Iамерке лата воьдуш ву нохчийн спортхо

Iамеркарчу Буффало гIалахь дIахьонйолчу UFC-н турнирехь лата кечамбеш ву нохчийн тоьлла латархо Бибулатов Мохьмад. Бибулатов Iамерке новкъаваккха Соьлжа-ГIаларчу ресторанехь гулбелира мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, «Ахмат» клубан декъашхой а.

КарабогIучу беттан 8-чу дийнахь хир ю Iамеркарчу Буффало гIалахь Бибулатовн иэдинчу латаршкахь дебют.

Цуьнца лата кечвелларг ву филлипинхо, шен дахарехь 7 толам, 2 эшам болу Лаус Джинел.