Your browser doesn’t support HTML5
Цунах ду ЮНЕСКО-но 2000-лагIчу шарахь Дуненаюкъара ненан меттан Де кхунах дар. Iалашо ю меттанийн, синбахамаллин башхаллаш ларъяр.
Оццу дийнахь даздо шайн меттан де гIалгIаша а.
Ткъа нохчаша шайн политикан къовсамца доьзна латтадо и де. Мехкан ден гIентахь ша Iачу муьрехь Алханов Iалус Охан-беттан 23-гIачу дийнах дира нохчийн меттан де. Ткъа иза даржера эккха а веш, цуьнан метта веъначу Кадыров Рамзана шина денна тIехьатеттира меттан де – 25-гIачу терахье – оцу дийнахь дуьххьара арадаьлла боху нохчийн «Серло» газета.
Иза ерриг а истори ю. Ткъа мотт, цуьнгара де?
Самукъадаьккхира деношкахь цхьана хаамо – гIалгIайн дешаран министро Костоев Юсупа ненан маттахь бен къамелаш ца дайта сацамбина ша шен хьукматан кхеташонашкахь, бохура зорбанехь.
…Ткъа кхидIа дешча, билгалделира иза декада бен йоцийла. Оцу тIетохаро догдохийначу наха, даккхий синош а а дохуш, «эхI, иза-м пиарна бен ма дац», аьлла дерзийра.
ДагадогIу, ткъе иттех шо хьалха, ГIалгIайчохь вуно хала дара мехкан газеташка ненан мотт хууш нах гулбан, школашна ненан меттан хьехархой каро.
Ткъа тахана муха лаьтта хьал? ГIалгIайн мотт беза а безаш, цунах сагатдечех ву жигархо, массех шо хьалха мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хьехамча лаьттина Кодзоев Аслан. Цунна даладелла ца го шайн маттера хьал.
Кодзоев: «Декада а кхайкхийна, итт дийнахь бийцарх ца кхоллало меттан бала хиларх сурт. Махкахь хьалха гIалгIайн маттахь иттаннаш шерашкахь арадийлина къоман сий-газета «Сердало» оьрсийн маттахь ду хIинца арадуьйлуш.
Школашкахь, арахь, берийн бошмашкахь гуш цхьаьнхьа а дац гIалгIайн йозанаш.
Мотт хууш говзанча наггахь бен карош воцчу даьлла. ГIалаташца яздо массара а. Амма ишта яздина а, яздар тоьлу-кх, олий хета.
ЮНЕСКО-но вайн меттанаш лечийн могIара дахарх чIиркъебийла ца беза хьаькамаш. Иза вайна гIоьнна кхайкхийна орца ма ду».
ГIалгIайн мотт, нагахь санна Iедалера гIо ца хилахь, цкъачунна ЮНЕСКО-но ма-баххара, лечу меттанийн могIара а баьлла, салоьцуш бацахь а, кхочур бу оцу дентIе а, аьлла хета Кодзоев Асланна.
Ткъа Охан-беттан 25-чохь чоьанаш, гIовталш, истангаш, кIудалш, чоьлпанийн биста кхаччалц ша тайпа йийбаран, духаран зовкх айдеш болу нохчийн мотт муха го тахана, муха буьйцу, мел Iамабо, лелабо – иза яц къайле, ледара ду цуьнгара де а.
Ала деза, мелла а делахь а, шайга кхочучу декъанна, маттана орцахбевлла лела лингвисташ, филологаш, журналисташ бу Нохчийчохь. Ткъа, олуш ма-хиллара, яц-кх церан карахь я тухадухкург а. Iедало гIо ца дечохь гIорасиз бу уьш а.
Махкахь Iедалан цIарх кхоьллина мотт денбаран кхеташо ю болхбеш массех шарахь. Журналист, «Даймохк» газетан коьртачу редакторан когаметта волу Дадаев Сайд-Хьасан ву куьйгалхо. Цуьнца меттан гIайгIанаш бийцаребира Маршо Радионо.
Сайд-Хьасан оптимист ву меттан хиндолчуьнга болчу шен хьажамехь. Ткъа бу я бац бух оптимизмна?
Дадаев: «Комиси шен болх дIахьош ю, хьалха а санна. Шо хьалха юхьаръэцна ночхийн рузма болхбан йолалуш ю прессехь, телевиденехь, радиохь.
Болх кхидIа а хьош ду тхо. Яртийн цIерш яхарца нисъеш, нохчийн маттахь йоцурш матте йохуш.
...Дац дера вайн маттера хьал даладелла-м, амма догдоху-кх хиларе. Мотт бацахь, яйна ю нохчалла. Иза кхета а деш, къа-м хьоьгу…»
Азербайджанхоша олу «хIалва-хIалва демекле агыз ширин олмаз» («Хьовла-хьовла мел бахарх а, бага марзлур яц»). Шарахь цкъа нохчийн маттахь, оцу маттана мотт хьокхуш, массех баннер Соьлж-ГIалахь уллуш елахь а, меттан марзонах лаьцна мехкан лаккхарчу хьаькамо ша олуш делахь а, ца аьлла цо цкъа а омран куьцехь, мотт Iедалхоша шайниг бийца догIу, иза кIоргга Iамо беза школашкахь я институташкахь, бийца беза чохь а, базаршкахь а.
Иза стенна ду-те? Ца магадо-те Кремло цунна а, и санначу кхечу хьаькамашна а матте шен децIахь меттиг дIалацийта? И хаттар лела ненан маттах са мел лозучу нехан багахь.