Британин махкалла долу Нохчийчоьнан вахархо чIогIа лазийна ницкъахоша

Magomed Abubakarov, Russian and the UK's citizen, abducted in Chechnya

Нохчийчохь ницкъахоша герз тоьхна Британин махкалла долчу республикан вахархочунна Абубакаров Мохьмадана, иза Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнахь ву чолхечу хьолехь, хаам бина адамийн бакъонашларйаран "Мемориал" центрехь.

Дахначу шеран стигалкъекъа-баттахь Абубакаров лачкъа а вина баттахь герга латтийра низамехь йоцчу набахтехь, маьрша ваьккхинчул тIаьхьа цунах лаьцна кхин хаам бацара. ХIинца болчу хаамашца, лахьан баттахь иза Британе йуха ваха гIоьртинера, амма иза йуха а лаьцна хиллера, цунна дихкира Оьрсийчуьра аравала.

Цу хенахь дуьйна, бакъонашларъярхойна хаамашца, Абубакаров шен да - нана долчахь Iаш вара Хьалха-Мартанахь. Охан-бетта 4-хь полисхоша а, ФСБ-н белхахоша го бира цIийнан, дийцарехь, Мохьмад къайлавала гIоьртинера, цунна тIе герз диттира масатоьпаца. Стеган хонан даьIахк йохийра, кхин цхьаъ даьндарг хонан йуккъехь йисира.

Оцу хенахь ницкъахоша зен хиллачун кхин а масех гергара стаг дIалецира, шайлахь нана а, ши йиша а йолуш, ишта лачкъийра Хьалха-Мартанан виъ вахархо а, хетарехь, Абубакаровн дуьхьал кийтарлонаш йайтархьама. Иза ша охан-беттан 12-хь дарбан цIийнехь лецира, циггахь кхело болх бира цуьнца. Зен хилларг бехкево Iедалан векална дуьхьал ницкъ баккхарна а, бакъо йоцуш герз латторна а.

Нохчийчоьнан Iедало бакъонашларъярхойн хаамашна комментарий ца йо.

  • 2009-чу шарахь а лачкъийра Абубакаров ницкъахоша – хIетахь тIехь гIело а латтийна, тIеман декъана гергахь эккхийтар динера аьлла, тIелацийтира цуьнга. 18 шо долу Абубакаров хIетахь бехкевира герзашца вовшахкхеттачу тобанхошна гIо латтийна аьлла, цхьа шой, кхо буттий хан туьйхира цунна. Оцу йукъанна эккхийтарехь вийначу подполковникан Юдаков Викторх йисинарг йистхилира президенте Медведев Дмитрийга, Абубакаровн зулам дан бахьана дацара аьлла. Цо бехкевира цунна декъан командир. Британин паспорт схьэцначул тIаьхьа Абубакаров масийттазза веанера Нохчийчу, бакъоларйаран органашца гIуллакх Iоттаделла дацара цуьнан.
  • 2013-чу шарахь Мохьмад Британе дIавахара, цигахь цунна мухIажирийн статус йелира, тIаьхьо махкалла а. Цулла тIаьхьа иза масеххуза вахара Нохчийчу, йахна бIаьста кхаччалца низамаш ларадаран урхаллийца халонаш Iиттайелла йацара цунна.