Эсмурзаева Мадина: Хьуьнаре нохчийн зуда Европехь а ю ша ерриг

Австри -- Эсмурзиева Мадина, мухIажиршка хьожучу социалан декъан белхахо, Вена, 18Лах12

Австрехь уггаре а дукха нохчийн мухIажарш бу бехаш, кхечу Европерчу пачхьалкхашца дуьстича. Цигахь Iедалан тайп-тайпанчу хьукматашкахь белхаш бечу вайнехан терахь а ду цундела алсам. Кху деношкахь Венехь вовшахкхеттера меттигерчу социалан кхерчашкахь белхаш бен нохчийн зударий, шайн зеделларг вовшашна довзийта.


Масех шо хьалха, Европе вайнах дIакхалхар керла долчу хенахь, нохчийн мухIажиршца белхаш беш хилларш, дукхахьолехь, бухарчу къаьмнех болу социалан белхахой а, психологаш а, гочдархой а бара. Иза Европерчу пачхьалкхашкахь меттигера меттанаш а хууш, цигахь дIа а тарбелла, деша а дешна, шайн корматаллех пайда эца вайнехан говзанчаш кхиина бацарца дозура.

Ур-атталла Iедалан хьукматашца йолчу юкъметтигашкахь гочдан а атта стаг ца каравора 5-6 шо хьалха нохчашлахь. Амма хенан йохалла и хьал хийцалуш ду. Хьалакхуьуш бу меттан халонаш ца евза кегирхой а, когахIуьттуш бу кхузахь деша а дешна, шаьш Iамийначу говзаллех пайда оьцуш болу гIеметтахIиттинарш а. Яьржаш ю церан вовшашца йолу уьйраш а, вовшийн зеделлачух цара пайда эцар.

Ишттачу зеделлачух пайдаэцаран Iалашонца вовшахкхеттера Венехь мухIажиршца белхаш беш болу нохчийн зударий. Шайн белхан башхаллаш йийцаре ян, вовший довза а, вовшашна белшаш гIорто а, зIенийн маша кхолла а.

И цхьанакхетар хьалха-тIаьхьа даьккхинарг яра Австрерчу Санкт-Поьлтен-гIалахь ехаш йолу а, мухIажаршна Iуналла дечу социалан хьукматехь болх беш йолу а Эсмурзаева Мадина.

Цо иштта дуьйцу Маршо Радиоане шайн тоба кхоллаяларх а, шайн Iалашонех а лаьцна.

Эсмурзаева: „ХIокху пана-махка арадаьлла лелачу вайн къомана муха гIо дийр дара теша, бохуш, хьийза нах вовшашна бовзар а хир дара, вовшех Iамар а хир дара, аьлла, ойла хиллера сан дахначу шарахь. Юха сайна бевзачу, социалан системехь белхаш бечу зударшца дага а яьлла, Зазадоккху-баттахь дуьххьара цхьанакхийтира тхо. ХIетахь дуьйна, ка ма-доллу зIенехь хила а гIерташ, вовшех дага а довлуш, схьадогIуш ду тхо“.

Маршо Радио: Кху чохь гулвелла иттех стаг хиларе хьаьжча, дуккха болчух тера ду социалан системехь болх беш болу вайнах Австрехь...

Эсмурзаева: „ЧIогIа дукха бу. Тахана цхьацца шайн белхийн бахьанашца кхуза кхача ка ца даьлларш а бу шортта. Массеран а аьтто ма ца хуьлий цхьана дийнахь вовшахкхета, балха тIера йиш ца хуьлуш я доьзалера бахьанаш долуш, аьтто ца болуш. Амма и тайпа белхаш беш болу нохчийн зударий кху махкахь вуно дукха бу“.

Маршо Радио: Кхузахь гулбелларш берраш а зударий хилар – иза ларамаза нисделла ду я аш шайн гонехь зударий бен тIе ца оьцу? Я иза нохчийн зударий цхьа къаьстина каде хиларца доьзна ду теша?

Эсмурзаева: „Суна хетарехь, нохчийн зударийн тIаьхьарчу 20 шарахь шайга далур дацара аьлла мел хеташ хилла хала белхаш шайна тIе а эцна, и доьзалан дукъ дIакхехьа дезна хиларна, - тIом болуш вахар-вар маьрша ца хилар бахьана долуш а, доьзал, базаршкахь лаьттина а, кхаба безаш хиларна а, кхечу бахьанашца а, зуда чIагIъелла тIаьхьарчу заманахь. Иза ду цо кху аренца дIакхоьхьуш дерг а.

Божаршна кхузахь хало ду, церан аьттонаш мелла а боьхна. Амма вай иза бахьана долуш вайн къонахий охьа а таIор бац, церан сий а дожор дац. Я дожа а ца дина. И нохчийн зуда мелла а жигара лела езаш а, цуьнан цу тIехь алсамо кадолуш а хьал ду-кх кхузахь. Соьга хаьттича-м, иза даима а хилла иштта - хIусамдена хьалха аьхна зуда а хуьлуш, марзхошна хьалха хила ма-еззара нус а хуьлуш, цIийнан дукъ дIакхехьнарг зуда хилла кху тIаьхьарчу ткъеха шарахь. Иза ду кхузахь гуш дерг а".

Маршо Радио: Муьлхарнаш ду Австрехь бехачу нохчашца белхаш бечу вайн къоман социалан белхахошна а, царна тIеоьхучу мухIажиршна а хьалха лаьтташ долу уггаре а ира хеттарш?

Эсмурзаева: „ТIеман чевнаш хилларш дукха бу вайна юккъехь, сица йолу чевнаш а, дегIаца йолу чевнаш а. Шаьш кхузахь Iийр долуш а дац, шаьш хIетаъ-ветаъ цIагIур долуш ду, бохуш, цундела шайн кхузахь орамаш хеца я кхузахь маттаца а, дешарца а, белхашца а дIатарвалар ца лоьхуш болу нах а бу.

Иштта, лайна баланаш бахьана долуш, шайна цхьа некъ ца карош, чохь бисинарш а, халонехь берш а бу. Иштта болчу нахана консультацеш еш а, царна ка ма-доллу гIо-накъосталла деш а дохкуш ду тхо. Цхьаболчара-м вайнах интеграци ян лууш бац, олий, тIе мухIар туху, амма иза бакъ дац, массаьрга а цхьатерра далуш хIума дац иза. Амма шен цхьа метиг а, некъ а лоьхучарна гIо дар – иза тхан Iалашо ю“.

Мадинас дийцарехь, нохчийн къомах болу социалан белхахойн маша хIинца-хIинца бен кхоллалуш а ца хиларна, и белхахой шаьш а жим-жима кога-ира хIуьттуш, зеделларг IаIош, Iемаш схьабогIуш а хиларна, церан вуно дукха хуьлу вовшашна дала а, вошашкара эца а.

Эсмурзаева: „Тхо вовшахкхетча, дийца Iаламат дукха хIума хуьлу тхан.
Тхуна хан а ца тоьа. ЦIахь кегий доьзалш а бацахьара, чохь „сийдоцу хIусамдай“ а бацарахьара, паргIат Iийр долуш дара тхо, хабарш а дуьйцуш. Амма забар а йоцуш аьлча-м, чIогIа вовшашца самукъа а долу тхан, дукха хIума Iама а Iема вовшашкара.

Тхаьш долчу белхашкахь тхан болу накъостий - уьш вайн къомах ма ца хуьлу, церан, тхан санна, ма ца лозу вайн къомах дог, хIунда аьлча, уьш „балха“ аьлла схьабогIуш бу цига. Ткъа тхо, тхаьш цу къомах хиларе терра, цу лазамашца дехаш ду. Цундела а чIогIа мехала ду тхуна вовший довзар а, вовшашца тхайн уьйраш латто йиш хилар а“.

Нохчийн а, нохчех боцучу а мухIажиршца белхаш бечу вайнехан говзанчийн могIарш шо шаре мел долу а шорлуш бу. Йоллучу Австрехула дIасабекъабелла болу уьш вовшашца зIенехь латто атта дац, хIора а балхахь хилар а, дукхахберш доьзалийн наной хилар а тидаме эцча. ХIеттIе а и зедалларш декъар, масех баттахь цкъа мукъане а цхьаьна а кхеташ, вовшех марзо а оьцуш, дага а довлуш - и Iадат кхин дIаа лардан а, кхаба а дахахь бу Австрера социалан хьукматашкахь къахоьгуш болу вайнехан зударий.