Боснехь а, Герцеговинехь а Нохчийчуьра йахархочунна Оьрсийчу депортаци йарна кхерам бу

Босни-Герцоговинара мигрантин центр, 2023 шо

Боснехь а, Герцеговинехь а йахйина тховкӀело йехна Нохчийчуьра йахархочунна лаьцна латто хан – Оьрсийчоьно доьхуш ду цунна экстрадици йар, "Исламан пачхьалкх" террорхойн тобанца уьйраш латторна бехке йеш. Оха йуьйцург йу жимачу кхаа беран нана, цуьнан цӀе йаьккхина йац, хаам бо адамийн бакъонашларъяран Human Rights House координаторо Баня-Лука Теа Покрайчичс.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Нохчийчуьра зуда лаьцна гезгмашан-беттан 29-чохь иза Туркойчуьра схьаеъча. ГIадужу-беттан 16-чохь Сараево гӀаларчу кхело сацам бира иза кхел чекхъйаллалц лаьцна латто. Цуьнан бераш мигрантийн центрехь ду.

Оьрсийчоьнан Интерполе динчу дехарехь (редакцин карахь ду кехат – билгалдаккхар) йаздина ду, лаьцнарг "2015-чу шарахь Оьрсийчуьра Шема дӀайахана, цигахь цхьана террорхой Ӏаморан куьпахь герз тоха а, бомбанаш йетта а Ӏамийна", цул тӀаьхьа "Исламан пачхьалкх" тобанан могӀаршка дӀакхетта аьлла.

Теа Покрайчич тешна йу, дукхах долчу хьолехь, и бехкаш шайггара кхоьллина хиларх, Нохчийчохь и тайпа гIуллакхаш даьржина хилар билгал а доккхуш, шайн доьзалшкара бевдда зударий цӀаберзош. Цо дийцарехь, лаьцначо чӀагӀдо, шен цIийнден Нохчийчохь болу доьзал республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца гергарло долуш бу бохуш. 2015-чу шарахь доьзалехь ницкъ барх йедда Туркойчохь дӀатаръйелла иза, ткъа Оьрсийчохь цуьнан майрачун гергарчара иза "Исламан пачхьалкх" тобан декъашхо йу аьлла дӀакхайкхийна.

Цуьнан адвокато чӀагӀдо, иза лаьцначуьра арайаккха йеза бохуш. Нагахь санна, лахьан-бутт йуккъе балале Оьрсийчоьно Боснин а, Герцеговинан а кхеле, иза бехке хиларан тоьшаллаш даладахь, лаьцначунна экстрадици йан догӀуш ду.

  • Оьрсийчоьно "терроран" артиклехь бехкаш дехкина Нохчийчуьра орамаш долу Акиев Ӏаьлви Польшин Ӏедалша шайн пачхьалкхера араваьккхина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте хаам бина бакъонашларъяран организацин а, диаспоран а шина хьосто, шайн цӀераш йовзийта ца лиъна царна.
  • 2023-чу шеран Лахьан-баттахь Венехь Полшин векалтна уллехь митинг дӀаяьхьира нохчийн мухӀажир Акиев Ӏалви Оьрсийчу депортаци ярна дуьхьал. Цу акцехь дакъалоцуш вара 30 гергга стаг.
  • Европан пачхьалкхийн Iедалхоша катоьхна сацон деза Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсор, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а. Оцу тайпа кхайкхам бина бакъоларйаран Amnesty International организацино, хаамбина Маршо Радион оьрсийн сервисо.