Францерчу Канны-гIалахь йолаелла йолу кхушарахьлера кинофестивал башха ю, иза шен кхузткъе пхи шо кхачар даздеш хиларна.
Кху шарахь шен 65 шо кхачаран юбилей даздеш долчу Каннашкарчу дикачу кинойн тойне сатесна миллионаш нах бара. Церан и сатийсам кхаъ боцуш буьсур бац кху шарахь а.
ХIунда аьлча фестивалан хьешашна юкъахь хIинца а ю гобевллачу актерийн а, режиссерийн а цIераш. Круазетт хи йистехула буьйлалучун ХIолливудерчу хьешашна юккъехь,масала, Брюс Уиллис а, Тильда Суинтон а цIераш ю.
Амма кху деношкахь Каннашка дIагулбеллачу эзарнаша киноезархоша шайна гаре сатуьйсуш дерг билггал ши адам ду - Бред Питт а, цуьнан берийн нана Джоли Анджелина а. Бред Питт фестивалехь шен керла „Киллинг тем софтлей“ цIе йолу фильм гайта вогIур волуш ву, ткъа Джоли цуьнца цхьаьна йогIур яц теша аьлла, сатесна Iаш уьш безархой а, амма царал чIогIа аьлча санна журналисташ а.
Кинофестивалан чулацамах аьлча, дуьнентIехь уггаре сийдолчех киноговзанчийн къовсам и хIорашарахьлера Каннашкара фестиваль хиларх терра, кхушарахь а цхьамоггIа баккхийчу режисерийн белхаш хир бу жюрин тидаме бехкина.
Жюрин куьйгаллехь италхойн режиссер Нанни Мореттти ву. Ткъа цуьнца цхьаьна тоьлачех фильмаш къастош жюри юккъехь Дина Крюгер а, Юэн Макгрегор а, дизайнер волу Готье а ву.
И тIаьхьарниг, Нохчийчохь а шуьйра вевзаш волу дизайнер Жан-Поль Готье, киноца гIарваьлла вацахь а, амма, схьахетарехь, хIуманаш тегарехь чам дика болчуьнан кинош къасторехь а дика чам хила декхар ду бохучу ойланца жюрин декъахо винчух тера ду.
Кху шарахьлерчу Каннашкарчу фестивалан программин башхаллех цхьаъ ю – цу программехь дакъа лоцуш беккъа цхьа боьршачу режиссерийн фильмаш бен ца хилар. И бахьана долуш цхьамогIа бевзаш болчу зударийн бакхонашлархоша резадацар дIакхайкхина.
Масала, Францерачу Ле Монд газетехь ара яьллачу артиклехь яздинера, Каннашкара фестивал дIайолаеш йолу церемонехь дIаяхьан бен, кхин гуьнахь лоруш болчух тера дац зударий, аьлла. Ткъа евзаш йолчу немцойн режжиссеро Сандерс-Брамс Хельмас оьгIазлонца хьахийра Каннашкарчу фестивалан жюрина боьршачу нехан юкъаралла бен ца еза, аьлла.
Амма киноезархошна шайна товш йолу лента яьккхинарг зуда ю, я боьрша стаг ву бохург мехала а дац. Ткъа кху шарахьлерчу программин декъа йолчу фильмийн шорталло муьлхачу а киноэстетан дог зовкъе дийр ду, аьлла хета. Австрерчу режиссеран Ханеке Михаэлан „Безам“ цIе йолу фильм, масала, Каннашкара фестиваль дIа а йолаялле, шена тIе дикачу агIора критикийн а, хьовсархой а тидам тIе бахийтинчех ю. ГIажарийчурчу Киаростами Iаббазан а, Румынерчу Мунгиу Кристианан а фильмаш а ю коьрта совгIат даккха мегаш йолчех.
Францера Лео Каракс а лору фестивалан башхаллаш йовзархоша цу форуман коьрта совгIат – пальма диттан дашо га – къовсур долчех цхьаъ. Дерриг а дуьненна а вевзаш волу режиссер Лео Каракс къаьстина цуьнан Нохчичоьнца йолу юкъаметтигаш бахьана долуш хьахон вогIуш ву.
2000-ча шарахь шуьйра девзира цо оьрсийн коллегашка Герман Алексейга а, Михалков Никите а, Сокуров Александре а яздина долу схьадиллина кехат. Цу кехатан бахьана дара Нохчийчохь дIабоьдуш болу тIом а, оьрсийн исбаьхьаллин жигархоша, шайна юкъахь Михалков а, Герман а, Сокуров а волуш, Кремло Нохчийчохь беш болу тIом бакъбеш язбина болу кхайкхамаш а.
Цу кхайкхамах цецваьллачу Лео Каракса яздира хIетахь, цу маьттазчу кхайкхамна бухахь куьгаш яздина болу нах Маккиавелис кхоьллинчу дуьненчохь бехаш бу, аьлла.
-Шуна мелхо а халахета дезар, -бохуш яздора Каракса МихалковгIаьрга, - дерриг а дуьне Ельцина а, Путина а Нохчийчохь лелош дерг емал а ца деш, Iаш хилар. Шу цецдуьйлу Малхбузера нах Нохчийчурча тIамна дуьхьала бистхилча, уьш шун чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа стенна гIерта, бохуш.
И шу цецдийлар тера ду, шен зудчух леташ волчу хIусамден, я шен берашна етташ болчу ден цецвийларх. Шу дерриг а дуьннена а шаьш Нохчийчохь бусулба террорзойн кхерамца къуйьсуш ду моттийта гIерташ ду. Амма иза бакъ дац. ХIунда аьлча, Нохчийчохь аш шаьш шайна мостаIгий кхоьллина, шаьш цигахь лелош долчуьнца.
Шуна ца хаа, шайн эскарша Соьлж-гIала латта тIера дIахьакханийла, шайн кеманаша маьршачу нахана тIе бомбанаш еттий, эзарнаш нахана Iехь шайн салтташа къиза таIзарш дой? ХIан-хIа, шу кешнашкарчу нIаьнешна тIехула лела реза ду, оцу шайн пачхалкхан байракхах дозалла дан шайн йиш хилийта.
И оьгIазе а, инзарваларан а дешнаш Лео Каракса оьрсийн исбаьхьаллахошка яздинера.
Ткъа хIетахь дуьйна официалан оьрсийн културин гонашкахь башха везаш вац дерриге а дуьнентIехь а шен башхачу, даиман а девечу а, амма исбаьхьаллин агIор масала доцучу филмашца вевзаш волу Францера режиссер Лео Каракс.
Оьрсийчоь хьахийначура аьлча, кху шарахь цхьа а оьрийн филм яц Каннийн программехь. Беларусерчу Лозница Сергейн „Дохкалахь“ цIе йолу фильм гойтур ю цигахь. Германехь вехаш волчу беларусхочо яьккхина йолу и фильм Василь Быковн романна тIехь яьккхина ю.