Нохчийчоьнан вахархочунна кхел йийр ю, цо бакъo йоцуш некъан полисхо видеона тIе дIавазварна. Полисхочо сацийна машенан урхалла дечу хиллачу стага базарехь видеокамер а йолуш сахьт эцнера. Иза шега полисхочо де къамел къайлах дIаяздан волавелира, амма цуьнан къайле гучуяьллачу полисхочо схьадаьккхира цуьнгара сахьт. Цул сов, цунна 80 эзар сом гIуд а тухира, дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а айадира, хаамбо “Комсомольская правда на Северном Кавказе” зорбано.