Бостонехь хилла бохам толлуш, ХΙинжа-ГΙала баьхкина Ιамеркахой

Дагестан-- Вежарийн ЦарнаевгIеран нана Зубайдат Iамеркара баьхкинчу талламчашца къамел дан йоьдуш, ХIинжа-ГIала,23Оха2013

Дагестанехь шинарий а, кхаарий а денош даьхна Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалша Бостонехь лелхийтарш дарна бехкебечу вежарийн ЦарнаевгΙеран гергарнаш а лебеш, меттигерчу Ιедалшца дага а бовлуш. Дагестанан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра дΙахьедина, стохка ХΙинжа-ГΙала а веъна, цигахь ахшо ша даьккхинчу Царнаев Тамерланан ца хилла меттигерчу экстремисташца цхьаькхетарш, аьлла.


Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсийчуьрчу векалто бакъдо Ιаьмеркара талламчаш Дагестане бахана хилар. Кхаарий дийнахь ХΙинжа-ГΙаларчу ФСБ-н хIусаме а кхайкхина, ледира цара Бостонехь динчу лелхийтаршна куьг-бехке хила тарлучу Царнаев Тамерланан а, ДжовхΙаран а да-на.

ФСБ-ра барам бирзича, цуьнан белхахоша я шаьш ЦарнаевгΙара шайн берех лаьцна керла хаам баре сатуьйсуш дерриг де а даьккхира неΙаршкахь журналисташа. Бакъду, дозанал арахьарчу хаамийн гΙирсийн корреспонденташ бен а бацара царалахь – Оьрсийчуьрчу журналисташна кхин хаа хьашто йолуш хΙума дисинчух тера а дац ЦарнаевгΙарех лаьцна.

Дагестанера могΙара бахархой а кΙезиг теша ЦарнаевгΙеран махкарчу гΙаттамхошца зΙе хилла бохучух.

61 шо ду хΙинжагΙалахочун Акимов Надиран. Цо иштта элира кху муьрехь Дагестанехь волчу Маршо Радион корреспонденте Балмфорт Томе.

Акимов: «Дагестанца цхьа а зΙе йолуш хΙума дац иза, хетарехь. И бераш Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь кхиина, иза шайн Штатийн ледарло ю».

34 шо ду цΙенош дуттуш къахьоьгуш волчу Бахьавдин. Цо иштта элира.

Бахьавдин: «Со ца теша цунах. Керланашка хьожуш суна хезнарг, доьшуш хилла и бераш, уьш экстремисташ хилла аьлла суна ца хета».

Болх боцчу бахархойх ву 26 шо долу Магомедов Мохьмад. Иза а ву шек зулам ЦарнаевгΙар дина бохучух.

Магомедов: «Бохам бу Бостонехь хилларг, вуно боккха бохам бу. Халахета и нах дагестанхой хилар а. Амма соьгахь тоъал информаци яц, зулам цара дина ала».

ФСБ-хь ЦарнаевгΙеран гергарнаш лебечу юкъанна шегара дΙахьедар дина Дагестанан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Магомедов Ιабдурашеда а. Цо аьттехьа а ца дуьту, стохка ХΙинжа-ГΙалахь ахшо а даьккхина, ша схьавеъанчу Штаташка дΙавахначу Царнаев Тамерланна меттигерчу тΙемалоша, цуьнан цхьана а бетталуш, кхетам хуьйцуш, цунна тΙеΙаткъам бина хила тарло бохург.

«Дагестане 2012-чу шарахь паспорт хийца веана иза, тхоьгахь йолчу информацица. Амма и паспорт схьа а эцанза, дΙавахана иза кхузара. Цхьана а кхузарчу тΙемалойн гонашца я уьйр а ца хилла цуьнан» - элира министра Магомедовс.

Цул совнаха, Ιамеркахошна вежарий ЦарнаевгΙар терроран новкъабаьхнарг церан децΙахь лаьтта тΙемаш а, цигахь цхьаболчу нахаца еха эстремизмалле ойланаш а ю аьлла хетар – шайн цамгаран ун иза доцчу меттехь лехар ду, аьлла тΙе а туьйхира Дагестанан полицин дас.

Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказера Европе а, кхечу мехкашка а мухΙажирш бовлий дΙабоьлху нах шайна юкъаийзабо бухарчу салафийян гонаша. Делахь а, дац тоьшаллаш мухΙажирша гергарло тосу Ал-Кхайдица ала, боху Магомедовс.

ЦарнаевгΙарех лаьцна цо элира, ши ваша 2002-чу шарахь Дагестанера Туркойчу дΙавахана, ткъа цигара кхаьчна Цхьаьнатоьхначу Штаташка, шайн деваша вехачу махка. Воккханиг ханна Дагестане веъна хиллехь, жимахверг – ДжовхΙар – тΙаххьарчу 11 шера цкъа а ца хилла кхузахь, чΙагΙдо чоьхьарчу гΙуллакхийн министра.

Оха хΙара материал кечъечу юкъанна чекхделира ХΙинжа-ГΙалахь ЦарнаевгΙеран да Анзор а, нана – Зубайдат а ФСБ-ной, Ιамеркара баьхкинчу талламчаший лебар. Иштта хаам бира цигара Маршо Радион корреспондента Гаджиева Зуьлфияс.

Гаджиева: «Оха дерриг де лардира, ала мегар ду, ФСБ-н цΙенна хьалха. Тхуна кхин гойла а ца хилира ЦарнаевгΙеран нана. Иза кхечу неΙаршкахула араяьлла дΙаяхана, элира тхоьга. Журналистех кIадбелла уьш, гарехь, мел хьийзо беза, маситта де ма ду уьш журналисташа хьийзабе».

Охан-Беттан 15-чу дийнахь Бостонерчу марафонехь динчу шина эккхийтарехь велла 3 стаг, чевнаш йина 282-нна. Зулам динарш ЦарнаевгΙар хила тарло аьлла хета Ιедалшна. 19-чохь полици лаца гΙоьртича дуьхьало йинчух тера ду шина вашас. Тамерлан кхелхина оцу дийнахь. ШолгΙачу дийнахь нехан кертарчу моторан хин-кеманчу къайлаваьллачуьра лаьцна полицино ДжовхΙар.

Иза халчу хьолехь дарбан цΙийне кхаьчийна, когана а, логах а йина еза чевнаш а йолуш. Къамел дечохь а воцчу цуьнца йозанашца ледарш дΙахьош бу таллачаш.

Ιамеркарчу цхьана хьостанаша хаам бо, ДжовхΙар къера хилла лелхийтарш шаьш дина хиларх, бохуш. КΙанта тΙе ца эцна бехк, яздо кхечара.

Талламчаша приоритете а лоруш, толлуш ю ЦарнаевгΙара дина хила тарлучу зуламна бухахь и шиъ исламан радикалан кхетаме вирзина хила мега боху верси. Цундела зуьй цара, хилла и шиъ Кавказан Имаратерчу нахаца гергарлонашкахь я ца хилла.

Шайн агΙор Дагестанерчу гΙаттамхоша шайн сайта тΙехь дацаре дина ЦарнаевгΙар шайца уьйр йолуш хила тарло аьлла Ιамеркахоша даржийнарг. Амма и верси юьззина талла лерина бу Штаташкара талламчаш.

Цуьнца доьзна Кембриджехь тешаш а бевлла, меттигерчу маьждиге лелачу Тамерлана цхьана дийнахь, дов а даьккхина, хадийра цо ден даΙват,бохуш. Цкъа иза реза ца хилира, боху, Ιаьмеркан пачхьалкхан деза денош исламан дезаденош санна тΙеэца догIу меттигерчу бусулбанаша, аьлла, дечу къамелна.

ШолгΙа инцидент хилира, дагалоьцу наха, кхушеран юьххьехь оццу маьждигехь, имама Ιаьржачу нехан лидер Кинг Лютер Мартин сийлахь стаг ву аьлла къамел дича. ХΙетахь Тамерлана, «хьо моттаргΙанаш лелаен бусулба ву», аьлла, мохь туьйхира маьждигехь, чΙагΙдо тешаша. Делахь а Царнаев Тамерлан ца хеддаш лелара шайн маьждиге, дуьйцу Бостонерчу бусулбанаша.

Дуьххьара ладегΙарш дΙахьур ду Бостонерчу федералан кхело лелхийтарийн хьокъехь Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь.