Европерчу а, Iамеркарчу а, Малхбалерчу а мехкийн дуккха а гIаланашкахь гуламашка бевлира нах кIирандийнахь вайнах махкахбаьхна 70 шо дузар билгалдоккхуш. Iазапан ден Нохчийчохь а дихкина делахь а, ур-атталла цигахь а ца Iийра нах лелла харцо дага ца лоцуш.
Интернетерчу юкъархойн «Одноклассники» а, "Фейсбук" а машанашкахь а, кхечу хьостанашкахь а дуьненан массо а маьIIашкарчу вайнаха уггаре хьалха далхориг дара махкахдохор Нохчийчохь билгалдаккха магийна дацар – цунах Iаткъам хиллачийн аьзнаш ду хезаш тахана а.
70 шо хьалха вайнах бохор ца хьахош ца висира мехкан администратор а. Кадыров Рамзана шен интернетерчу "Инстаграмин" агIонтIехь шен йозанан хьалхарчу декъехь бохура оцу дийнах дерг нийса а, адамаш кхетар долуш а. Амма тидам тIеберзош ду хIара дешнаш: «Къам махкахдаккха сацамбар дозура нохчашлахь, уьш кIелхьарабаха, хьакъдоллу лидер оцу муьрехь хилла вацарца».
Кадыровна хетарехь, цуьнан да а, иза ша а санна болу хьалханчаш бацаро магийра Сталинна вайнах махках бохон. Иштта ю администратора къадош йолу ойла.
Махкахь нах ара а бовлуш, бохаман де ша билгалдоккхуйтуш дацахь а, наха сагIанаш а дохур ду, белларш дагалоцуш, цIахь-чохь Далла Iамал а йийр ю, яздо Кадыровс "Инстаграмехь". Амма деношкахь депортацин хьокъехь конференци хIотторна полицино лаьцна чохь валлош ву Кавказан къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхо Кутаев Руслан.
Европехь, Малхбалехь, Iамеркахь гуламаш хIиттийра, сагIанаш дехира вайнаха а, царех доглозучу кхечу къаьмнийн векалша а.
Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад вара гуламийн терго еш. Цо иштта жамI до чекхбевллачу барамийн.
Your browser doesn’t support HTML5
Интернетерчу масийтта хьостанехь леррина Депортацех йолу материалаш йовзуьйтуш а, нехан дагадийларш вовшахтухуш а, болх беш ву кху деношкахь историк Вачагаев Майрбек. Фейсбукехь ах эзар стаг ву цо «ДагадогIу. Махкахдахар а, цIехьадерзар а» цIе а йолуш схьайиллинчу агIонтехь хиллачух, леллачух долу тоьшаллаш гулдеш а, нахаца юкъарло лелош а. Иза хилира Парижерчу гуламехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчашка кхаъ кхачош, доттагIаллин белш гIортош яра Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь дIаьяхьна пикеташ. Царех Маршо Радиона хааеллачух ю Петарбухара бакъоларъярхо Виленская Елена а, цуьнан массех накъост а. Цара махкахбаьхначу вайнехан баларш дагалоцуш, зезагаш дехкира набахтешкахь беллачу нехан сийнна хIоттийначу шайн гIаларчу хьолламна хьалха.
Цхьалха пикеташ дIаяьхьира Ульяновск-гIалахь бакъоларъярхочо Крюков Сергейс а, цуьнан гоно а, нохчий махкахбохуш Хьайбахахь нах багор дагадоуьйту йозанаш карахь а долуш.
Иштта пикеташ хIиттийра ГIезалойчоьнан шахьарахь Казанехь а, Украинерчу Крымехь а. Революцехь тоьлла Киевера Майдан а яра вайнехан депортаци дагалоцуш.