Тахана кавказхошна вуно хала ду Оьрсийчохь баха а, лела а. Ког баькх-баьккхинчохь дуьхьалъеттало ксенофоби – Ιедалан политика а яц кхин и зулам эшон араяьккхина. Оцу хьелашкахь веххашехь, доггаха до гоьваьллачу оьрсийн иллиалархочо, артиста Соколов Павела кавказхойн хелхар. Цуьнца къамел хилира Маршо Радион.
Соколов: «Хала хΙума а дацара хелхар дар-м! Сан дерриг а нисло, суна тов я ца тов, бохучу хьесапехь. Суна и йиш кховдийра лакха, ас доггах тΙе а ийцира иза. Ткъа товш хилча, суна стенах эхь хета деза гергарло тΙеэца?! Ас хазахетарца дΙаязйира йиш, лаамца элира иза НТВ-Плюс чохь. Цунах хΙун-муха хилира шуна гина-кх!
М.Р.: Хьуна тΙехь вуно товш ду тхан духар!
Соколов: "Со бераллехь хореографи Ιамийна ву, доьшуш кавказхойн хелхаран импровизаци ян а дезна. Ас доггаха дора иза, хΙунда аьлча, пайде дара суна Ιамар. Иштта жим-жима Ιемира-кх. Ас сайн синхаамца дусту сайна дахарехь лелон мегарг, цамегарг. Суна беззане а ца беза «национализм» олу кхетам. Суна иза мехала позици ю.
Беламе хΙун ду! И йиш дΙаязъеш, со хелхарахь галвуьйлура, со кавказхойн темперамент сайца йолуш стаг ма вуй! Накъостий-кавказхой баккхий бера сан хелхар нисделча.
Цхьа а хΙума а дац шашаха нислуш. Серло яла еза хьайгара нахана. Негатив позитиве ерзо гΙерта веза. Сан цхьа дозалла деш хΙума а ду. Сан доттагΙ а, хьехархо а хилла Махьмуд Алисултанович Эсамбаев. Цо суна сан дахарехь дукха гΙо дина. Цо, дийна велахьара, дозалла а дийр дара аьлла хета сайх. Суна хазахета сайн хелхар нисделла, со тешна ву сайн синхаамех. Со теша айса дечух. Цундела аьтто баьлла хила а тарло клип еш.
http://www.youtube.com/embed/pqM-7ruamDo