Нохчийчохь цIера дийнат лелоран культура хIинций бен яьржаш яц. Дукхачу долахоша, тахана а, цхьа доккха бахьан хилчий бен ца дуьгу, шаьш жоьпалле долу, цициг, жIала а, тоти а, кхидерш а, ветеринаран тIе. Уьш ца дезар дац иза, ца хаар ду.
Цхьа иттех шо хьалха, цIахь лелош долу дийнаташ хьов, чуьра доьзалхой а совбоьвла лелла болу нохчий, хIинца, шаьш, дахарехь тIехь мел дисина долу хIума, меттахIотто гIерташ лела. Нохчийчохь, дукхачу хена дуьйна догIуш ду, цIахь цициг-жIала лелор.
ЖIала, ламазан цIена лерина доцун дела хIинца иза ца леладо, амма керт-ков дуьззина ца хета, чохь лелош цициг дацахь. Ткъа, кегий бераш чохь хилахь-м, царна, лууш хуьлу, тоти олуш долу олхазарш а, кегий оьпанаш а, чIерий а лело. И кхо дийнат ду, тахана Нохчийчохь наха лелош дерг, уьстагI а, бежан а, цициг-жIала дIадаьккхича.
Чохь цу тайпа динаташ хилча, берийн къинхетам а лакхаболу, жоьпалла а Iамадо царна, аьлла хета, Ализа цIе йолчу кхаа берийн нана йолчу зудчуьнна.
Ализа: «Тхан берашна дезаш ас, далийна цициг ду чохь. Кегий оьпанаш а, тотиш а, еза царна. Телехьожийлехь а гойтуш ма дуй, уьш муха лело деза. Делахь а, царах хIун лазар долу а ца хаа. Цундела, цициг кIорнин тIехь сецна тхо. Цара чохь ловзуш леладо иза. Беран къинхетам а хуьлу чохь ишшта дийнат лелош хилча. Кхиаме а хуьлу иза».
Тахана, Нохчийчохь тайп-тайпана акхарой а, цIера дийнаташ а, даьхний а наха, хьалхарчу шерашкахьчулла алсам леладахь а, царна Iуналла дар, ша ма хиллара, лаьтта, аьлла мах хадабо, Соьлжа-гIаларчу даьхнийн клиникан лоьро Белый Константина. Маршо радиога, оцу хьокъехь цо ишшта элира.
Белый Константин: «Тхайн дарбан хIусам оха 2009 шарахь йиллинчу хенахь, дийнахь вогIуш 5-6 стаг бен вацара. ХIинца тхо долчу 35-40 стаг вогIу. Оха дийнатийн долахошна юккъахь хьехамаш бо, царна мехий детта дезаш хилар а хьоьхуш. Цул совнаха, цхьацца цамгарш ю, адамашна а, дийнаташна а тIех сов кхерам болуш. Царна доьхьал мах тохар низамо тIедуожийна ду».
Ветеринара дуьйцург даре деш масалш а шорта ду махкахь. Адам цIе йолчу стеган цIахь, ши цицигий, жима ши оьпий ю лелош. Царах цхьа а, цкъа а, лоьран тIе йигина хилла а яц, бохуш дийцира цо.
Адам: «Чохь ши цициг а, гуран чохь лелош йолу жима ши оьпа а ю тхан. Сан шина кIантан цхьаммо елла уьш. И дийнаташ ду-кх тхан цIахь лелош. Ши де хьалха, цициго, цхьа оьпа ядийнера. Иза цуьнан багар яьккхира жимах волчу кIанта. Церан уьйра, цицигий дахкий санна ю-кх. Суна даг мел догIу, цицигаш тхан чохь лелийна ду. Цкъа а маха тоха, оха-м ца дигна уьш. Боьхачу меттегашкахула уьш лелаш а дац».
Ломанца Iийначу нахана, тахана а дош ца хета, кертахь, бежан а, уьстагI а, цхьана агIора Iоьхуш, вукху агIора жIало «гIалх» бохуш ца хилча. Бийсолт цIе йолу стаг, шен доьзалца, Соьлжа-гIала, ламчуьра вахьвеана дукха хан яц. Дику цициг лоьхуш ву иза. Цкъачуьнна ца карийна, амма, узуш йолу газа кертахь хилар шена массу а хIумналла мехалла хета, элира цо Маршо радиога вистхуьлуш.
Бийсолт: «Оха даиманна лелийна ду цициг а, жIала а. Цицига даладе бохуш чуьра ши йоI ю. Цкъа далийча-лачкъийра, юха кхин цхьаъ далийча, иза ша дIадахана дайна. Сайн аьтто хилча, жIала а лелор дар ас. ХIинца бина барт бу сан, Гикалон цIарахчу оьвлахь, узуш йолу газа эца. Цуьнан шура а йоккхуш, тхайн иза мала а молуш Iийра ду тхо».
Нохчийчохь, хьалхара тIом балле, кхузахь баьхначу наха, цIахь лелош дукха жIалеш а цицигаш а дар. ТIеман хиламаш жигар баьлча, урамашкахь лелара, акха а доьвла колли а, сенбернар, овчарка а, бульдог а кхиндолу а, жIалеш а цицигаш а. Церан долахоша, дIакхиссинера уьш.
ШозлогIа тIом буолалучу хенахь, Алды оьвлахь оьрсийн эскархоша тIелатар а дина, цигара дукха маьрша нах байинчу хенахь, дийна бисинчу дукхачеран дагахь лаьттара, дIадихкина бежнаш, божалш догучу хенахь, Iехар. И дог шелдеш долу Iехар, хIинца а шен лерехь лаьтта, бохуш дийцира оцу юьртара цхьана яхархочо.- Мотт ца хуучу хьайбанийн хIун бехк бар-, бохуш хеттарш дуора цо.
ХIинца, цIеран дийнаташ, лелор алсамдаьлла Нохчийчохь. Амма, яьккхий акхарой ца лелайо. ХIуIа а хилахь, иза тIоьрмиг чу а кхоьссина, дIаяхьа аьтто берш ю наха шай цIахь латтош.