БIаьрла воцу нохчийн куьйгалхо: Кадыровс Палестинана гIо дар муха тIеоьцу Iарбойн дуьнено

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республике веана Палестинан президент Iаббаз Мохьаммад а. 2008 шо

Израилан ХЬАМАС тобанца тIом баьлчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Палестинехьа ву, Соьлжа-ГIалара гуманитаран гIо дохьуьйту цо ца бевллачу денна ГIаззера арабевлла мухIажарш тIеоьцу. Iарбойн дуьненна гуш дуй-те нохчийн лидеро лелориг?

"ДIоггара кхин гоьваьлла стаг а вац"

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Европехь а террорхойн леринчу ХЬАМАС тобано Израилан къилбехь гIадужу-беттан 7-чохь динчу тIелатарехь вийна мел лахара а 1200 израилхо, 200 сов йийсаре лаьцна. Царна дуьхьал жоп лучу Израило тIаьхьий-хьалхий тохарш дира ГIазза секторна, ткъа гIадужу-беттан 27-чохь гIаш эскарша тохарш дан долийра. Палестинхойн мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин агенталлин дIахьедарца, тIом бахьана долуш махках бовла дезна 1,9 миллион стеган, йа 85% ГIазза секторан бахархойн. Палестинан Iедалхойн векалийн зерашца, материал зорбане йоккхучу дийнахь велла лоруш ву 16 248 стаг. ООН-хь дIакхайкхадо 15 523 вахархо кхалхарх, 70 процент царех – зударий а, бераш а ду.

ХЬАМАС Израильна тIелетта ши де даьлча Кадыров Рамзана гIо даьккхира Палестинехьа, тIемаш бечу меттиге Нохчийчуьра "машарбархой" бахийта аьлла, хьийхира цо. Цуьнан жигара ХЬАМАС-ан агIо лоцуш вистхилар тергал дира прессана мониторинг йечу Middle East Monitor организацино. Кадыровн дIахьедарх лаьцна дийцира, гIажарошкахьа йолчу экстремистийн "Хезбола" тобанан доларчу ливанхойн керлачу хаамийн Al-Manar телеканалан сайтехь а. Ишта меттигерчу политикан, бизнесхочун Iабдул-Алим Ханан долахь йолчу Samaa пакистанхойн телеканалан сайтехь а. Делахь а Кадыровн инициатива уггар а йоккхачух Iарбойн Al Jazeera медиахь а тергамза ца йисира.

Палестинехь цхьа наггахь волчунна бен ца хаьа  Кадыров Рамзан мила ву

Iарбойн дуьненахь дIоггара кхин вевзаш стаг а вац Кадыров, аьлла хета палестинхойн журналистана, "Анба-Москва" газетан коьрта редакторна (иза арахоьцу пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло) Дюабер Раедна.

"МогIарерчу нехан аудитори схьаэцча Палестинехь цхьа наггахь волчунна бен ца хаьа Кадыров Рамзан мила ву, ца хезна цуьнан дIахьедар а", - чIагIдо журналисто.

Малхбалера хьал зуьйчу, "Дежурный по Ирану" телеграм-каналан авторо Смагин Никитас а билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцина йеллачу шен комментарехь, гIажаройн прессехь Нохчийчоьнан урхалхочун дIахьедарх кхин башха тамаш ца бира: "Кадыровх лаьцна наггахь йаздо, амма коьртачу хаамашлахь ца хуьлу цунах лаьцна дерг. ГIажарийчуьра аудиторина гергахь чIогIа эшна вогIу иза Путинал а, йа эр вай, Пригожинал а".

Нагахь санна, шен эскархой палестинхошна гIо дан бахийта аьллачу Кадыровн дешнаш Iарбойн дуьненна дIахезнехь а, цо шолгIа "доллу дуьненчуьра бусалбанашка дуьхьал хIуммаъ ма леладе" аьлла бина кхайкхам а, мехкан маьждигашкахь гуллуш "Палестинехь а, Украинехь а тIемаш бечарна" динчу ламазаша тидам тIе ца озийра.

"Къаьстина йукъаметтигаш"

ГIадужу-беттан 17-чохь Палестинан Оьрсийчуьра векал Нофаль Iабдел Хьафиза RTVI телехьожийлана йеллачу интервьюхь дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "къаьстина йукъаметтигаш" хиларх палестинхойн президентаца Iаббаз Махьмудаца.

"Iаббаз 2008-чу шарахь Нохчийчу вахча "йукъаметтигаш" йуьйлайелла цу шиннан – официалан дийцаршка Москва вахначуьра политик Соьлжа-ГIала а кхечира. Кремлехь билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIала вахар официалехь Оьрсийчу кхачаран дакъа дацара аьлла. ХIетахь Нохчийчу баьхкинчех Iаббаз Махьмуд исламан дуьненан хьалхара лидер хилира.

ХIинца, 2023-чу шарахь, "Палестинера вежаршна" гIо дан буьйлабеллачу исламан куьйхалхойх ша хьалхара хета Кадыровна. ГIадужу-беттан 31-чохь цуьнан телеграм-каналехь хаам гучубелира, ГIаззе хьалхара гуманитаран гIо хьажийна ша аьлла. Мехкан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, и гIо Кадыровн тIедилларца вовшахтоьхнера – оцу йукъанна сурсаташ а, бедарш а дIакхачийра МЧС-н лерринчу кеманца, ткъа ахча, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "бохча" лоручу Кадыров Ахьмадан фондера дара.

Соьлжа-ГIалара ГIазза секторе гIо кхачорах Iарбойн дуьненахь кхин башха реакци а ца йира, элира Малхбалера хьал зуьйчу Сулейманов Руслана. Цунна хетарехь, хIокху хьолехь Кадыровна чIогIа мехала ду ша Оьрсийчуьра бусалбанийн лидер ву аьлла дIагайта а, Оьрсийчоьнан бусалбанийн цIарах арахьарчу дуьненахь дош лелар а.

"ХIоьттинчу хьолехь Оьрсийчуьра бусалбанийн уммат, доллу бусалба дуьне а санна, гуш ду, палестинхошкахьа ду. Оцу маьIнехь пачхьалкхана дина муьлхха а гIуллакх – исламан гонехь лидеран позицеш Iалашйан лаар ду", - кхетийра Сулеймановс.

Цуьнца реза ву Къилбаседа Кавказехула говзанча, аналитик Чемберс Гарольд а: цунна хета, Кадыров кхеташ ву палестинхошкахьа йолчу позицин мехаллех, нагахь санна, цунах хIун дивидендаш шена кхочур йу хууш дацахь а.

"Кадыров Рамзанна хета Оьрсийчохь а, дозанал арахьарчу диаспорашлахь а Палестинана гIо латтадахь, цара ша къобал вийр вуй. Цундела Нохчийчоьнан урхалхочо гIайгIа бина, шен бераш – Ахьмад а, Хадижат а – оцу гуманитаран компанин корте а хIоттийна", - элира аналитико.

ШолгIа гуманитаран гIо дIадохьуьйтуш дIахьединера, уггар чIогIа оьшучу хIуманан а, сурсатийн а 60 тонн кегийрхойн "Хьалхарчийн болам" тобанан жигархоша вовшахтоьхнера аьлла.

Оцу организацин республикера декъан куьйгалле хIоттийра 2022-чу шеран гурахь Нохчийчоьнан урхалхочун хIетахь 17 шо долу воI Кадыров Ахьмад. Лахьан-бутт йуккъе баьллачу хенахь шен деца кхоалгIа мохь новкъабоккхуш йара цуьнан 23 шо долу йоI Кадырова Хадижат, Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан хьаькам йу иза. Цо дIахьедира, гIо вовшахтухуш накъосталла дира шена "йоллу республикера кIоштийн дешаран урхаллаша".

"Интересаш йовзуьйтург"

Израилан а, ХЬАМАС-ан а дуьхь-дуьхьал латтарна йинчу пиар-компанех мел чIогIа гIиртинехь а, цхьа мехала дивидендаш ца кхечира Кадыров Рамзанна. "Украина по-арабски" информацин порталан коьртачу редакторна, ГIажаройн аймера пачхьалкхашкахула эксперт волчу ФараджаллахI Мохьаммадана хетарехь, Iарбойн дуьненан тидам ца хилла Кадыровх, хIунда аьлча, тидам хилла Путинан.

"Бусалбанийн йукъараллин бIаьргашчохь хьал ишта го: Израило палестинхойн бераш ду дойуш америкахойн хIоъ-молханца. Малхбузено Израильна жигара гIо дечу йукъанна, Кремло инициатива шен кара а эцна, Гергарчу Малхбалехь шен дош лелар тIедаккха гIоьртина, Украинехь тIом болийчхьана лахделла долу. Цундела Кадыровна могуьйтуш ду дIахьедарш дан а, гуманитаран гIо латтон а", - аьлла хета экспертана.

Цуьнан дешнашца, Iарбойн дуьненна къаьстина гуш ду, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен лаамехь лелаш воций, цунна магийна Оьрсийчоьнан интересаш бусалбанийн арахьарчу дуьненахь йовзийта. Гергарчу Малхбалера пачхьалкхийн лидерш, ФараджуллахIа бахарехь, кхеташ бу, ма-дарра аьлча, Путин Владимир ву Оьрсийчоь йовзуьйтург, маьIне цуьнан дIахьедарш бен доций а.

  • ГIадужу-бутт бовш Кадыровс шен телеграм-каналехь йаздира, ГIазза секторера 20 эзар доьзалхошна гуманитаран гIо кхачийна ша аьлла. Цо билгалдаьккхира, шен нанас Кадырова Айманис "гIоьналлин акцишкахь" дакъалацарх – марсхьокху-баттахь США-н санкцийн тептаре йазйира иза, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан формалехь куьйгалхо хиларна. Марсхьокху-беттан йуьххьехь Путин Владимира Сийлаллин орденца совгIат дира Кадыровн нанна.
  • Ца бевллачу денна ГIазза секторера арабовла дезначу нехан хьалхара тоба кхечира Нохчийчу лахьан-бутт бовш. Цу йукъахь 51 стаг вара, шайлахь 27 бер а долуш. Меттигерчу хаамийн гIирсаша йаздора шайн публикацешкахь царах лаьцна "Палестинера мухаIжарш" аьлла. Республике балийначарлахь - Оьрсийчоьнан 38 вахархо а, 13 палестинхо а вара, йаздора "Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталло.
  • Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусалбанаш хьийзорна, амма кест-кеста тергамза дуьту Оьрсийчуьра нехан бакъонаш хьешар, иштта набахтешкара тутмакхашна тIехь латтон гIело а. Нохчийчохь тIаьхьабуьйлу мехкан куьйгалло магийна доцчу кепехь дин лелочарна.