Мултимедиа Кавказ: Балкхаройн лаьмнаш Гезгмашин-бутт 14, 2017 Елхоев Леча ТIулгаша а дуьйцу, нохчийн байтанчас Мамакаев Мохьмада ма-аллара. Ломан белшашна тIеязъелла кIай мархаш. Ламаний, раьгIнашний юкъехь - бIов. Тамаше ду махках баьхна хьийзийначу балкхаройн махкахь бIов ца оьккхуьйтуш йитар. Массо а Iаламател товш ду лаьмнаш терхех лаьтташ хилар. Лаьмнех дIаийна лаьтта юьрт. Шал шийла ду хиш лаьмнашкахь. Лаьмнех беркат даьлла бахархошна, бажа Iаьнера боккхур бу цара. ХIора ломан а бу шен бос. Шатайпа ду Кавказан мехкашкахь лаьмнаш, шен даймохк бевза ламанхо тиллур воцуш. Уьш вошех къаьсташ хиларна а олу наха Кавказах "дуьненан уггаре хаза агIо".