Православи дин оьрсийн конституцехь ша-даккхаро маслаIат дохор ду

Мизулина Елена «Нийсоьнан Оьрсийчоь» партин депутат, Москох, 13Ман2013.

Оьрсийн Конституцин преамбулина тIе православи-дино лоцу дакъа тоха аьлла, «Нийсоьнан Оьрсийчоь» партин депутато Мизулина Еленас дукха хан йоццуш кховдийна ойла харц лерина Нохчийчохь. Республикера Iедалан векалша дагадаийтина, Оьрсийчохь доккха дакъа лоцуш бусулба дин а хилар.
Оьрсийн пачхьалкхан ДУМера «Нийсонан Оьрсийчоь» партин депутато Мизулинас ойла кховдийнера цхьа кIира сов хьалха, оьрсийн Конституцин преамбулина тIе тоха дезара, православи – Оьрсийчоьнан културин а, къоман а ша-тайпаллин коьрта бух бу боху дешнаш.

Мизулинан ойла маслаIатан маьIна долуш яц аьлла, мах хадийна Нохчийчоьнан Iедалехь. Цигара бахьйитинчу хаамехь дагадаийтина, ислам дин, кху дуьненахь шен векалийн дукхаллица шолгIачу меттехь хилар.

Оьрсийчохь православино лаьцначу ша-тайпа декъех лаьцна даханчу кIирнахь дийцинера керстанийн деза хIума лардечу, ДУМин фракцийн юкъарчу тобан декъашхоша. Оьрсийн Конституцина юкъа «Оьрсийчоьнан културин а, къоман а ша-тайпаллин коьрта бух бу» боху дешнаш яздан реза хиллера дукхах болу депутаташ.


Кадыров Рамзан, 6Мар2013

Оьрсийчохь ишта а чолхе лаьтта къаьмнийн юкъаметтигаш кхин а гена ца яха, Оьрсийчура култура а, гIуллакх-гIиллакх а кхуллуш дерг православи а, ислам а ду аьлла язде боху, Нохчийчоьнан Iедалан векалша.

Православи динна лерина статус ялийта а, Оьрсийчоь кхиарехь цуьнан коьрта дакъа билгалдаккхийта а арабевллачу наха, «царна лаахь, ца лаахь, инзаре йоккха пачхьалкх йохорна болх беш бу, цивилизаци хIаллакьярна», боху цу кехатан авторша.

Мизулина Еленас кховдийначу ойлано йоккха гIовгIа яьккхинера даханчу кIирнахь. Оьрсийн пачхьалкхан ДУМехь доьзалан, зударийн, берийн а хаттарийн комитетан куьйгалхочо сихъелла дIахьедар дира, «православи динах пачхьалкхан дин дан гIерташ яцара» ша, цу хаттарехула дуккха а дехарш динчу нахана жоп луш яра, аьлла.

Цкъачунна хууш дац, Мизулинас и ойла шеггара кховдийна я, цунна иза лакхара охьайоссийна.

Мухха делахь а, адамийн бакъонашларяъхочо Алексеева Людмилас дийцина Бибисига, «Мизулина лергаш ирдина ладоьгIуш ю Кремле. Ткъа цигара хьоькху мох, цу ойланан хьожа йолуш бу. Ма-дарра аьлча, конституцино хIуъа бахахь а, Москохара Патриархи оьрсийн Iедалшца уллера уьйр-зIенаш йолуш а, цо гIортош еш йолу а орган ю», аьлла Алексеевас.


Алексеева Людмила, адамийн бакъонашларъярхо

Интернетехь цу хьокъехь яздечара билгалдоккху, исламан а, православин а бухе кхевдича, дуккха а цхьанадогIуш хIума хилар. Делахь а, Оьрсийчохь ислам цкъа а доккхур дац къоман идеологин тIегIане, бозуш яздо блоггерша. Оццу хенахь, Мизулинега алийта иза, юкъаралло муха тIеоьцу хьажа, бохуш яздо кхечара.

Вукхара тидаме дуьллу, и пачхьалкх тайп-тайпана динашкара дуккха къаьмнаш дехаш хилар. Оьрсийчоьнан Конституцехь яздина ду, церан массеран а цхьа бакъо ю аьлла.

Цу тIе даьлча, боху цара, Оьрсийчоьнан истори православица кхоьллина хилла ца Iа. Дукха хан яц, коммунизман идеологи дерриг къоман хилла а. ХIинца а хууш дац, православино бина Оьрсичоьнна тIеIаткъам я, коммунизмо бина.