Таханлера теманаш Харжамаш юхабоьху болам бу баьржаш кавказхошлахь ГIадужу-бутт 25, 2017 Рамазан Алпаут Регионашкарчу халкъашна харжамаш шайгга байта безий? ГIалгIайчоьнан тайпанийн кхеташоно дIахьедина, регионийн куьйгалхой халкъо хоржуш хила беза, аьлла. И хаам бира оцу кхеташонан декъашхоша шаьш Маршо Радиога. ГIалгIаша караэцна хьалхо кхарачоша долийнарг – церан Халкъан Конгрессо кху беттан 11-чу дийнахь кхайкхам баржийна Къилбаседа Кавказерчу юкъархойн цхьаьнакхетараллашка регионашкахь халкъо харжамаш беш бацарх шайна хетарг алар доьхуш. Хаийта: ГIалгIайчохь таханенна шиъ ю «тайпанийн кхеташо». Цхьаъ – мехкан ден гонехь, важа – ша-шеггара кхоллаелла юкъархойн цхьаьнакхетаралла. Харжамийн хьокъехь къамел айдинарг Iедалх йоцу шолгIаниг ю. Евкуров Юнус-Бекан гIоьнчас-хьехамчас Перехрист Артема дIахьедина, Iедалан чоьнашка кхаьчна мехкан тайпанийн кхеташонан кхайкхам, аьлла. Амма цкъачунна официалехь жоц делла дац ГIалгIайчоьнан куьйгалло. Ткъа мехкан лидеран пресс-гIоьнчанна ца хаьа, кхеташо хьенан лаамна тIетевжаш ю ша айдечу хаттарца. Жоп цо Маршо Радиона иштта делира: «Тхуна ца хаьа, алссам наха дехарш динчул тIаьхьа, нахаца дагабевллачул тIаьхьа дина цара и дIахьедар, я ца дина». Оцу юкъанна, ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочо Ужахов Малсага даредарехь, цо а, цуьнан накъосташа а дIахаийтина Iедале шаьш цуьнга хIун хоьтту а, шайна хIун хета а. «Стохка, шо доьрзуш, оха кхайкхам баржийра мехкан парламенте, кхидерг доцуш, кхузахь халкъе харжамаш байта беза аьлла а бара иза. I000 стаго куьг а яздинера кхайкхамна буха», - боху Ужаховс. Цул совнах, тайпанийн кхеташонан лидеро бахарехь, цуьнан хьукмато йозанехь хаттам а бина вуьйцучу 1000 стагца. Евкуровн пресс-гIоьнчас дагадаийтира, шайн махкахь стохка, парламентан харжамаш хиллале, къоман гуллам хIоьттира, цигахь дукхахберш бара мехкан куьйгалхо, халкъе а ца хоьттуш, парламенте харжарийтарехьа, аьлла. «Тхуна мегаш ю парламенто мехкан куьйгалхо хоржу вариант, халкъ цунна дуьхьал а ца хилча. Кхин варианташ нахана езаш хилча, цара иза а къадийна хир дара шуьйрра», - элира ГIалгIайчоьнан администрацин векало. «Халкъанна шенна лаьа харжа», амма харжамаш шега лаахь а, ца лааахь а юха а схьало аьлла, халкъ гIоттур дац, боху ГIалгIайчоьнан тайпанийн кхеташонан куьйгалхочо Ужахов Малсага.