Европехь цхьана туьканийн машано тишъелла бедарш шайга схьаелча, царна дуьхьал мах охьабоккхуш акци дIайолийна. Амма кхузахь бехачу вайнаха шайна совъялла хIума сагIийна дIатоссу, тIемаш болчу меттигашка.
Яккхийчу концернаш цхьацца хIилланаш леладо, нахе шайгара хIума дIаэцийтархьама. Массара а санна, мехаш охьадаьхна ца Iаш, керла маркетинган гIулч дагаеъна кесталгIа Швецерчу цхьана духарш дечу фирмина - цуо кхайкхам бина, нагахь санна наха шайн лелийна хIума схьалахь, царна дуьхьал шаьш цIена бедарш йорахох лур ю, аьлла.
Дуьненна а евзаш йолчу Швецерчу H&M бедарш йохкаран машано керла акци дIакхайкхина. Цара нахера лелийна, тишъелла тIелхигаш схьа а оьцуш, царна метта шайн шайн туьканашкахь керла бедарш эцарна 15 процент мах охьабоккху. Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, цу акцица H&M фирмано шайна реклама еш йолчух тера ду.
Ткъа цул а сов, цу туьканийн машано боккъал мискачу нахана сагIийна яла лелийна хIумнаш лахьочу гIодаран цхьанакхетараллийн балхана когтоссу аьлла хетарш а бу.
Хууш ма-хиллара, Европерачу пачхьалкхашкарчу гIаланийн урамашкахь маьI-маьIIехь лаьтташ карадо, нехаш дIакхуьйсучу эчиган тускаршна уллохь лаьтташ иштта „ЦIечу ЖIаро“ хIиттийна дерш а. Цу чу луучуьн кхосса йиш ю лелийна бедар а, мачаш а, четарш а, гатанаш а, меттан хIуманаш а, иштта дIа кхин мацалла я тIемаг ловчу меттигашкахь гIийла бохучарна сагIийна хьажон йиш йолу тIелхигаш.
Бакъду, тIаьхьарчу хенахь уьш а, и сагIийна гулйина йолу бедарш, нийса шаьш кхача езачу гIийлачаьрга дIа ца кхочу, мелхо а, царна тIехь а сайоккхуш, уьш юхаюхкуш дийна цхьа мафин структурех тера йолу тобанаш ю бохуш рапорташ хуьлу телевизинехь а, кхечу хаамийн гIирсашкахь а.
Цундела меттигерачу бахархоша, шаьш нагахь санна, цхьанна гIо дан гIерташ белахь, ка ма-доллу, шаьш шайн сал-пал гIо оьшучаьрга дIакхачон гIерта, хIусам йоцучарна хуьлда иза я билгал куьйгана цIена юйла хууш йолчу гIодаран цхьанакхетаралле.
Ткъа Европехь бехаш болчу вайнаха хIун до те шайна совъяллачу бедаршна а, ца оьшуш долчу духарна а? Кхузахь нохчийн мухIажарш шина декъе бекъа мегар ду. Цхьана декъо шайна совъялларг Нохчийчуьрчу шайн гергарчаьрна цIатоссу, поштихула.
Вукху декъо къечу я тIемаш болчу пачхьалкхашкахь бехачу бусулба нахана дIахьайо шайна совъялларг. ХIора а йоккхачу гIалахь меттигерачу маьждигашкахула гулъеш хуьлу и сагIийна луш йолу хIумнаш.
Масех шо хьалха Пакистанехь хи хьаьдда, дукха зенаш а, бохамаш а хиллачу хенахь, цига хьажийра дукхачу вайнаха шайгара гIо. Иштта сих-сиха сагIа хьажочарех ю мацалла а, къелла а ловш йолу Сомали а.
Германехь вайнехан мухIажарша гIурба деш а, марханаш достуш а, вуьшта шайна тIера закатан сагIийна луш йолу хIума а, дукха хьолехь, я мацалла ловчу меттишка хьажайо я цIерачарна ло. Ткъа лелийна бедарш доккхачу декъехь шайн гергарчаьрна я керла тIебаьхкинчу мухIажаршна ло, бохуш дуьйцу Берлинехь вехаш волчу Душуев Рахьмана.
Душуев Рахьман: „Цхьаболчара цIа йохьийта. И хIумнаш езаш кхузахь нах хилча-м, вайнаха хаза а хеташ дIалур яра уьш. ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчуьра а, Польшера а керла тIеоьхуш болчу мухIажаршна дIало, тIеюухург-когаюхург хилла а ца Iаш, вуьшта берийн гIудалкхаш а, кхин дIа берашна оьшуш йолу хIумнаш а. Венехь Шемарчу мискачу нахана хIумнаш гулйо бохуш суна а хезнера, и чIогIа дика хIума хета суна - оьшучарна иштта сагIийна хIума тассар“.
Кху деношкахь рогIера Шемара бевддачу мухIажаршна сагIийна бедарш а, ахча а гулдаран акци дIаяхьира Венехь. Цигахь а бара, кхечу меттигерачу бусулба нахаца цхьаьна, иштта дуккхаъ нохчий гулбелла.
Царна юккъехь яра шен бакъйолу цIе яккхийта ца лиина йолу Венин яхархо, 27 шо долу Нохчийчуьра мухIажар. „Айха аьтто куьйга сагIийна луш ерг ур-аталла хьайн аьрро куьйгана а ма гайта“ аьлла ду бусулба динехь, цундела шен цIе хьахон ца лаьа шена, элира цуо.
Нохчийн мухIажар: „Суна бевзачара а, ас а Сомали а, Шеме а дIатоссу. Шемахь тIом бу, цигахь долу хIума вайна ваьшна а дика ма девзий, вай лайна хIума ма дуй цара ловш долу и Iазап. ХIинцале а миллион адам мухIажар даьлла цигара аьлла хезна суна. Царна сагIа хьажор нийса хета суна.
ХIинца тIаьххьара Дунайна уллорчу маьждигехь дара Шемахошна гIо гулдеш, чIогIа дукха нохчий а бара цигахь, сагIийна хIумнаш а, ахча а, ур-аттала сурсаташ а дахьаш баьхкина. Яккхий контейнерш юьззина хIума дIадаьхьар цу дийнахь Шеме.
Бакъду, цхьа дукха лелийна, тишъелла хIума эцца арахь лаьттачу „ЦIечу жIаран“ яьшкеш чу кхуссу ас, хIунда аьлча хьайна ца мегарг сагIийна яла магош ма даций бусулба динехь. Айха бIаьргаш дIа а хьаббийна, схьаоьцур йоцург нахана а мало аьлла ду хьадисехь“.
Шена шен дахарехь тIеман бала а, халонаш а гинарг къаьстина сема хуьлу кхечанхьа тIемаш ловш болчу нехан баланашна а. Иза гуш ду тахана тIамах бевдда, хала Европехь хIинца-хIинца кога -ира хIитта гIерташ бохкучу вайнаха масех процент мах охьабоккхуш бара-кх аьлла, шайн бедарш шеконечу туьканарчу акцехь охьа а ца кхуьссуш, мелхо а, сагIийна мацалла а, халонаш а ловчу нахана хьажош хиларо.
Изза гойту, масала, иттанаш шерашкахь оккупаци а, цуьнца йоьзна мел йолу гIело а ловш йолчу Палестинехь наха, хьо вайнеха юйла хиъча, бIаьргех хиш а дуьйлуш, хьуна а, хьан махкана а, хьан махкахь харцонна дуьхьал къуьйсучу маршонан бIаьхошна а ирс-аьтто хьоьхуш хиларо, цара, шайгахь оццул бала болушшехь, Нохчийчоьнна доIанаш деш хиларо а.