Буьри-ГIаларчу йахархочунна Муцураевн илли бахьанехь гIуда тоьхна - гIуллакх талламхошкахь дара

Гайтаман сурт

Буьри-ГIаларчу кхело гIуда тоьхна меттигерчу йахархочунна Зинкина Ольгина. Иза бехке лерина, цо шен "ВКонтакте" агIонехь ичкерихойн илланчан Муцураев Тимуран илли хIотторна. Экстремистийн материалаш йаржорехь зудчун болу бехк тIечIагIбина, иза декхарийлахь йу эзар сом гIуда такха - оцу административан артиклехь уггаре лахара таIзар ду иза.

Цамагийна илли карийна Буьри-ГIалара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин №1 йолчу полицин бехктакхаман декъан белхалошна. Дуьйцуш дерг "Они ушли" илли ду. Иза лерина ду джихадехь дIакхелхинчарна. Кхелехь йахархочо шен бехк тIелаьцна, ша дохкойаьлла аьлла.

Хьалхо гучуделира, Муцураевн эшарш "экстремистхойн материалаш" тIехула уггаре дукха гIуллакхаш доьллучу иттана йуккъехь йуйла. Уьш йаржорна Оьрсийчоьнан махкахой 2011-2022 шерашкахь дукхахьолахь административан жоьпалле узура.

  • Оьрсийчохь цамагийначех ичкерихойн илланчин 30 илли ду. Шайн сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, уьш "къаьмнашлахь питана даржош, сепаратизм, терроризм йаржош" ду олий. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь сих-сиха жоьпе узу социалан машанех пайда оьцурш, иштта Нохчийчуьра бахархой а.
  • Цу цамагийначу иллешна йукъахь доцчу иллига ладоьгIча а, нахана гIуданаш тухуш нисделла. Масала, Гуьмсерчу кхело экстремистхойн материалаш йаржорехь бехке лерира меттигера вахархо Саиев Адам, "ВКонтакте" социалан машанехь "Хадис Пророка" илли хIотторна.
  • Муцураев Тимур хьалхарчу а, шоллагIчу а тIемашкахь дакъалаьцна ву Ичкерин агIонехь. Цул тIахьа Парижехь ваьхна, йуха 2007-чу шарахь Нохчийчу вирзина. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна девзаш дукха дац.