МаслаIат я Iожалла!

Къилбаседа Кавказ -- Iедалан ницкъаша нах байъарна дуьхьал хIоттийна гулам, Дагестан, ХIинжа-ГIала, Гуьйре 2012.

Кеп-кепарчу зорбано а, Ιедалан хьостанаша а хIора денна бен хаамаш вовшах а тухуш, жамIе дерзийча тIаьххьарчу шерахь Къилбаседа Кавказан бахархошна хилла зенаш иштта ду: Ιедалх а, гΙаттамхойх а вийна 700 стаг, лазийна 530. Дина 100 гергга эккхийтар. И тайпа Iожаллаш кхин а дIаяхлахь, шаьш-шайн кхачон а сахьт дац кавказхоша.


Зенаш шаьш-шаьш дохуш аьлча, 400 вийна гΙаттамхойх, 200 – Ιедалхойх. Оцу шина агΙонан гамонашна юкъа а нисвелла, кхелхина лорало 100 гергга маьрша вахархо.

Лурчахлерчу хьолаца дуьстича, хилла бац цхьа а хийцам. Оццул бара 2011-чу шарахь вовшахлеташ эгнарш а.

Ткъа Ιедалан статистика вуно беркъа ю. Чекхдаьллачу шеран дохалла, официало бахарехь, пачхьалкхан ницкъех 200 сов стаг кхелхина Кавказерчу тΙематийсадаларшкахь, лазийна 400 гергга.

Кавказехь, хьалха а санна, нах алссам лешберг Дагестан ю. Цул тΙаьхьа йогΙу Оьрсийчоьнан пропагандано тахана маьрша хиларца ялсаманенна герга озайойой юьйцу Нохчийчоь – стохка цигахь вовшийн карах велла 80 сов Ιедалхой, гΙаттамхой, 90 - лазийна.

КхозлагΙчу меттехь ГΙалгΙайчоь ю – Нохчийчохьчул беллачийн, лазийначийн терахь кIеззиг лахара ду цигахь.

ГΙебартойх, балкхаройх 100 сов кхелхина, ах-бΙе лазийна стохка. Кегмерса дараш бен доцуш шо чекхдаьлла хΙирийн, чергазийн, кхарачойн, Ставропол-махкарчу ногΙийн.

Билгалдаккха догΙу, «Кавказан Узел» цΙе йолчу интернет-газето динчу зерийн терахьаш ду уьш. Ткъа Ιедало кепа а тоьхна, статистике а далош, хоуьйтуш дац Кавказна хуьлу зенаш - Кремло тоххара дитина шегахьа боцчийн декъий дагардар. ХΙинца ца буьйцу официало лаьттачу къовсаман цхьана а декъахь а боцуш лен могΙара бахархой а. Цу тIехь а дуьненах хьулдан гΙерта Кремль Кавказера тΙом сецна а, я саца дагахь а боцийла.

Къаьмнаш декъа а доькъуш, царна тΙехь олалла латтор – хууш ма-хиллара, халкъ къардина кхаба диктатурашна уггаре а эвсаре, боккха аьтто бохьу политика ю. Ткъа шаьш Iалашбеш кавказхоша янне а яц оцу мекарлонна еш дуьхьало.

Таханлерчу Кавказан мехкийн хьаькамашка, Ιедалерчу а, Ιедалх боцчу а политикашка, бакъоларъярхошка ладоьгΙча хаало хIора а къомо, ша-ша луларчу къаьмнел кхетаме а, пачхьалкхана тешаме а ду бохуш хестош. ДIониг а, дIониг а Кавказан цIе, репутаци тадлхош къам ду, иза иштта дацахьара вайн Оьрсийчоьно бен ларам болучул а лакхара хир бара боху ойла хеза массаьргара а.

Гена дΙаса а ца хьоьжуш, нохчех дерг аьлча, царалахь дуккха а цкъачунна баланза беха хΙара цΙерш йолу нах – ТуркогΙар, СуьйлигΙар, ΙаьндигΙар, ХΙиригΙар, ГуьржигΙар, ЧерсигΙар, ГΙумкигΙар. Шайн кΙенташна церан цΙерш тахккал дукха дезаш а , лоруш а хилла нохчаша, масала, лулара къаьмнаш. Ткъа тахана тохкий берашна иштта цΙерш? ХΙан-хΙа, ца тохку – кхачийна Кавказан къаьмнийн бΙешерашкахь вовшашка лаьттина безам. ТΙемаша доьза байъина вайн дайша заманашкахь шайлахь кхиийна хилла кхетам, ларам.

Цул совнаха, хΙора Кавказан къам а ду шен могΙаршлахь гарадаьлла. Массеран а бу шайн «тΙемалой», «гΙаттамхой», «муджахΙидаш». Царех Кремлана муьтΙахь болчу Ιедалан дайша а, церан верасаша а олу «шайтΙарчий», «мостагΙий». Вукхара кхарех олу «муртадаш», «мунафикъаш», «кафирна бохкабелларш».

Ткъа хΙун лоьху шайна а, халкъашна а гарабевллачу наха?

Ιедална резаболучийн агIонан лехамаш гуш а, хезаш а бу – цара бахарехь, стаг Оьрсийчоьнан низамашна, уьш вон-дика хилар а ца къестош, муьтΙахь хила веза, хΙора а шена кхочучу аьттонца рицкъа а лохуш, хьаькамаллехь волчун цига кхачанза висинчо лерам а беш, ваха веза.

Шийлачу, боданечу, мецачу лаьмнийн чΙажашкахь, герз мара а къуьйлуш, аьтто баьлча, шайн баннашкара мостагΙех цетоха ара а буьйлуш, хан токхуш бехачу тΙемалойн дегнаш чохь а ю хьунаш.

Ιедало цаьрга, дуккха-кΙезга а доцуш, герз охьа а тасий, шен карадуьйла, ша, нийсонца кхелашкахула а даьхна, набахтешка хьийсор ду олу юкъ-кара. Амма аьттехьа а ца дуьту оцу нахана хетарг, ца дугΙу цаьрга ла, ца хозуьйту дуьненна церан аьзнаш.

Ткъа ладоьгΙча, ца кхеттал аьрха я оьздангаллах хаьдда ойланаш а яц муджахΙидаша къадораш. Оцу ойланийн хатΙ довзуьйтуш дара, масала, байначу беттан юххьехь ЭгΙашбетана гергахь ша а, шен ши накъост Хушалаев Адам а, Мутушев Зелимха а Кадыровн тΙеман дакъоша гоне лаьцча, летта вала кечлучу муьрехь Маршо Радионе зΙе тоьхначу Элимхажиев Аюба дина къамел.

Your browser doesn’t support HTML5

Маршо Радиоца зIенехь а Iаш кхелхинчу тIемалочун къамел



ХIокху къамелал тIахьа дукха миноташ юкъа ца юлуш кхелхина Элимхажиев Аюб а, цуьнан накъост а. Уьш шаьш хIаллакбарх лаьцна доккхачу дозаллица дийцира телегойтийлашкахула Iедалан ницкъаша. Амма ца хаийтира Элимхажиевс Маршо Радионехула ша дина негат кхочушдинийла – ца вийра я иза а, я цуьнца висина Мутушев Зеламха а Кадыровн нохчийн даьндарго, эскарша яьккхинчу видеоно гойту и шиъ шайгарчу гранатех пайда а оьцуш иккхинийла.

Иштта гранаташца шаьш-шайн лелхийтира хьалхо оццу Веданан къоштарчу хьаннашкахь МахкатIерачу айкханчо Демишев Ислама шайн тоьланашна тIе Iедалан бIо балийча тIемалойн баьччанаш ГакаевгIар – Муслима а, Хьусайна а. Цара санна тIеийцира Iожалла церан иссе а накъосто а.

Элимхажиев Аюба ма-аллара, муджахIидийн коьрта Iалашо ю дийна а болуш кара цабахар, шаьш лазийча, кхетамца тилбелла а, шайн накхосташна тешнабехке цахилар, мотт цатохар. Ткъа ца леш висар шена кхин а эшна дуйла дика хаьа царех хIоранна а.

Цаязаран новкъахь Нохчийчоь йолуш, махкана тIегIерта оьрсийн эскарш юхадаха арабевлларш нохчаша сийлахь лоручу заманахь, герз охьатесна я чов хиларца, Кремлан охIланийн карабаханарш а бу цхьана декъана дийна тахана. Цара шаьш хIинца хенаш токхучу набахтешкахь цхьа а дозалла ца до шаьш оцу кепехь дийна бисарх. И царна дела денна а мархдоху Iедалша.

Маршо Радиоца юкъ-кара зIене буьйлучу тутмакхех ву шийлачу махкарчу цхьана набахтехь шена тоьхначу 21-на шарах 8 шо бен текхна ваьлла а воцу бумматхо Успанов Iимран. Ша чуволларцана долийра цо адамийн бакъонаш ларъечу нехан гIоьнца ша бехке вац бохуш аьрзнаш яздан.

Оьрсийчохь нийсо а ца карийна, кхачийна арз Европан кхеле а. Бакъду, цигахь цуьнан дов талла чуэцнехь а, Iуьллуш ду рогIехь. Успановнс дина боху зулан, Нохчийчоьнан лакхарчу кхеле ладоьгIча, цо Соьлж-ГIалахь дина 2003-чу шеран аьхка. Ткъа и деш цуьнгахь хилла герз, кхелан сацамо бахарехь, каракхаьчна цунна зулам иза дина ваьлла бутт баьллачул тIаьхьа.

Собардайша, боху кху барххIе а шарахь Оьрсийчоьнан суьдхошка бакъоларъярхоша, стага зулам муха до, и дан цунна оьшу гIирс бутт баьлча бен цуьнан каракхаьчна а ца хилча. Ткъа аьтто бац суьдхойн нийсоне ладогIа. Бехказа а вина Успанов дIахецча, цунна тIелейтина нах, и сийсазвина нохчий – уьш а хьебан дезар ду Iедалан. Успанов Iимранан къамело хоуьйту набахте кхаьчначу нохчочунна тIехь хIун Iазап латтадо Кремло.

Your browser doesn’t support HTML5

Набахтерчу Успанов Iимранан къамел



Итт шо ах шо текхна набахтехь Соьлжарчу Садыков Рамзана. Ялх бутт гергга ю цуьнан цигахь яккха йисина хан. Амма иза хIинца чохь латточу Архангельскана гена йоцчу набахтин хьаькамаша дерриг а леладо Рамзан шаьш долчуьра адамаш терра дIа цавахийта.

Дуккха а беттанаш баьхна цо таIзар токхуш тутмакхаш чубухкучу готтачу изолятор чохь. Амма шен аравала йисинарг дукха хан яцара аьлла, харцонашца къийсалучуьра а ца соцу иза. Шена Iеткъарг хIун ду, муха хила тарло шен дахар, ша нагахь санна набахтех паргIат а ваьлла, Нохчийчу дIаводахь, цо иштта дийцира Маршо Радионе ша наахтера къайлаха тоьхначу зIенехула.

Your browser doesn’t support HTML5

Набахтерчу Садыков Рамзанан къамел



Кавказерчу тΙемашкахь дуьхьаллаьттачу шина а агΙонера вийна, юкъараваьккхина ларало кху тΙаьххьарчу кхаа шера чохь 2200 стаг, оццул ду чевнаш йинчу нехан терахь а. Ткъа хала ду ала, Ιедалша масса кавказхо йийсаре вина, дΙахьажийна набахтешка цхьана ханна я валлалц чохь валлон.

Ах шо хьалха набахтешкахь бохку нохчий 12 эзар бу бохура омбудсмена Нухажиев Нурдис. Амма бахархой таΙзаре берзочу Оьрсийчоьнан урхалло и терахь дац боху 1000 сов оьккхуш бен. Иштта къайленехь дуьсу Оьрсийчоьнан статисташна масса тутмакх ву набахтешкахь кавказхойх боху хаттар а. Вайна хуург цхьаъ ду – вуно дукха бу иштанаш.

Кавказерчу тΙеман дараш талла воьллачу муьлххачу а стагна кхеташ ду – баларш а санна, нах лецна набахтешка хьежор а ду оццу тΙеман жамΙаш. Вай терахьаш кегон доьлча го стохка белларш тΙех къезиг а боцийла лурчаха кхелхинчел.

Цул совнаха, хаало Кавказерчу тΙемашкахь беллачу дайн метта а хΙиттина, хΙинца эгаш церан кΙентий а буйла. Уьш герзе буьгу пачхьалкхан политика ю селханалерраниг, ала дац кхана а хьал иштта а лаьтташ берийн бераш а лелар дац тΙаме.

Нагахь санна Кавказан исторехь уггаре беха тΙом 25 шарахь Шемалан имамато оьрсашца бинарг ларалуш белахь, таханалера Кавказан тΙом лаьтта а ма даьлла 19 шо. Кхин 6 шо бен а ца дисина таханлера кавказхой оцу къаьхьачу рекорде бовла.

Бохур ду вай вовшех «муртадаш», «мунафикъаш», бохур ду «шайтΙарчий» а, эгар ду вовшийн карах. Ткъа хьанна хуьлу зе, хьенан толам бу къаьмнашна ирс кхачош?

Цуьнан ойла а йина, кавказхоша шаьш тΙамана дуьхьало ца яхь, и сацон кхеташ йоцу агΙонаш кхетон ара ца бовлахь, тоьаррий те къаьмнашна кхайкхонза бахбелла лаьттачу, Кремло цим а тесна, шайна юкъаберзийначу тΙемашкахь кхин дΙа а Ιенон цΙий?