Буьри-ГIалахь ковидана дуьхьал хIоттийна митинг бахьана долуш таIзар динарг Украинехь йийсаре лаьцна

Чиркинов Рамис, видео йуккъера скриншот

Буьри-ГIалахь 2020-чу шеран охан-баттахь антиковидан митинг вовшахтоьхна аьлла кхел йина Чиркинов Рамис Украинехь йийсаре вахна. Хьалхо хаамбора, колонира тIамехь дакъалаца ваха реза хилла иза бохуш.

Шена вербовка йарх, тутмакхех Украинерчу тIамехь пайдаэцарх, ша йийсаре вахарх Чиркиновс дуьйцуш видео йаржийна ютьюбехь. Маца, стенагхь дIайазйина йу видео, хууш дац.

Чиркиновс дийцарехь, Рязанан кIоштахь шена тоьхна хан токхуш хиллера иза. Тутмакхашна гечдийр ду, ахчанаш лур ду, нагахь санна уьш тIаме баха реза хилахь аьлла, дийцарш дан тIеман министраллин векал веанера цига. Реза хиллачара оцу меттигехь кехаташ кечдира, шайна гечдар доьхуш.

ЦIе ца йаьккхинчу цхьана меттиге бигина хиллера уьш, Чиркиновс бахарехь, "ах йохийна цех" санна гIишло йара иза, цигахь латтийра уьш герзашца болчу наха ларбеш. ЧIагIонаш йиннашехь, кхаьрга куьйгаш йаздайтина контракт эхашарна дацара, цхьана шарна а эхашарна а дара.

Цигахь тутмакхаш бийкъира тIеман говзаллашка, йоццачу хеначохь кечбира уьш тIамна, барзакъ делира, экипировка а – оцу йукъанна Чиркиновс дийцарехь, мачаш а, гIагI диллина жилеташ а пайден йацара. Иштта герз а делира царна: Чиркиновс чIагIдо, 1942-чу шарахь арахецна Мосинан тоьпаш йара уьш бохуш.

Iамораш дIахьочу заманчохь, дуьйцу Чиркиновс, тоьпан мукъа тIе воьжначу кхуьнан пIенда кагбеллера. Иштта дуьйцу цо, цхьа а бахьана а доцуш командиро цкъа йиттира шена аьлла.

"Блиндажаш ахка" хIиттийнера Чиркинов шен накъосташца, царна кхерамаш тийсинера, уьш дIасалела дехкинчу некъех бовлахь тоьпаш тухур йу бохуш. Украинхоша тIелатар динчу заманчохь лазийра иза, цул тIаьхьа йийсаре кхечира. Лоьрийн гIо а кхачийна цунна цигахь, шеца вон бу, ледарчу хьелашкахь латтаво аьлла латкъамаш бина бац цо.

Иштта Чиркиновс дIахьедина, вербовка йинчу цхьана а тутмакхна лур ду аьлла ахчанаш, делла дац.

  • Украинера тIамехь дакъалаца реза хилла Чиркинов Рамис бохуш дийца даьккхира дечкен-баттахь. "Ног Ирыстон" (Керла ХIирийчоь) телеграм-каналан хаамашца, йуьйцург йу ЧВК "Вагнер". Цуьнан хIусамнанас Кавказ.Реалиин сайте дийцира, "ша Украине дIавоьдуш ву аьлла, кехат йаздира цо, - цул тIаьхь хууш хIума дац" аьлла.
  • 2021-чу шеран мангал-баттахь Чиркиновн адвокаташа латкъамаш бира СИЗО-хь иза латточу ледарчу хьелашна, цунна диагноз хIоттийра энцефалопатия аьлла. "Ног Ирыстон" канало йаздира, мича бахьанашца тIаме ваха реза хилла Чиркинов. Иза "шен могушаллин хьал бахьана долуш ша дукха вехар вац аьлла, тешна вара, шен кхоллам зен лиъна хиллачух тера ду" аьлла.
  • 2020-чу шеран оханан-беттан 20-чохь Буьри-ГIалахь Iедалхошкара пурба а доцуш митинг хIоттийра. Цуьнан декъашхоша протест йира Iедална а, "изоляцин" рожана а, белхазаллина а. Митинг йолайелла масех сахьт даьллачул тIаьхьа протестхой майданара лахка йолайелира ОМОН. Дуьхьал жоп луш ницкъахошна тIулгаш, брусчатка а, мокхазан экъанаш а кхийса буьйлабелира уьш. Кавказ.Реалиин хаамашца, мел кIезиг а митинган 20 декъашхочунна набахтехь такха хенаш йиттира.
  • Стохка товбеца-баттахь кхел йира Чиркинов Рамисна, Covid-19 пандемица доьзна "ша шена изоляци" йаран рожана дуьхьало йеш Буьри-ГIалахь хиллачу митингехула. Цуьнца цхьаьна таIзар дира операн иллиаалархочунна, ковид-диссидентана Чельдиев Вадимана а, Бесолов Арсенна а. Кхуьй а таIзар динарг митингехь хилла вац. Чиркинов бехкевира нах гIаттийна къепе йохорна, цунна набахтехь даккха бархI шо туьйхира. 2022-чу шеран лахьан-баттахь апелляцин инстанцино дина таIзар хийцаза дитира.
  • Бакъоларйаран "Тутмакхашна гIо латтор" проекто Чельдиев Вадим а, Чиркинов Рамис а, Бесолов Арсен а политикан тутмакхаш лерина.