"Бозбанчалла" лелийна Нохчийчуьра вахархо лаьцна полицино. Камерана хьалха юьхьяьккхира цуьнгара "жинаш лелхочо"

Кадыров Рамзан а, Эльжуркаев Адам а

Лахара Гезлой-Эвлара вахархо лаьцна Гуьмса кIоштан полицино бозбанчалла лелорна шеконаш хилла. Цуьнгара а, цунна тIеоьхучаьргара а бехкаш даьхна камерана хьалха хIиттийна, "жинаш лоьхкуш ву" аьлла лоручу "Исламане медицинан Центран" куьйгалхочо, мехкан урхалхочун уллорчех волчу Эльжуркаев Адама. Цунах лаьцна сюжет гайтина "Грозный" ЧГТРК-н каналехь.

Цу тIехь дуьйцу, шен цIийнда юхаверзо лууш хила цхьа зуда лаьцначунна тIеярах. Ламаз эцначу хино цунна гIо дан дезара боху. Журналисташа чIагIдо, адам тIедерзийна ца Iаш, оцу стага иштта кхоллам хуьйцуш, доьзалш бохош а хилла.

Эльжуркаевс камерана хьалха юьхь яьккхира лаьцначуьнгара а, цуьнга гIо дехначу зудчуьнгара а: хьалхарниг стаг вац элира цо, шолгIачунна -Iовдал ю элира. Мича низаман буха тIехь лаьцнера "холмачхо", хууш дац.

  • Оккультисташна Нохчийчохь тIаьхьабевлла лелар долийра масех шо хьалха дуьйна. Цхьана 2021-чу шарахь, меттигерчу телехьожийлехь нахала а бохуш, оцу кепара лецарш мел кIезиг а 14 хилира. Кху шарахь "бозбанчалла" лелорна бехкаш дахар кхин дIа а дIадаьхьира - Маршо Радионо оцу кепарчу хиламех дийцира дечкен, зазадокху, марсхьокху а беттанашкахь. Даим санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
  • Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеон тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 202I-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.