Брянскехь таджик верна 3 стаг лаьцна Дагестанехь

Архивера сурт

Дагестанехь кхо вахархо лаьцна, Таджикистанехь вина стаг верна. Царах шимма, Москван кIоштарчу кхин цхьана стагаца цхьаьна къиза хьийзина таджик вийна, 2019-чу шарахь Москварчу буьйсан клубехь шайн махкахо верна бехке хилар тIелаца бохуш.

Дийцарехь, и зулам дина чIир йоькъуш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Брянскан кIоштан талламан урхаллин сайта тIехь.

Талламхойн версица, 2019-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Москвахь цхьана буьйсан клубехь дов даьлча, Дагестанера вахархо а вийна, веддера Таджикистанан махкахо. Гарехь, кхушара Мангалан-баттахь веллачуьнан дас Москвахь лаьцна хилла ши дагестанхо, шен кIант вийнарг схьалахий иза вен аьлла.

Оцу шинна, Москван кIоштарчу вахархочо гIо а деш, хиъна хила мегаш волу чIирхо Брянскехь вехаш хиларх лаьцна. Товбеца-беттан 15-хь цуьнан петар чу а лилхийна, цунна етта а йиттина, хьунха а вигна лаьтта буха дIавоьллина цара иза.

Карарчу хенахь лаьцна ву и кхо стаг а, ткъа чIир екъа уьш лаьцна волу Дагестанера вахархо а.

  • Хьалхо полицин декъехь йиттина хиларан дегIа тIехь ларш а йолуш схьакарийра Товбеца-беттан 28-хь вайна хилла Дагестанан 25 шо долу вахархо Абакаров Тамерлан. Иза бехке веш ву шен хIусамехь герз а, оьккъуйту хIума а латторна.
  • 2020-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургерчу полицин белхахоша герз тоьхна вийра 28 шо долу Дагестанехь вина Алимагомедов Терман. ГУ МВД-но бинчу хаамца, иза вийнера полисхой цунна тIаьхьабелла боьлхуш. Оцу стагана тидам тIебахна хиллера полицин патрулан гIалин Фрунзенски кIоштахь урамехь ха деш.
  • 2019-чу шарахь Краснодарехь вовшашна герз диттинера масийтта стага. Царах цхьаъ, Дагестанера 27 шо долу вахархо, кхелхира дарбанан хIусамехь. ТIахьо хаам кхечира оцу девнехь дакъалаьцна пхи стаг лаьцна хилар хьокъехь.