ЦIеххьаша веллачу Оьрсийчура олигарха Березовский Бориса шалха тIаьхье йитина – цо президент вира Путин Владимирх, иза юха цуьнан уггар ондачех критик а хилира. ХIинца а билггал девзаш доцчу бахьанашца шен Лондонерчу хIусамехь Березовский велла карийчхьана дуьйна Оьрсийчура комментаторш хеттарш деш бу – Путин а, путинизм а Березовский волуш санна хир юй, бохуш. Оцу хьокъехь ю Маршо радион корреспондентан Колсон Робертан материал.
ХIинца а къастаза долчу хьелашкахь шоьтан дийнахь велла карийна Березовский Борис 1999-чу шерашкахь Путин Владимир Оьрсийчоьнан куьйгалле валийначарех коьртаниг вара. 2000-чу шарахь дуьйна махкара вадийтина волу Березовский деххачу шерашкахь ца хилча йиш йоцу сакхт дара Путинан Оьрсийчоьнан. Возуш воцчу политолого Пионтковский Андрейс яздина даханчу кIиран дийнахь "Путин а, Березовский а вайн хенара Сталин а, Троцкий а ву", аьлла.
Телевизион программаш ечу, вевзаш волчу модераторо Соловьев Владимирас дийцина шен газета.руца хиллачу къамелехь, ша дукха хан йоццуш Березовский Борисца йинчу интервьюх лаьцна, цо дина къамел "ша йита а йитина, цIийнда дIавахарна дегабаам бинчу зудчо санна, шайн юкъаметтигийн кIезга-мезга хуманаш а дуьйцуш" яра, бохуш.
Путинна боккха кхаъ хилла хир бу Березовский кхалхарх бохуш, шуьйра дуьйцуш делахь, оьрсийн президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс ишта элира "Дождь" телефизионна ша еллачу интервьюх:
Песков: «Президентана хIун хета суна ца хаьа. Мухха делахь а, цхьаъ велла аьлла хезча,гуттар а сингаттам бу-кх.»
Цхьа низам а доцуш, Оьрсийчоь хIаллакьйина шераш лоруш дуьйцу дуккха а шерашкахь Кремло урхалла дечу оьрсийн хаамийн гIирсаша дIадахана 1990-гIа шераш. Ткъа Путин Владимир, Березовский санначу зенах Оьрсийчоь кIелхьаръяьккхина стаг лору.
Политикан Технологийн Центран директоро Бунин Игора дийцина газета.руга, Березовскийх "къахьа зулам динера, Оьрсийчохь мел хуьлчунна бехке вора иза. Березовский васт эрча даьккхина дара".
Березовскийх иблис дан атта дара цуьнан шеконан бизнес лелоран амал бахьанехь. Къайлаха а, къулаха а Iехавар дика карадийзина хIума дара цуьнан. Цхьа а принципаш йоцуш политика а, бизнес а цхьанаэйинера цо. Цуьнан къинойн дехачу цIейозано, гарехь, юкъараллин ойланехь дицдан дезара Путино а, цуьнан уллерчу гоно а изза лелош хилар.
Юкъараллица уьйраш латточу Минтусов Игора дийцина газета.руга, урхалла дечу Путинан элитин "мостагIа" санна Березовскийс мел доккха дакъа лаьцнера аьлча, хIинца цуьнан метта цхьаъ харжа веза цара.
Оцу тIехь Березовскийна иэшам хилира цо ша кхоьллинчу тактикех. 1990-чу шерашкахь цо шен караберзийнера дукха хаамийн гIирсаш. ХIетахь премьер-министр хиллачу Немцов Бориса яздина шен блог тIехь, 1997-чу шарахь шена Березовскийс кхерамаш тийссинера, олигарх Газпроман директорийн кхеташонехь гIантда ваха гIертачу хенахь ша новкъарло ярна. "Аса хIаллакьвийр ву хьо", аьллера шега Березовскийс, бохуш дагаоьхуьйту Немцовс. "Телевизионан Хьалхара канал сан ю. Массо яздеш болу гIирс сан карахь бу. Аса сайн мел йолчу уьйрех пайда оьцур бу хьо дIаваккхалц".
Шерашкахь Оьрсийчохь мел хуьлчу - Путинна дуьхьал йолчу митингашна тIера Pussy Riot гIуллакхана тIекхаччалц долчу хIуманна Березовский бехке веш Iийначу Путинан зорбан-секретаро лахдира Березовскийс Оьрсийчоьнан дахарехь тIаьхьарчу хенахь лаьцна дакъа.
Песков: "Кхеташ ду цо чIогIа маьIне дакъа лаьцна хилла хиларх. Суна ца хаьа иза дикачу агIора дара я вуочу агIора дара. Амма иза чIогIа, чIогIа Iаткъаме стаг вара. Делахь а 2000-гIа шерашкахь дуьйна цуьнан маьIна алсамдоккхур дацара аса. Лахара дара иза. Кхузахь цхьа а Iаткъам болуш вацара иза."
2012-чу шеран Чиллан баттахь Березовскийс Фейсбук тIе тоьхнера шен дохковаларан дIахьедар. Цу тIехь цо оьрсашка кхаа хIуманна тIехь шена къинтIера довлар дехнера - сутар хиларна, Оьрсийчохь дешан маьршо йохош а, Путин Iедале валош а дакъа хиларна а.
Амма Кремлан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс бахарехь, Березовскийс шегга Путина кехат даийтинера, шена къинтIера валар а, Оьрсийчу юхаваийтар а доьхуш. Амма Кремло гойтуш дац Березовский дахьийтина боху кехат.
Березовскийс лаьцначу декъах а, цуьна нмаьIнах а цкъа а ца хила мега цIена бакъдерг. Хабарш ду, цо ша къобал а йина, тIаьхьарчу шерийн дахар дуьйцуш язъйина биографи ю бохуш.
Шерашкахь шалхонаш лелорна я бакъдерг дийца а, я ша дуьйцучух нах тешийта а аьтто ца бира цуьнан. Олигархана Абрамович Романна дуьхьала пхеа миллиардана латкъам а белла, Ллондонерчу кхелехь гIуллакх къасточу хенахь, Британерчу суьдхочо "теша мегар доцу теш" аьллера Березовскийх.
Оьрсийчохь арадолучу "Форбс" журналана яздеш волчу журналисто Жегулев Ильяс дIахьедар дина Березовский валале де хьалха ша цуьнгара интервью эцнера, бохуш. Иза депрессехь вара, Оьрсийчоьне сахьийзаш вара, махкана генахь шен дахаран маьIна лоьхуш вара, аьлла.
Иштта, шен бахамах а ваьккхина, набахтехь хан токхучу Ходорковскийн сий до ша аьлла Березовскийс, бохуш дуьйцу Жегулевс. Ша цунах хьоьгу аьлла цо, Кремлаца болчу къийсамехь "ца вайна" иза, аьлла.