10 денна изоляторехь сацийна ХIинжа-ГIалин мэр Мусаев Муса
Карара кIира а, кхин массех де а гурашкахь токхур ду мэро Мусаевс. Иштта бина сацам Советийн къоштан кхело. Нагахь санна бехк цунна тIехьахь, шина баттана муххале а дахлур ду лаьцна кхабар.
Мэр лацар гIарадаьлла. Шина дийнахь-буса ларйира кхелан хIусам массо а федералан телеканалаша а, информацин агенталлаша а. Иштаниг ХIинжа-гIалахь хилаза дикка хан яра – ши шо хьалха беракеманахь кхаьчначу ницкъаша мэр лаьттина Амиров СаIид лаццарх.
Воккхахволу воI ца веара
Мусаев лацарх дерг цхьалхадала дезаш дара Дечкен-беттан 20-чохь, амма дов айден материалаш ца яхкийтира оцу дийнахь кхеле. Цундела кхеташо кIирандийне дIатеттинера. Ткъа йиллинчу хенахь кхеланна гергахь гулбелира мэран гергарнаш, беза-бевзарш.
Нах тIех дукха бахкарна, кхелан чоьнашка кхочийла ца хилира Мусаевн уггар уллерчеранний (зудчун, воьIан), массех цуьнан белхан накъостанний бен.
Бадруддин, мэран воккхахволу воI, вацара баьхкинчаралахь. Иза кхечу девнехь ву полисхошна тIелатарна лаьцна. Гезмашин-баттахь бехках мукъавитинера иза, амма Дагестанан лакхарчу кхело и сацам юхабаьккхира.
Дагестанехула йолчу Талламан урхаллерчу шатайпа девнаш толлучу Шуайпов Абакара Мусаев лацар дийхира. "Шегарчу даржо лучу бакъонал сов а волуш", мэро доккха зулам дар зуьйш бу талламчаш, элира цо. "Пачхьалкхерчу Iедална, пачхьалкхан а, меттигерчу а интересашна зен дар" толлуш ду шаьш, элира Шуайповс.
ТIебаьхьна бехк иштта бу: 2016-чу шеран бIаьста Мусаевс низамехь а доцуш, куьг а яздина, 17,5 гектар латта кхачийна "АСПК" цIе йолчу организацина.
Лаьттан декъах мэро аьлла мах 1,1 млн сом хилла, бакъ-мах цуьнан 81 млн сом боллушехь.
Зулам динарг хила тарлуш волчу Мусаевгара баьлла аьлла хета бехк тIех боккха бу, цо ша арахь витахь, бехказлонаш лоьхур ю, зуламан ларш йойур ю, иза лацахьара, дийхира талламчас.
Бразилехь вилла яц
Адвокаташа, Мусаев цIахь кхаьбча тоьаш, мукъа витар доьхура. "Иза аэропортехь лаьцна а вац, Эмираташка водуш лаьцна а вац, я цуьнан Бразилехь вилла а яц", - бохура мэран юристо Азуев Сулеймана.
ХIан-хIа, чIагIдора талламчас Шуайповс, шайгахь Мусаевс тешашна тIеIаткъамбан тарло аьлла информаци ю.
Мусаевх дозуш цуьнан 4 бер хилар а, иза ша могуш вацар а тидаме а оьцуш, кхеле къинхетаме хиларе кхайкхира адвоката. Амма цо доьхург тIе ца ийцира.
"Со ца кхета хIун хилла"
Мусаевс, ша болхбечу 2,5 шера чохь шен куьйга кIелхьара ара ца даьлла цхьаьллиг цхьа низамехь доцу кехат, элира. Ша кхийтира, къайлахчу сервисан а, экономикан зуламашна дуьхьаллаьттачу урхаллера а белхахой баьхкича, уьш "лаьттаца доьзначу омрано" кхачийнийла ша волчу, элира. Уьш дIабахча, ша мэрин техникан гIуллакххой тIекхайкхира, харц делахь, ша латта делла омра юхадаккха аьлла, амма оцу белхахоша ша тешийра, харцхьа дина хIумма а дацарх, бохура Мусаевс кхелехь.
Мусаев тешна ву, ша арахецначу хIора кехатах мэрин юридикан дакъа дала жоп долуш хиларх. "Суна хаьара, низамхой оцу лаьттах дерг цхьа бутт ах бутт хьалха дуьйна а талла буьйлабеллийла. Ас хIун новкъарло ян тарлора церан балханна?" – цецвуьйлура иза.
"Сан да вагIахь а, ас харц сацам тIеоьцур боцийла администрацерчу массо а 220 стагна хаьа. Сайн гIовсех цхьаьнгга а ца аьлла ас низамехь доцург ден", - элира Мусаевс кхеле.
"2, 5 шера чохь халкъаний, даймахканний вацар доцург, ас дина хIума дац. Со ца кхета, муьлхачу документашна тIетийжа талламчаш, ца кхета хIун хилла", ша вада лерина вац, кхидIа а хир ву пайде, бохура лаьцначо.
Амма патриотизм чекх ца елира. Кхелахочо Гаджиев Далгата бехк прокуроро тIебаххьалц йолчу ханна 10 де а кхайкхийна, чуволла сацам бина ХIинжа-ГIалин мэр.