Your browser doesn’t support HTML5
Вовшашна гIодархьама цхьаьнабеттало Европера вайнах
ГIалгIайчуьра схьаваьллачу 24 шо долчу Алтемиров Ахьмадна Оьрсийчу депорт ян сацамбина Боснин а, ХIерцеговинин а юстицин министралло бахначу беттан юьххьехь. ДецIахь цунна бехкедо Шема тIаме вахар. Оцу хаамо карзахъяьккхина Европера нохчийн диаспора.
Сараево жима стаг кхаьчна ша вехачу Истамулера. Туркойчоьнан миграцин низамо тIевеана стаг декхарево шарахь цкъа, цхьана денна ваьлла а, махкара аравала, юха чувеъча ло шарахь ваха бакъо. Пхи шо ду Ахьмад Истамулерчу компанехь программист волу. Сараевохь сахьташ а даьхна, юхаваха дагахь хилла иза лаьцна цигарчу полицино, Интерполо лоьхуш хилар бахьане а диллина.
Оьрсийчоьнан дехарца лаха кхайкхийна бу олий, лоьцучу вайнехан мухIажирех дуьххьарниг вац Алтемиров.
Хьал тIаьххьарчу шерашкахь чолхене дерзаро сагатдойту Европерчу 200 эзарнах лаьттачу диаспоре.
Юхьанца, цхьана шерашкахь, нохчийн диаспорин тIетовжийла дара шена баккъал а орцахйовлуш хуьлучу бакъоларъярхойн организацешна. Амма хенан йохалла хийцаделира дерриг а: нохчашна орца кхачор – шайн, нохчийн, гIайгIа хилла дисина хьал.
ГIортор хуьлуш лаьтта мухIажиршна хIинца шайн къомах болу говзанчаш – Европехь дешна а бевлла, балха хIитта боьлла юридисташ-адвокаташ.
ШолгIа гIортор ю протесташ. Масала, СтокхIолмехь Боснин а, ХIерцеговинин а векалтна хьалха мацалла лецира кху муьрехь, Алтемировна кхайкхийна депорт юхаэцар доьхуш, "Vayfond" юкъараллан куьйгалхочо Садулаев Мансура. Мацалла пхоьалгIачу дийне яьлча, дарбан цIийне виллира Садулаев. Цо гайтина Европерчу нохчашна бакъонаш къовсуш лела тарлучу протестан кеп.
Кхеташ ду, цхьацца мехкашкарчу нахе орца доьхуш айъечу протесташна юкъара урхалла оьшу, тIехьажархой. Садулаев Мансуран протест тергаме ийцира Европерчу вайнехан "Барт-Маршо" юкъаралло – Боснин а, Герцеговинин а Парижерчу векалтна хьалха Алтемировна гIо доьхуш акци дIаяьхьира цо. Францерчу Сараевон векало тIеийцира протестхой, дош делира вайнехан лаам шайн пачхьалкхан куьйгалле дIакхачо.
Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхучу нехан могIара баьхна нохчий оцу хьукматан тептаршкара дIабайита гIертачийн юкъаралла а ю Европерчу нохчашлахь. Цунна гIо латтадо Британин, Литуван, Австрин, Полшин бакъоларъярхошца уьйрашкахь йолчу юридикан фирманаша.
Гуш ду ткъа шо а сов Европехь еха диаспора вайнехан бакъонаш ларъяр хьакъдоллучу кепе ерзо гIерташ хьийзар. Хьалха шен баланаш ша-шена а балхош, юьстахарчу нахера гIо хиларе а хьоьжуш, яьхна вайнехан диаспора хIинца кхета йоьлла, дуьненаюкъарчу организацешна тIе а тевжаш, ша-шена орца кхачо ца гIортахь, иза шена юьстахара кхочур доцийла.