Немцов Борисан дахар а, кхалхар а

Горький гIалахь (хIинца Нижний Новгород ю) физикан говзалла караерзош, дешна Немцов Бориса Лобачевскийн цIарахчу пачхьалкхан университетехь. 1981-чу шарахь чекхъяьккхира цо универ.

 

Нижегородскан кIоштан губернатор ша волчу хенахь шен харжамхошца цхьанакхетар хилира Немцовн. 1992-гIа шо.
 

Оьрсийчоьнан президент Ельцин Борис а, Немцов а Нижний Новогородехь теннисан турнирехь ву. 1994-гIа шо.
 

Нижний Новгородехь арахецна МиГ-29 кема хахка кийча ву Немцов. 1996-гIа шо.

Шен йоIаца Жанница ву Немцов, 1996-гIа шо.

Премьер-министран дарже хIоттийна дукха хан ялале. 1997-гIа шо.
 

Москвахь горгачу стоьлехь ву Немцов шахьаран мэрца Лужков Юрийца. 1997-гIа шо.

 

Кремлна гергахь "Цавевзачу Салтичун Кашна" хIоттийначу мемориална хьалха ву Китайн урхалхо Цзэминь Цзян а, Немцов а.

 

"Октябрьская-Южная" олучу шахте веана ву вице-премьер волу Немцов. 1998-гIа шо.

 

"Союз правых сил" партин лидер хIоьттира тIаьхьо Немцов. Политикан кхардамечу "Куклы" шоухь гайтинчу шен вастехь кхоьллинчу турпалхочуьнца даьккхина ду хIара сурт. 1999-гIа шо.
 

Кремлехь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире куьг делла пачхьалкхан Думан депутата Немцов Бориса. 2000-гIа шо.

 

Украинан президентан Ющенко Викторан инаугурацехь политикца Тимошенко Юлияца ву Немцов 2005-чу шарахь. Царна уллохь ву, 2014-чу шарахь президент хаьржина, Украинера уггар а хьоле болчу бизнесхойх волу Порошенко Петр.

 

2010-чу шарахь Москвахь оппозицин акцехь полисхочо лаьцнера Немцов.

 

Полисхоша лецира Немцов, 2011-чу шарахь Москвахь йоьдучу оппозицин митингехь вистхуьлучу хенахь.

 

Путинна дуьхьал 2011-чу шарахь хIоттийначу митингехь спецназо гоне верзийна Немцов.
Оьрсийчоьнан шахьарахь дIаяьхьна шолгIа митинг митинг яра иза. Цигахь гулбеллачара тIедожийра керла харжамаш дIабахьар, кхаьжнаш дагардеш фальсификаци йина хилар дIа а кхайкхош.

 

Парламентан харжамаш цIена а, нийсонца а хилийтар тIедожош оппозицино 2011-чу шарахь хIоттийначу митингехь ву Немцов.


 

2011-чу шарахь парламентан харжамашкахь бюллетенеш хIаллакдина, премьер-министр лаьттина, оппозицин политик Касьянов Михаил а, Немцов Борис а. "Боьха хIумнаш, меттахIиттабе харжамаш", - ду Немцовн карарчу бюллетенехь яздина.

 

Цхьаалин дуьхьалонан акцехь ву Немцов, журналистна Кашин Олегна дина тIелатар талла аьлла, тIедожош. 2011-гIа шо.

 

Ярославлерчу шен петар чохь ву Немцов. 2013-гIа шо.

 

Ярославлехь хIоттийначу митингехь ву Немцов. 2014-гIа шо.

 

Оппозицин митинге кхойкхуш, Москварчу бахархошлахь кехаташ доькъуш ву Немцов. 2015-гIа шо, Чиллан-бутт.

 

2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь Кремлна уллорчу тIай тIехь герз тоьхна вийра Немцов Борис.