Ненан маттахь уггар атта дешнаш ца хаьа нохчийн берашна

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь Къуръан дагахь Iамон хьуьжар схьайоьллучу церемонехь ву Кадыров Рамзан, 15May2012

Муьлхачу хьолехь бу тахана ненан мотт? Цу хаттарна дуьззина жоп карон къаьсттина атта ду ишколехь.

Доьзалехь кIезиг бийцар, ишколехь ледар Iамор. Говзанчаша а, хьехархоша шаьшша а коьртачех коьрта и бахьанаш лору нохчийн мотт тIекхуьучу чкъурана дика цахааран. Коьртаза бахьанаш а ду дуккха а – махкахь дукхахдолу телехьожийлаш, ладугIуш берш берриш бохург санна нохчий белахь а, оьрсийн маттахь дIадахьар, бу мел бохучу Iедалдайша буьйцург а изза оьрсийн мотт, ма-дарра аьлча-м, эбина оьрсийн а, я нохчийн а боцу мотт хилар.

Тахана нохчийн маттехь долу хьал, оьрсийн матто цунна беш болу тIеIаткъам, терзана тIехь ала цунах, я куьзгана чохь санна ала, тIех дика схьаго ишколашкахь. Со цхьана кIоштан ишколехь 3-чу классехь ву. Аса берашка хоьтту, сайна гергахь, царна ца хиъча ца довлу-кх аьлла хеталуш долу дешнаш. Жоьпаш ишта ду.

Хеттаршша-м ас дуккха дина, амма 18-19 берашна юкъахь цхьанна, мел тIех а шинна хаахь кхин ца хаьа масала нохчийн маттахь кху дешнийн маьIнаш: - кит, тарсал, жIов, стом, хIордкема, хорсам, тIай ишта кхин а, кхин а. Царна хаьа, амма оьрсийн маттахь ду жоьпаш. Сан къамел хиллачу берийн хьехархочо Хадишта ишта кхетадо дешархошна цхьацца цIерш оьрсийн маттахь дикох йовзар.

«Суна-м ца хаьа ша сахьташ кIезиг хилар дацахь. Оьрсийн маттахь пхи сахьт ду кIирнах,ткъа нохчийн маттахь шиъ бен дац. Цунна хирг хир ду-кх. И хIун ду аьлчи гIортор оьрсийн маттана алсам йина. Сахьташ дукха хиларна царна оьрсийн маттахь дешнаш дукха хаьа. Сахьташ кIезиг долуш дешнаш гочдан а лара а ца ло. Цундела царна ца хаьа.

ЦIахь буьйцург а ийна мотт бу…Хьажал чийлак олура, нохчийн маттахь, хIинца ведро бен царна хIумма а ца хаьа,киншкаш тIехь а яздо ведар. Шелиг,черма дара хьалха хIинца цунах бочка а олу, ва кадушка а олу. Ца бийцаре терра ду-кх»

Шуна мотта тарло нохчийн мотт хаарехь оццул ледара гайтам лахарчу классехь бен бац. ХIан-хIа. Кхин заздаьккхина хьал дац лакхарчу классашкахь а. Со кхана-лама ишколера бовла а бевлла, баккхий хилар тIедужур долчу, 11-чу классан кегийрхошка хеттаре ваьлла ву хIинца. Цара бIаьрганегIар а ца тухуш, ахь суьрташ гайтича тотех попугай олу,жIаьлинускалх гриб олу, бIогIамах –столб, лоьмах-лев.цIоькъалоьмах-тигр ишта кх. дIа а. ЛадугIу вай.

-Хьоькх. И бохург хIун ду? «Ца хаьа. Хаац. Ца хаьа. Пятно».

-Суна кхаъ хилла Мохьмадна и хиъна.

-БIаьрмециг хьанах олу? «Ца хаьа, Ца хаьа суна».

«Карчолиг» хIун ю? «Дамаран цу» бохург хIун ду? Ишта ала тарло: ас дамаран цу бира цунах. И хIун бохург ду? Баргол?


Цхьаболчу говзанчаша а, хьехархоша а чIагIдарца ,бегашена а дойцуш, кхос-кхоссалуш, яккхий гIулчаш а йохуш, бухбацаре, доьза баре боьдуш бу ненан мотт. Оццул ницкъала а, боккха а лору нохчийн меттан кханенах дог лозуш болчара цунна оьрсийн матто беш болу тIеIаткъам.

Нохчийн маттана хуьлуш дерг, Iедалан коьртехь болчаьрга дIакхачо, церан кхетаме дижо, тидам-тергоне эцийта, шакарца-маьхьарца дIакхайкхо схьагуш некъ а боцуш, хилча а дукхахберш майрра бакъдерг дIадовзийта хIитта а ца хIуттуш гIелонехь бу ненан нохчийн мотт. Маццалц? Маца вер ву бала кхочург? Цу а .кхечу а хеттаршна жоьпаш маца хир ду а.я цкъа а хир ду дацца а хууш дац.