БуьритIера Колиев Алексийн цӀарахчу керста динан гимназин кегийчу классийн хьехархо Коцоева Светлана архиепископан омрица балхара дӀайаьккхина. Бахьана ду гезгамашин-беттан 4-чу дийнахь хиллачу дезачу денна хIоттийначу гуламе можа юбка а, сийна кофта а йоьхна йар. Хьехархочунна тIехIуьттуш къамел дира цуьнан белхан накъосташа, амма эххар а шен лаамехь санна балхара дӀайахийтира Коцоева.
Коцоева балхара дӀайаккхарх лаьцна шен блогехь дийцира протодиакона Кураев Андрейс. Цуьнан информацица, линейка чекхйаьлча хьехархочуьнга епархин секретарехула а, гимназин директорехула а хаам бинера, шен дарж дита дезаш хиларх лаьцна. БуьритIера а, Аланера а архиепископа Герасима дина хиллера иштта омра: линейкехь хьехархочун можа-сийна духар ца тайна хилла цунна.
Коцоева балхара дIайаккхаран бахьнаш Кавказ.Реалиин редакцина тӀечӀагӀдина гимназина гергарчу хьостано а. Къамелдинчо дийцарехь, дешаран хьукматан директоро линейка йирзинчул тӀаьхьа дӀахьедина хилла, хьехархочо "дIайолуш кехат дита деза", хIунда аьлча, шаьш "епархин юрисдикцин куьга кӀел" хиларна аьлла. Линейкехь дакъалацарх дуьйцуш, епархино зорбане даьккхинчу йукъарчу суьрта тIехь йац Коцоева, архиепископ Герасим лаьтта, ша цига веанчул тӀаьхьа классан куьйгалхо йоцуш бисинчу хьалхарчу классан дешархошца.
Хьехархочуьнгахьа гIо доккхуш бистхилира цуьнан белхан накъосташ: цхьаьна а кхетта, уьш баханера гезгамашин-беттан 8-чу дийнахь Сийлахь-Везачу Князь Владимиран килсехь архиепископа Герасима гӀуллакх дечохь. Гимназин белхахошка дӀахьедина цо, оршотдийнахь "дерриг а къастор ду" аьлла. Епархин секретаро оршотдийнахь дийцина Коцоеве керла меттиг лаха йезаш хиларх лаьцна, цул тӀаьхьа хьехархочо шен лаамехь кехат йаздира дарж охьадуьллуш. Колиевн цӀарахчу гимназехь 12 шарахь болх бина цо. Гуламехь хилла хьалхарчу классан дешархой боцурш, хьехархочо Ӏуналла деш хилла пхоьалгӀачу классан а.
БуьритIехь а, Аланехь а йолчу епархин секретаро Фенченко Рустика жоп ца делла Кавказ.Реалиин корреспондента Коцоева балхара дIайаккхарх лаьцна динчу хаттарна.
- Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратурано 2022-чу шеран гIуран-баттахь мукӀарло дира, Украинин байракх йа цуьнан басаршца суьрташ гайтар "зулам дац" аьлла.
- Волгоградан университетера дӀаваьккхинчу юриспруденцин кафедран доцентан Мельниченко Романан хӀусаме баьхкинера бехктакхаман белхахой. Бахьана дара цуьнан "Вконтактера" агIонехь зорбане йаьхна публикацеш: ницкъахошна ца тайнера Мельниченкон (къомах украинхо) украинхойн маттахь йаьхна видеош а, ткъа иштта "тӀеман йийсархой" хьахор а.
- 2022-чу шарахь Краснодаран кIоштара Надежная юьртарчу килсан иерейна Нагибин Максимна дуьхьал административан гӀуллакх долийра эскарна "дискредитаци йарна". Шен Пасхина хьажийначу хьехамехь цо Украинина дуьхьал тӀом бар "доккха эхь" ду, ткъа Оьрсийчохь Толаман де даздар "парадобесие" йу аьллера. Кхело сацийра и гӀуллакх, зулам талла йогIу хан чекхъйалар бахьана долуш. Цхьа зама йаьлча, Нагибин дӀаваьккхира цу килсера.