Стенна дIавахана Царнаев Дагестанера, цигара шен паспорт схьаэца а ца кхуьуш?

Дагестан -- Канадера Дагестане тIом бан вахана лелла Плотников Вильям (аьтт)

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Канадера а, Оьрсийчуьра а пресса ю бутт хьалха Бостонехь динчу лелхийтаршна бехке хила тарлучу Царнаев Тамерланан дахаран некъаш толлуш. Цуьнца а юзуш йовзуьйту журналисташа керла цΙерш, йовзаза хилла Царнаевн уьйраш.



2012-чу шеран Ιай Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Царнаев Тамерлан Дагестане цигарчу тΙемалойх дΙакхетархьама веанера, чΙагΙдо Ингалсерчу Дейли Телеграф-газето, оьрсийн либералан «Керлачу Газетана» тΙе а тевжаш.

ФСБ-но тидаме эцна хилла Дагестане хьажахΙотта веана Царнаев иза меттигерчу тΙемалочуьнца Нидал Мансур Махмудца уьйре валарца доьзна. Ткъа Нидал, пакистанхочунна вина дагестанхо, ФСБ-но бахарехь, гΙаттамхойн могΙаршка кегийрхой лехьорца тергоне эцна хилла Ιедалша.

Бакъду, и хаам талла бΙегΙийла дац - Царнаев Тамерлан а санна, воцуш ву Нидал Махьмуд. Иза стохка аьхка вийра ницкъахоша, шаьш лаца цуьнан цΙа, гΙумкийн Утамыш-юьрта дахча, цо герзаца дуьхьало йира, аьлла. Ткъа Царнаев цуьнца зΙенашка ваьлла хилла бохург а ю еккъа ша ФСБ -н, аьлча а, бу цуьнан Дагестанера векалш.

Кхин цхьа стаг а хьехаво хΙинца Бостонерчу лелхийтаршца доьзна. Цхьа зама хьалха Оьрсийчуьра Канаде дΙабахана, Торонтохь бехачу ПлотниковгΙеран доьзалерчу Вильям цΙе йолчу жимчу стагца а хилла Царнаевн гергарлонаш, прессано бахарехь.

Шен да-нана керста динна чудоьллачу муьрехь канадахо Плотников бусулба дине ваьлла. Кхо шо хьалха, оьрсийн кхерамзаллин сервисашка ша дин Ιамо вогΙу аьлла, Дагестане веъна иза – цундела цара тергоне а эцна хΙетахь.

Цхьана юкъанна Оьрсийчоьнан Талламан Комитето левина хилла Плотников Вильям, цо Канадера дуьйна схьадеанарг зуьйш. Оцу хаттамехь цо шен Ιамеркан континетехь бехачу кавказхошца интернетехула ша лелаен уьйраш охьаягаръеш, Царнаев Тамерланан цΙе а яьккхинера талламчашка, чΙагΙдо Дейли Телеграфо.

Царнаев Тамерлан а санна, боксер а хилла Плотников Вильям. Цу тΙе Плотников вехачу Торонтохь Ιен шен дейиша йолчу хьошалгΙа вахана а лелла Тамерлан. Оцу шиннан дуккха а дара юкъара хΙуманаш, цундела уьш вовший гина хила а тарло, боху Ингалсерчу газето.

ФСБ-н векалша журналисташка дийцина, Царнаев Тамерланна Плотников Бусулба кегийрхойн дуьненаюкъарчу ассоциацин сайтехула вевзина бохуш.

Иштта, Царнаевн Нидалций, Плотниковций йолу зΙенаш хааялар хилла ФСБ-но Ιамеркарчу къайлахчу сервисе – ФБР-е – лурчаша кехат дахьийтаран бахьана а, Царнаевн террорхошца зΙе хила тарло аьлла яздина цо. Амма ФБР-о дерг кхеттош довзийтар дехча, жоп ца луш йисина хилла ФСБ.


Нидал а санна, Дагестанехь тΙеман хьелашкахь вийна лурчаха Плотников Вильям. Иза нисделла Царнаев ХΙинжа-ГΙала ваха ах шо дуьсуш. Билггал хууш дац, цкъа а вайна вуй и шиъ вовшашна я вац. Царнаев сихха ведда Дагестанера, шел хьалха цига веъна хилла Плотников а, ша хьалхо зΙене ваьлла Нидал а дийна воцийла хиича, чΙагΙо Дейли Телеграфо.

КхолагΙа стаг а ву Царнаев Тамерланан гергарлонаш толлуш ФБР-о левеш – Хаджимурадов Муса, Нохчийчохь тΙемаш боьлхуш баьччин Закаев Ахьмадан гΙаролхо хилла волу Ιамеркара мухΙажир. Цо шена тΙехула дΙа гина-вовзар доцург, ца хаьа боху журналисташка а, талламчашка а Царнаевс Бостонехь хΙун лелийна. Шен цуьнца цхьа а юкъарло дацара, боху Хаджимурадов Мусас.