIадаккха аьлла. Нохчочуо царна дуьхьал цавашаран хичаш йиначух тера ду. ТIаккха шемахоша

цу кIантана йиттина. И хIума хезна, шинна а къомах болу кегийрхой гулбелла тIаккха юкъараIойлехь, уьш вовшашна чучча а бахана.

Абумуслимов Сайд-Хьасана дуьйцу.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: „Иза хезна, дахнера тхо цига. Ца дахнехь, бакъдерг аьлча, гена дала а там бара иза. Цигахь цу Iарбойн баккхийнарш схьа а лехна, цаьрга къамел а дина, шу а шайн махкара доьхна лелаш нах ду, тхо а ишта доьхна махках девлла лелаш ду, аьлла, цхьа барт а лехна, вовшашца куьйга а дахна, дIадерзийра оха иза. Дела къинхетамца дIадирзина ду иза, делахь а, кхин цкъа а и машар тIечIагIбан Iалашонца тахана сарахь кхин цкъа а цига догIур ду тхо аьлла бина барт а бу тхан“.

Ткъа нохчийн бусулбачийн керистанашка болчу цабезамна тIехь кхолладелла дов ду бохург мичара даьлла я хьан даржийна а ца хуу харцдерг ду бохуш дуьйцу Абумуслимов Сайд-Хьасана кхин дIа а.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: „Бусулба дин а хьехош, цаьрца мар-мара а лилхина, схьа даьхкина ду-кх тхо, „Ассаламу Iалайкум“ аьлла дIаса а къаьстина. Ас санй цIе Сайд-Хьасан ю аьлча, церан воккхахчуо, хазхетта, шен шина кIентан цIе Хьасан а, Хьусейн а ю элира. ХIинца тховса цига доьлхуш, тхайца вуьгуш дешна стаг а ву-кх оха. Бакъ дац хьуна иза, уьш кериста шемахой хилла бохург, данне а бакъ дац“.

Нохчийн кегирхой юккъехь а болуш Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь кест-кеста нисло цхьацца Iоттабаккхамаш а, летарш а, девнаш а. Даима а ца хуьлу уьш нохчийн мухIажарийн бехкенна, хийлаза нисло цхьаццамо питана а дой я цхьа провокаци а йой, ишттачу девнна юккъе вайнах озош. Бакъду, дукхачу хьолехь цу девний а, летарийн а коьртех къоначийн кхетамбацар а, уьш шайн леламийн жоьпаллех а, церан доллучу холкъан цIарна хила йиш йолчу тIаьхьалонех а ца кхетарца доьзна хуьлу. Ткъа кегирхошка шаьш кесталгIа Берлинехь хиллачух терра долчу питанна юккъе ца озабайта цаьрца беш дукха кIеззиг, аьлча а банне а боцучу зил тIехь бен, кхеташкхиоран болх бац Европехь. И болх дIабахьа хьалха бевлла баккхийнарш а, дош лела нах а бац. Бакъду, хIинца Германин коьртачу шахьарахь рогIера Iоттабаккхам нисбеллачул тIаьхьа цу кепара кегирхошца кхеторан болх болон Iалашо юхьаралаьцна шаьш бохуш дуьйцу Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Цу юкъана, Берлинехь нохчашний, шемахошний юккъехь иккхинчу девнах пайда а эцна, мухIажарш, къаьстина бусулба дин лелош берш, махкара арабаха керла низам тIеэца деза Германехь боху ойла яржош болу цхьаболчу немцойн цIеяххана болу тIеIаткъаме политикаш.

Хаамийн гIирсашкахь доцург а дуьйцуш, бусулбачийн агрессих даьлла дов иза хилчуха бийцаре бечу хиламна тIе а тевжаш, немцойн хIинца Iедалерачу Кериста-Демократийн партин цIарах Бундестаган депутат волчу Босбах Вольфганга и хилам бахьана долуш юккъе даьккхина, кхечу къаьмний векалех долу низам шога даккха деза, цу низамца радикалан исламхой махкара арабахар аттачу даккхархьама бохург.