Бюджетан ахча схьаоьцуш лелош хилла компанеш дӀайаьхна Нохчийчохь

Кадыров Рамзан а Путин Владимир а, Соьлжа-г1ала, Нохчийчоь

Нохчийчохь, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзална пайдехьа бюджетан ахчанаш схьаэцар лелийна йолу кхаа компанех, шиъ дӀакъевлина. Талламан журналисташа дийцарехь, йуьйцург йу "Орбита" а, "Бенофон" а компанеш, кхин цхьаъ - "Изумруд" - кхидӀа а болх беш йу, шен куьйгалла а хийцина, йаздо Агенталло СПАРК-Интерфакс системера хаамашна тӀе а тевжаш.

2023-чу шарахь дӀакъевлинчу шина компанин пайда -80 миллиард сов сом бара – "Изумруд" компаница цхьаьна оцу гайтамца республикехь хьалхарчу кхаа лидерна йукъахь бара уьш. Хьалхо, кхаа а компанин формалан долахо вара Курманов ИбрехӀим, ткъа хIинца, низаман гергахь, и шиъ компани дIакъевлинарг ву. ХӀинцалера "Изумрудан" долахо ву Бегереев Николай .

  • Оьрсийчоьнехьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан, карарчу хенахь мехкан урхалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан фондо 2023-чу шарахь деклараци тIехь билгалдаьккхина финансийн боллу гайтамаш лахбелла хилар. Оцу йукъанна организацино, мехкан Iедалхойн дIахьедарца, Украинерчу тIамана дайъина 31,2 миллиард сом – фондан йоллу активел а пхоьазза лакхара ду и ахча.