Бостонера бохам толлучара хьехайо кхин а цхьана нохчочун цIе

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ - Царнаев Тамерланца гергарло лелийна Мончестерера нохчо Хаджимурадов зуьйш ю полици, Скайпера скриншот.

ФБР-о Царнаев Тамерланца юкъарло лелош хилла нохчо Хаджимурадов Муса ву зуьйш кху муьрехь. Нохчийчуьрчу тΙемаша зΙаьΙапхо винчу цуьнан Манчестерерчу цΙийнах хьаьвсинчул тΙаьхьа, дилхан экспертиза а йоккхуш, теллина компьютер. ЖамΙаш цкъачунна гΙара ца даьхна. Амма Оьрсийчоьнан хаамийн гΙирсаша хΙинцале цуьнан цΙе йоху Бостонехь динчу лелхийтарийн декъа а яьккхина. Гучудаьлла Хаджимурадов Муса Нохчийчохь хьалхара тΙом боьдуш Закаев Ахьмада куьйгалла динчу тΙемалошлахь хиллийла.


Бостонехь лелхийтарш динарг хила тарлучу Царнаев Тамерланца хьан-са долуш хилла нохчо ву аьлла зуьйш ву Манчестерерчу Нью-ХΙемпшитрехь веха заьΙапхо Хаджимурадов Муса.

Цо лечкъа ца до шена Тамерлан вевзаш хиллийла а, иза ша волчу шозза-кхуза хьошалгΙа веанийла.

Иштта Ιамеркан полицино а , ФБР-о а чΙагΙдо, ЦарнаевгΙара, шаьш эккхийтар дан кечлуш, оьккхучу молханах йина 24 фейерверк Хаджимурадов вехачу гΙаларчу «Сиэбук» туьканара эцна хилар а.

ХΙара ду Хаджимурадовн шен къамел.

Хаджимурадов: «Цара боху, цо лелха коьчалш кхузахь, Нью-ХΙемпширехь, эцна. ..Бохам хилале кхо-диъ кΙира хьалха иза веара со волчу. Цундела шек болчух тера ду, со цунна гΙо деш хилла хиларх а, со цуьнца цхьаъ дан воллуш хилла бохучух а. Цо цкъа а ца дийцина соьга я динах, я политиках лаьцна. Кху кхаа шера чохь кхузза гина-кх суна иза».

Ιамеркарчу журналисташа Хаджимурадов Муса шен заманахь нохчийн политикца, Ичкерин лидерца Закаев Ахьмадца гергарлонашкахь ву аьлла даржорцана, иза Бостонехь динчу эккхийтаран декъахь волуш санна вийца волийна оьрсийн прессано.

Оцу бахьанийца Маршо Радионо хаьттира Закаевга Хаджимурадов Мусах дерг.

Закаев: «Муса суна чΙогΙа дика вевзаш ву. Хьалхарчу тΙамехь дуьйна вевза суна Муса. 1995-чу шарахь гина иза, хΙетахь 16-17 шо долуш жима стаг вара иза. Иштта оцу тΙамехь дакъалаьцна а ву иза. ТΙом дΙабаьлча културан министраллехь, цуьнан долахь доцчу ханехь болх бина а ву. ЦхьакΙеззиг хан цигахь болх бина цо.

Цул тΙаьхьа зуда а ялийна, шен кхидΙа кхечу балха вахара иза, билггал дага ца догΙу, цхьана милицин декъехь а болх бира цо. Суна дика вевзаш накъост ву-кх Хаджимурадов Муса. ХΙара шолгΙа тΙом баьлча чов йина, цунах лелалуш а вац иза хΙинца.

2003-чу я 2004-чу шарахь делахь а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллан гΙоьнца Ιамерка кхаьчна иза. Цига дΙавахначул тΙаьхьа кхузза-доьазза къамел а хилла сан цуьнца. Суна цуьнгара хьал а хаьа. И хьал хоттуш хиллла а ву со».

Закаев Ахьмадца Бостонехь бохам хилча зΙене ваьлла а хилла Хаджимурадов.

Закаев: «ХΙетахь и бохам хуьллушехь, хьажахь, шена вевзаш вара-хьуна и кΙант, ша волчу а веана, шен хΙусамнана а , йоΙ а ялош, шайгахь а хилла иза. Шена операци еш – нохчий кхузахь дукха а бац – шега хьожуш, ладугΙуш а бара уьш, аьлла. Хиллачух чΙогΙа цецваьлла вара-кх Муса ша а.

Суна хууш дерг а, сан ала йиш ериг а – Муса цхьана а агΙор оцу зуламан декъахь ву аьлла ца хета суна».

Закаев Ахьмад тешна ву Ιамеркарчу талламчаша а, кхело стагна тΙехьарчор дац цо цадинарг бохучух. Цундела дерриг а талла а деза, хьашт мел верг леван а догΙу, иза дича бакъахьа а ду, боху цо.

Закаев: « Мухха а делахь а, цуьнан цΙеяьккхина. Цигарчу Ιедало а, таллам дΙахьочара а хила деззачу агΙор таллам чекхбоккхург хиларх а, цуьнан бехкбацар чΙагΙдийр ду бохучух шеко а яц-кх сан».

Вежарий ЦарнаевгΙар белахь а, я ша Хаджимурадов велахь а, нагахь санна уьш зуламан декъа баханехь, уьш дуьненан а мостагΙий лара догΙу. Амма тусаделларг мел бакъ нислахь а, шимма-кхаамма деш нисделлачу зуламца а доьзна, уьш схьабевлла, нохчийн хуьлда иза, я суьйлийн хуьлда, къам бехдар - иза харцо ю, аьлла хета Ичкерин Европерчу лидерна Закаев Ахьмадна.

Закаев: « Кху аренца а, боьхна лелачу массо а нохчашка а цхьа хΙума ала луур дара. И бехк вайна тΙебогΙуш бац вай бахахь а, вайна гург кхин хьал ду. Муьлхха а нохчочо дина хΙума дерриг а халкъана тΙехьош хилар вайна гуш ду. И бехк вайна тΙебилла гΙертар а вайна гуш ду. Цхьаццадолчу декъехь вай иза тΙе оьцуш хилар а вайна гуш ду.

Цундела сан дехар ду, тахана, лаамца а, лаамза а махках а бевлла, кхечу къаьмнашна юкъа дΙа а тарбелла Ιачу нохчашка. Вайх хΙораниг а тахана консул ву, нохчийн къоман консулш ду шуна вай тахана хΙокху дуьнентΙехь вай дΙахьочу дахарехь.

Цуьнан мах кхоччуш а, кхетош а хадош, диканиг а вониг а, вайн нахера даьлларг, иза вайна тΙедогΙийла а хууш, азаллехь дуьйна вай схьадеъначу дайн гΙиллакхийн, оьздангаллин ларам а беш, вай дуьненна довзийтар – иза хΙораннан а гΙазот а ду шуна, иза декхар а ду шуна.

Дикачунна тΙехь вайн халкъан цΙе а йоккхуьйтуш, цу тΙехь вайн халкъан цΙарах масалш а гойтуш, чекхдовла Дала хьекъал лойла вайна! Иза ду шуна тахана баккхийчеран а – кегийнах кхерамах а бовдийна, махках а, цΙийнах а боьхна баьхкинчара дан дезарг. Нагахь санна иштта аш шайн тΙаьхье кхиа ца яхь – иза яйна тΙаьхье ю шуна. Кху панамахкахь тΙаьхье кхион ма еззара кхиа ца яхь, аш а, ас а лелориг, хилларг-лелларг, массо а хΙума довш ду шуна».