ТΙемаша адамийн дуккха а дика агΙонаш човхийначу кху муьрехь, ца хилча ца долу жайна арахецна, говзанчашна хетарехь, нохчийн яздархочо Бурчаев Хьалима а, журналиста Аболханов Хьакима а. ГΙиллакхех лаьцна школашкарчу дешархошна лерина ду иза.
Ша нохчо лоруш волчу муьлххачу а могIарерчу стеган бала кхача а, тIехь бIаьрг саца а там болуш, керла жарга зорбане яьккхина Соьлжа-гIалахь - «ГIиллакхийн хазна». Иза хIоттийнарг ву журналист Аболханов Хьаким а, яздархо Бурчаев Хьалим а. Цара шаьш билгал ма-даккхара, авторша цу тIехь далийна нохчийн къоман гIиллакхийн бIе масал.
Шайн хила тарлучу дешархошка-кегийрхошка хьалхарчу дашехь авторша яздо: «ГIиллакхо лех эла во, гIиллакх дацаро элах лай во», - олуш кица ду вайн. Хийла хаттар хIутту стагана хьалха, оцу я кхечу хьоле нисвелча, ша хIун дан деза теша, олий. Иэхь-бехк долуш, Далла а, нахана а хьалха хотIе хиларх кхоьруш волчунна-м муххале а. Оцу тIехь шуна гIо хиларе догдохуш, вовшахтесна оха нохчийн гIиллакхах долу хIара йозанаш. Тхайгара кхоьллина хIума а дац. Оха халкъан барта кхоллараллина а, исбаьхьаллин литературин масалшна а, гIиллакх- оьздангаллех долчу йозанашна а тIе а тийжаш, бина болх бу хIара».
Къоман гIиллакхийн, Iадатийн бала мел кхочучара а, яздархоша а даре а деш, тахана хаза нехан санна хьашто йолуш, шен хенна арахецна киншка ю «ГIиллакхийн хазна». Цу тIехь карладоху вайн заманахь дайлуш долу, дицдина догIу, вайнехан ворхIе дас заманан йохаллех чекхдохуш, лардеш схьадеъна гIиллакхаш. Дахаран массо тIегIанах хьакхалуш, дозуш ду авторша даладен масалш. Цу юкъара ду хIара гIиллакх а.
«Нохчочун шен цIийца, сица ду Даймохк безар. Ницкъ а кхочуш, велларг а хийрачу махкахь вуьтуш Iедал дац вайн. Шен Даймохк безар, цунна тIе цхьа кхерам хIоьттича, и ларбан кийча хилар, маьршачу хенахь цуьнан зовкхан дуьхьа хьанал къахьегар ду. ХIораммо а дагахь латто дезарг цхьаъ ду – Даймохк ларбар, къоман сий айдар леррина хаьржинчу я къастийначу къонахийн дакъа дац, иза хIора а нохчочун сийлахь декхар ду».
Ишта дагах кхеташ ду маттах лаьцна далийна гIиллакх а. «Вай нохчий ду, - яздо авторша, - нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цунах кхеташ хила веза ша нохчо ву мел бохург…».
Бурчаев Хьалиман а, Аболханов Хьакиман а кхиам а, шатайпа некъ карор а лара догIу, схьахетарехь, хIора а шаьш даладен гIиллакх цара фольклора, я исбаьхьаллин литература тIера масал а далош, тIечIагIдар. Даймохк хьахабелча, цара ишта кица даладо: «Нехан махкахь эла хуьлучул, шен махкахь лай хилар тоьлу», ткъа маттах лаьцна дийцар цара дерзадо Мамакаев Мохьмадан лийр доцчу дешнашца : «Шен ненан мотт халкъо, сий ойуш Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц».
Керла араяьллачу жарги тIехь дуьйцу вайнехан хьаша-да тIеэцарх, дош лардарх, доттагIаллех, де эшначунна тIехIоттарх, ишта кхин дIа а.
Дерзош дало догIу, гарехь, тахана цхьаболчу нохчашна дицделла догIу Бурчаевс а, Аболхановс а далийна масех гIиллакх.
«Цхьадолчу къаьмнийн санна, салам тIекхаьч-кхаьчначуьнга луш дац вайн. Масала дас- кIанте, вашас-йише, хIусамдас-хIусамнене а…».
«Салам даларехь хьалхе яккха къуьйсуш дац вайн, цуьнан нохчийн халкъалахь чIагIъелла кеп (бакъе) ю. ХIоьттинчу хьолехь гIоли волчо эшна хетачуьнга хьалха дала догIу салам. Масала, куьйгалхочо – шен куьйгалли кIел волчуьнга, могашчо –цомгашчуьнга, воккхачо-жимачуьнга».
«Да волчохь кIант вистхилар, жимачо воккхачун дешнаш кегдар хьалхалелхар, воккхачуьнгара я тхамдера пурба доцуш, вистхилар, къамелехь "со", "ас" бахар вайн оьздангаллица догIуш хIуманаш дац».
«Чохь стаг волуш дас шен доьзалхо хьестар-м хьехо а ца оьшу, ур-атталла, нахана юккъехь шен доьзалхочун цIе йоккхуш а ца хозуьйту дас».
Цу кепара далош масалш-гIиллакхаш дукха ду керла араяьллачу жарги тIехь. Тахана Нохчийчохь, цхьанне къайле а йоцуш, кIезиг бац, къаьсттина кегийрхошлахь, шайна хIуъушшехь цу а, кхечу а гIиллакхашна пебеттарш а, вайнехан гIиллакхаш диц а дина, Iаьрбийн къоман гIиллакхех къилба а дина, церан духарх дезар а дина леларш.