Your browser doesn’t support HTML5
«Дог дохде цIе»
Сан дин, сой – шиъ дарцо, гIорош,
Шело даге кхийдайо.
Хьеше кхойкхуш, цхьаннан-м корехь
ГIийла серло еттало.
«ХIей нах!» − олий, ас мохь туху.
Серлаболу корехь чиркх.
Вевзаш вацарх ломахь наха
Даим оьцу хьаша чу.
«Беркат шорта хуьлда хьоьца.
Воссал динара, хьаша, хьо!» −
Олуш, ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво.
Божлахь сан дин паргIатбаьлла,
ХIинца паргIатвер ву со,
Кхача кечбеш, марсаяьлла,
Пешахь кхерсташ хир ю цIе.
Цу кхерчарчу цIарочул а,
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош!