Your browser doesn’t support HTML5
Мел бух болуш ду Европехь бехачу вайнаха тахана шаьш Нохчийчохь бехачу гергарчел дуккха а ирсе ларар? Стенца дузу цара шайн дахар кхузахьчул хаъал синтеме а,маьрша а хетар?
Цигахь хан а яьккхина хьажа-хIитта цIа баьхкина нохчий,берашша-м дийца а ца догIу, мелла а хенарниш а тIехь, Даймахкахь масех де даьккхинчул тIаьхьа, юхабаха салаьтташ стенна хуьлу техьа?
Цу а, кхечу а «ирачу,чолхечу» махкахь коьртах а,нахала а девлла лаьттачу хеттаршна,цуьрриг корта кеггош къа а ца хьоьгуш, атта жоьпаш карадо Европера децIа баьхкинчу хьешашна.
Дустарца хIума довза а,дуьхе кхиа а атта хиларе терра царна дика го Оьрсийчуьрчу дахаран шатайпаналлаш а,низамана пебетташ, шайн белха меттиг-таронех щуьйра пайдаоьцуш, маьхькIамхойн карзахе, хьасартне леларш а…
Кхуза, бинчу, кхиинчу Даймахка цхьана ханна баьхкина вайнехан хьеший , хьуламе йилбазалла доцуш,даггара цецбуьйлу кхузарчу дахарх а,урхаллехь болчара могIарерчу нехан хьашт-дезарш луьстуш ечу тергонех а, бала кхачарх а, церан халонаш листарехь, «бала хIиттина» цара хьоьгучу къих а.
Хьошалла баьхкинчарна кхузахь гучух суьртах,нийсо-бакъо толийтарехь,дахаре ерзорехь кхузахь Iедалхоша йохучу гIулчех сан къамел хилла I4 шарахь сов,воккха а веш,дозалла а хеташ, Бельги пачхьалкхехь вехачу Зайнди цIе йолчу вахархочуьнца. Тардина доцуш, моттаргIанийн хьу йоцуш,товш доцург,цIарматниг махкахь хаадалар, даггара а новкъа а догIуш,цIена ду аьлла хета Зайндис деш долу къамел.
Зайнди: «Кхузахь дерг а,Европехь дерг а дустийла а яц! Ма лахьара кхара ахча! Ма дахьара кхара кхечу кепара гIо! Цхьа кIеззиг гIуллакх а хилла хьо цхьана хьукхмате кхаьчча, Iедалхошна тIевахча, ванах со кху дуьненахь ван а ма велар-кх аьллачу хьолтIе воккху-кх цара.
Къолам а, дарж а делла оцу хьаькаман гIанта,дарже охьахаийначу стагна,цуьнан коьртехь кхин цхьа хIума дан а дац, хьоьгара кепек муха йоккхур яра аьлла а бен. Хьо Iехийна а,тилийна а,хIуъу дина а хьоьгара ахча даккхар ду-кх церан коьртехь. Ас цхьа масал даладо.
Масийтта шо хьалха ас эцна дакъа ду,49 шарна а аьлла,тIетоьхна мухIар а долуш, тоьшаллин кехат а ду. Со цу тIехь цIено дугIуш а ву пхеа шаре а ваьлла. ДIа ваха а вахна хьаьжча,маьхькIамхоша сан цIартIехь дакъа дан а дац боху. Ши шо хьалха ас перерегистраца ца йина боху,цундела дIадаьккхина боху соьгара дакъа.
Хьовсийша боху ас,аш шун урхаллехь делла кехат ма ду соьгахь,со кхеччу пачхьалкхехь Iаш хиларна суна хиъна ма дац хIара хийцамаш бу я бац. Доцца аьлча ас 50 эзар ахча делча дIанислуш хила-кх гIуллакх. ХIан, сан-м ду и ахча,ткъа и доцчо хIун дан деза? Хьарам-хьанал къастош-м дац кхузахь!
И Дела цIерш а ю йохуш,бусалбан дин а ду хьалхадаьккхина дуьйцуш. Дин да а дера вац со ва-м,амма цхьана а дино ца боху нах хьийзабе. Хаза нехан санна дог дохадо цу хIуманаша. Тамаше,халчу даьккхина ду кхузахь дерриге а. Цундела,угар тIех, цхьа кIира даьлча,кхузара вада,дIаваха дог лаьтта…»
Нохчийчуьрчу дахарх дустарца къамел динчу Зайндина вуно дика го кхузарчу,ног етташ кхехкачу,мух-мухха а доцчу дахаран галцаш а,анташ а. Цунна инзаре,акхаллица дозаделла ларрал, тамаше ду низамаца эмгаралла а лелош,цо чIагIдийриг хьесапе а ца оьцуш могIарерчу нахана Iар-дахарца а,баха-бахкарца а, хетарг аларца.садаккхарцасадоларца зил -дозанаш детташ,массо кепара маршонах хербар.
«Ой! Нохчочо нохчийчуьнгахь гIело муха яллайо? Iедалехь берш берриге нохчий а болуш, и муха мега,и муха тарло!?»- цу кепара доза а доцуш,цец-аккъечу хеттаршка вуьйлура Бельгера хьаша Зайнди.
Шен бIаьргашна ца гинехь,лерехь ца хезнехь ша тешар а вацара,-боху Зайндис,-чохь,хIинца-тIаккха бохуш , валарчу вирзина вочу хьолехь Iуьллуш лазархо а волуш ,газ дIахадийна аьлча а, бехк-гуьнахь а доцуш совцийна,набахтехь латтош кегийрхой бу аьлча а, ишта кхин а, кхин а,хьашт мадду багарбало эшаме хиламаш.
Махкарчу хьолах дийцинчу Зайндис кхеторехь кху муьрехь долзанах буьлуш Даймахкана пе беттарш хаъал алсамбовлар лаа дац.