Оха тхайн программашкахь карладоху, хеназа кхелхинчу Маршо Радион Москох корреспондент хиллачу Яхиев Сайд-Iусмана вайн эфирехь хазийтина забаре дийцарш.
Амма тахана, рогIера дийцар кечдеш, тхан тидам тIебахара цо хьадисех лаьцна кечйинчу материалана. Иза шун тидаме йилла сацам а хилира тхан.
Яхиев Сайд-Iусман Москохара пачхьалкхан университет чекхяьккхина а, суфизм-Iилма девзаш а, Iилманча а, яздархо а, журналист а вара. Дахар дезаш а, цунах самукъдолуш а вара.
Iаьнан буса, машенахь шен доьзалца Москохара Нохчийчу воьдуш некъан бохам а хилла кхелхира иза ша, цуьнан хIусманана, кхоъ бер а. Диъ шо хилла цхьа йоI дийна йисира.