Your browser doesn’t support HTML5
КIира ца кхоччуш хан яьлла Тбилисехь цхьана петарахь Гуьржийчоьнан полицин ницкъаша операци дIаяьхьна. Шина а агIор бу байинарш. Тхана а хиллачух кхоччуш жоьпаш дац карош. ТIаьххьара болчу хаамца, гуьржашна накъосталла дан Гуьржийчу еана Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Федералан талламан бюрон тоба.
Уггаре коьртаниг хетало цигахь массара а лоьхуш волу нохчийн тIемало Чатаев Ахьмад хилла хилар, иза хилар Iедалша хIинца а я даре дина а, я харц дина а дацахь а.
Дуьххьара Чатаев Тбилисехь хилла аьлла дIакхайкхийнарг вара гуьржийн экскаран хилла полковник Макишвили Давид. Цо иза юха а аьлла, шинарин дийнахь меттигерчу телехьожийлехь вистхуьлуш.
Цу сов Гуьржийчу иза ваийтинарг меттигера къайлах сервис ю а аьлла цо. И хьукмат эпсаро бехке йина, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисца цхьаьна болх беш хиларна. Иштта Макишвилис Чатаев бехке вина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахо хиларна а.
Гуьржийчохь куп тоьхначу Кавказерчу къаьмнийн интеграцин фондан президент ву Идигов Iумар. Чатаев шена дика вевзаш вара, иза хуьлийла дац цхьанне а агент боху цо: “Чатаев мила вара а, муха вара а суна хууш ду. Кадыровн а, ингалсан а, оьрсийн а агент ву ца олуш муьлха а ву вайх".
Чатаевн гIалат, цо нийса ца динарг дара ДАIИШ-ах дIакхетар, элира Идиговс: "ТIаьххьара бисинчу нохчийн къонахех вара Чатаев а, Батирашвили а. Сан девешин кIант а вац Чатаев. Иза суна нохчо ву. Цуьнан истори суна дика хаьа. Чатаевн уггаре а вониг дара иза ДАIИШ-н агIор дехьавалар”.
Идигов жоп деха дагахь ву Макишвили Давидера. Чатаев оьрсийн агент ву цо бохуш делахь, ша дуьйцучунна тоьшаллаш дало деза оцу стага, элира цо: “Ша бохучунна кхоччуш бух охьабилла безар бу цо. Ас цуьнгара жоп доьхур ду".
Чатаевна бехке дуьллурш бух болу хIуманаш дац бохуш, кхин дIа а дуьйцу Идиговс: “Чатаевс туркойн аэропорт ца эккхийтина. Цул тIаьхьа сан цуьнца цхьаьнакхетар хилла. Цо аьлларг дара, ша Iаш волу меттиг ша бех ца йо бохург. Чатаев даккхий хьекъалш долуш а, хIилланаш долуш а стаг вацара. Цхьа гIийла, миска адам дара иза".