Бусулбачу нехан ГIурбанан денна (хIора шарахь хуьлу бусулбачийн деза де ду, динехь болчу наха акхарой а йойъуш, церан жижга мискачарна доькъу. – Редакцин билг.) лерина Нохчийчоьнан Iедалхоша йоккха акци хIоттийра маIаш йолу кегийра акхарой йоькъуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, оцу денна лерина шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу фондо 55 эзар уьстагI эца ахча делла – царах 12 500 СаIудин Iаьрбийнчуьра къенчу наханна дIакхачийра.
УьстагIий эфирехь
Уггара кIезга мах хадорца, беккъа усьагIашна лерина Нохчийчохь 50 миллион сом доьхкина. Уггар хьалха, репортажехь бахарехь, шайн белхан декхарш кхочушдеш, Украинерчу тIамехь а цхьана, кхелхинчу ницкъахойн доьзалшна а, къенчу наханна гIоьнна лерина бу и барам.
Деза де чекхдаллалц акци вуно чIогIа юьйцура меттигерчу пачхьалкхан медиа хьостанашкахула. УьстагIий а, гIурбан жижиг а декъарх лаьцна репортажаш масех дийнах гайтира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан прайм-таймехь – сарахь гойтучу хаамашкахь мангал-беттан 8-хь, масала, Нохчийчоьнан бахархой кхаа къаьстина йолчу сюжеташка хьийсира. Кхечу дийнахь – кхин а 8 минотехь йолчу репортаже. Мангал-беттан 12-хь – кхин а шинга.
ЧГТРК "Грозный" каналан хаамца, Кадыровн цIарах йолчу фондера гIо кхаьчна къурайшийн тIаьхьенах бу бохучу Йоккхачу АтагIарчу бахархошна (ширачу Маккан Iедалера тукхам, Къилба ларъярхой; оцу тукхаман совдегархойх схьаваьлла ву Мухьаммад пайхамар. - Ред.)
Меттигерчу пропагандина массочу ханна ладаме бу Кадыровс сагIа даккхаран барамаш
Бусулбачу нехан дезачу деношна а, исламан рузманера кхиндолчу терахьашна а лерина сагIа даккхаран барамаш хIора шарахь хIиттабо Кадыровн цIарахчу фондо. Меттигерчу пропагандина массочу ханна ладаме бу и барамаш. Иштта, тоннашкахь дама, дуга, шекар, жижиг а дIасадийкъира мискачу наханна "Мухьаммад пайхамаран винчу денна" (и терахь къуьйсуш ду хIинца а, билггал хууш а дац. – Ред.) лерина. Иштта акцеш хIиттайо Кишиев Кунта-Хьаьжан винчу денна а (Кавказан тIеман хенашкара нохчийн суфийн шайх), сийлахьчу Рамадан баттахь, Iашура дийнахь (Мухьаррам беттан 10-гIа де), Iарафат дийнахь (Хьаж даран тIаьххьара де), иштта цхьамогIа бусулбачу бахьанашца а.
И ерриг акцешна ахча латтош ю боху Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд – иза уггара цIена йоцу, къевлина йолу организаци ю. Иза масийттаза бехкейина цунна кхоьхьуьйту ахча "лаамца-нуьцкъаха" хуьлу, бохуш. "Коммерсант" газетан хаамца, меттигерчу бюджетан белхахойн алапашкара, кхиндолчу ахчашкара, совдегархойн тIедолучу ахчех а дакъа даккхарца дузуш ду организцин киса. Республикан куьйгалхочо и информаци тIе ца лоцу, цо боху, и ахчаш наха къаьсттина шайн лаамехь сагIина луш ду фондана. Зорбанаша а яздора фондан кхоьхьуту ахча а, цо дойъу ахча а цIена ца хиларх, Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" олура цунах.
Оцу кепара ахчаш дIагулор исламаца догIуш дац, хьарам а ду, боху шен цIе йовзийта ца лиъначу, ислам дин толлуш волу цхьайолчу оьрсийн университетан Iилманан белхахочо.
"Иза цхьанне агIор лартIахь дац исламан ламасташца. Цаьрца а догIуш, стага дуьххьара шен доьзална доладан деза. Цуьнан даьхнийн дакъа схьа а доккхуш, оцу аьттонах ваккха йиш яц иза, иза лартIахь дац, этикан ламасташ вай тидаме ца эцча а. Кхеташ ду, иза Iаткъамца лелош хилар", - хета къамелдечунна.
Ислам дин толлучо дагадоуьйту бусулбачу нехан закат дIадала декхар (шен даьхнийн барам цхьана тIегIане хьалабаьлча, цуьнан дакъа сагIийна дIадала декхар. -Ред.). И хаттар хIора стага шена хетачу агIор луьсту, боху къамелдечо, кхоалгIачу агIоно нуьцкъаха сагIа далийта ца деза.
Кадыровн цIарахчу фондо гIо до дозанал арахьарчу бусулбачарна, зевне цунах лаьцна дIа а дуьйцуш
КIезга тидам ца бо организацино дозанал арахьарчу бусулбачарна, амма зевне цунах лаьцна дIа а хьедо цо. 2016-чу шарахь, хаам ма-барра, Кадыровн цIарахчу фондо бусулбачарна сийлахь болу Рамдан баттахь 25 эзар Шеман вахархочунна кхача латтийнера. Оцу гIонах лаьцна дуьйцура оьрсийн зорбанаша а, ша Оьрсийчоьнан МИД-н векало Захарова Марияс а. Делахь а, орца кхаьчначу шемахойн терахь 20-на тIера 600-на тIе кхачалц хийцалуш дара.
2017-чу шеран гезгмашин-баттахь Кадыровн фондо 14 миллион доллар хьажийна шемахойн Алеппо гIалара Омеядийн маьждиг меттахIотторна. Цунахь лаьцна дийцина оцу гIалин мэро Акем Махмуда. Амма шемахойн урхаллина дуьхьала йолчу "Баляди ньюз" сайто яздарехь, маьждиг меттахIоттор – иза бахьана бен дацара Асад Башаран рожна ахча дахьийта.
Иштта фондан ахчанах, дийцарехь, 2019-чу шеран чиллан-баттахь шемахойн Хомсе гIалахь Халид ибн Валидан цIарах маьждиг диллина.
2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь фондо Мьянман Iедалхоша тIехь ницкъ латторах бевдда болу рохинджа къоман цхьаболу бусулбанашна кхача белира. Луларчу Бангладешехь болчу мухIажараш тIехь Кадыров Ахьмадан сурт тIехь а долуш, кадыровхойн Нохчийчоьнан байракхна хьалха охьабиллинчу кхачанах кхетара уьш. Цул хьалха Нохчийчоьнан Iедало Соьлжа-ГIалин юккъехь эзарнаш наха дакъа а лоцуш митинг гулйира Мьянмерчу бусулбанаш хьийзорна дуьхьал.
Кадыровн а, цуьнан гонан а оцу хIокъехь дIахьедарш юкъараллина шалха хийтира, хIунда аьлча хьалхе дуьйна Мьянмера конфликт къепе ялаяйта, аьлла ООН-е кховдийначу резолюцина тIе вето юьллура Оьсийчоьно. ООН-н хаамашца, 2017-чу шарера 2018-чу шаре кхачалц луларчу Бангладеше цигара 700 эзар бусулба стаг ведда.
Кавказана таллам беш волу "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна Кутаев Русланна хетарехь, дуьненаюкъара гIоьналлин акцеш – уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун имиджан барамаш бу.
Кхечу пачхьалкхашкахь муьлхха а дуьненаюкъара сагIа доккхуш акци дIаяхьаро массарна дагадоуьйту иштта фонд хилар
"Нохчийн республика – иза Оьрсийчоьнан рогIера регион яц. Цхьа дуьненаюкъарчу бакъонийн субъектан куьйгалхо ша волуш санна гойту Кадыровс тIаьххьарчу шерашкахь. Цундела дуьненаюкъарчу акцешца йоьзна йолу муьлхха а тема цунна вуно ладаме ю. Кхечу пачхьалкхашкахь муьлхха а дуьненаюкъара сагIа доккхуш акци дIаяхьаро массарна дагадоуьйту, иштта фонд а, иштта стаг а, республика а хилар", - боху бакъоларърхочо.
Кутаевна хетарехь, "гайтаме сагIадаккхар" муьлххачу динехь бехкаме а, хьашт доцу хIума а хета, цул сов, "рогIерчу стеган леларца дуьстича, вуно товш ца хета иза йистера хьаьжча".
Схьагарехь, цкъа а ца хиллачу кепара эфиран хан билгалйоккхура Кадыровн фондо ковидан дехкарш долчу заманахь бахархошна кхачанан сурсаташ дIасадекъар гойтуш. Цунах лаьцна хIора денна дуьйцура меттигерчу хаамийн гIирсашкахь, хьаькамийн агIонашкахь а. ЧIагIдарехь, уггара чIогIа дехкарш долучу заманахь республикехь 2 351 965 кхачанан сурсатийн тIоьрмигаш бекъна, иштта 117 214 – Оьрсийчоьнан регионашкахь а, 42 967 – кхечу пачхьалкхашкахь а.
Кадыров Ахмадан цIарахчу фондо хIора шарахь дIадоьллу маьждигаш, хьуьжараш, хьафизийн школаш (КъурIан дагахь Iамийна бусулбанаш. – Ред.). Кавказ.Реалиино хьалхо арахийцира шена тIехь Iазап латтийча Нохчийчуьра ведда волчу хьуьжарера хьехархочун истори. Цо бахарехь, кадыровгIеран Нохчийчуьрчу исламан хьукматашкахь хьоьхуш ю Iедалхоша къобалйина йолу бусулба динан суфийн агIо, меттигерчу ницкъахоша хьийзабо кхечу Iилманан агIончаш.
Тайп-тайпанчу конкурсашкахь меттигаш яхарна ахчанаш а доькъу фондо. Масала, Шеларчу "Бусулбачу нехан дозалла" маьждиг дIадоьллучу дийнахь, Кадыров Ахьмад винчу денна лерина хIоттийначу "Мухьаммад пайхамар хьесторан" конкурсан толамхошна 25, 50, 100 эзар долларш делира, кхоалгIа, шолгIа, хьалхара меттигаш яхарна. Миллион сом, масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ненах, формалехь ша оцу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент йолчу Кадырова Айманих лаьцна байташ язъяран конкурсехь меттигаш яьхначарна дийкъира.
Гихтара яхархочо республикан куьйгалхочуьнга сурсаташ оьцуш гIо дийхира, тIаккха иза массарна а гуш чехийра, шен беш тесна йитина, бохуш
Иштта вуно комаьрша акцеш хIитточу юкъанна меттигерчу телехьожийлан эфирехь репортажаш гойту, Кадыровга орца дехна болу бахархойн юьхьйохуш. Гихтара яхархочо республикан куьйгалхочуьнга шен доьзална сурсаташ оьцуш гIо дийхира, тIаккха иза массарна а гуш чехийра, шен беш тесна йитина, къахьега а ца лаьа, бохуш. Массарна а гуш аьшпаш биттарна бехкейира шен пенсина тIекхеттачу ахчанна "тидам ца хилла" йолу кхин Нохчийчуьра яхархо, оцу бахьанца Кадыровга пенсин фондан хьокъехь латкъам бина хиллера цо.
Кутаевна хетарехь, юккъера пропагандан дийцар дохорна дина таIзар цунна иза: "Оцу тайпа орца доьхуш стаг ваьлча, тIаккха массо адам дика дехаш ду, массеран дерриг долуш ду, боху сурт галдолу. Оцу бахьанца церан юьхьйоху".
2018-чу шарахь Кавказ.Реалиино тIечIагIдира, Кадыров Ахьмадан фондо шена тIеяздина хилар къора а, бIаьрса ледара а долчарна лерина интернатан корпусаш йоттар, иштта Пионерское эвлахь 120 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула.
Керла йоьттинчу хьукматашна гIирс Кадыровн фондо оьцу, бохуш сих-сиха дIахьедо меттигерчу зорбанаша. Иштта, фондана тIебазбира кху шеран юьххьехь пехашка садоIуьйту гIирс. Амма бюджетера 1,48 миллион сом а делла эцна бара иза. Кадыров Айманин цIарах йолу ненан а, беран а могушалла Iалашъечу клиникан центрна "совгIатна кхечира" фондера кардиотокографин стерилизатор, операци еш охьавуьллу стол, маьнгеш. Беза мах болу охьа багарбина гIирс богIу 119,2 миллион соьмана Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран комитетан пачхьалкхан цIарах эцначу гIирсан тептарца.
***
"Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.
Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2021-чу шарахь деклараци йира, ша ахча ца даьккхина, аьлла. Урхалхоша бахарехь, 2019-чу шарахь фондана 6 млрд соьманна сагIина ахча делла (цул хьалха 2,2 млрд), амма тIаьххьарчу шина шарахь ша ахча ца даьккхина, бохуш яздо цо. Фондо шех лаьцна бийцинчу хаамашца, цо шена оьшучу гIуллакхашна ахча дайъина а дац. ЧухIоттийна чот коммерцин йоцучу организацина гергахь "тамашена" ю аьлла эксперташа.