Хийцаделларг дуьне дац, адам ду

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь ненан мот базбеш хиллачу даздаран дакъашхой, 25Охан2012.

Хан-зама яларца хийцало адамийн дахар а. Даиман а ца хуьлу и дахаран хийцамаш дикачу агIора. Къаьсттина цунна тидам бо баккхийчу наха. Нохчийн къаношна хетарехь, кху тIаьхьарчу хенахь хийцаделларг дуьне дац, адам ду.
Iилманчаша чIагIдарехь, Iаламан тийналле ладогIа а хаа деза. Iаламо садоьIуш, иза самадолуш, денлуш хаадала сема хила веза стаг, тидаме хила веза иза.

Синбилгалонаш гучуйовларца, маьлхан бIаьрг схьакъадале дуккха а хьалха дуьйна, вовшийн кхаьанаш даха сихелча санна, меттах йовлу сагалматаш, шайн мукъамаш дIаболабо олхазарша, дийно шен раж схьаэцарх кхаъ хилча санна, каде хьийза зIакардаьхний а.

Къаьсттина дика тергалло жил-Iалам самадалар нохчийн ярташкахь.

Дуьне хьийзаш ду, хийцалуш, мох санна ду дуьненан хIума, олу вайнахалахь. Дукха хьолахь и доьзна ду дахаран сихаллица, цо адамана хьалха хIитточу халонех. Амма къаноша дечу тоьшаллица ша дуьне уьншарахьлерра дуьне ду, иза хийцаме даьлла дац.

Дахаран сихалло, цуьнан хьашт-дезарша лоьхкуш долу адам ду хийцалуш дерг. ГIиллакхца, оьздангаллица хада бора хьалха стеган мах, боху къаноша, ткъа тахана - таронца, бахамца.

Иштта хьажам болчех ву Теркйистерачу Ломаз-юьртара дезткъара ваьлла къано Бигаев Сайди.

Бигаев Сайди: ГIиллакхца, оьздангаллица иза велахь, мах бу-кх стеган. ГIиллакх а, лерам а боцуш, шена ма-тов леларг вара-кх хьалха сийдоцуш.

Баккхийчара къаро а еш, мел хала еанчу заманахь а адамийн мехаллаш лареш чекхбевлла вайнах. Амма тахана иза аьттехьа а дац, царна гергахь.

ХьастагI юьрта юккъехь, некъаюьккъе цизаьркийн ботт охьа а кхоьссина, дIавоьдуш вара цхьа ши кIант. Ша цаьрга бехк баьккхича, хьан хIун бала бу аьлла, дIавахара и шиъ, бохуш вара Бигаев Сайди.

Кхана-лама зударий а балийна, охьахевшича церан доьзалех хIун хир ду? Цара хIун хьоьхур ду тIаьхьенна? Иштта хеттаре вуьйлура Ломаз-юьртара къано Бигаев Сайди.

Бигаев Сайди: Тахана нохчий ловзар дан йиш йоцуш Iаш бу нах. И хаьий хьуна? Цу юкъахь, вовшах лета кеп а хIоттайой, ловзар дохадо. Тохара тхамда-инарла вара ловзаргахь, урхалла а деш, хиина Iаш. Цо иштта, аьлла, пIелг хьалалаьцча, иза хьераваьлла воьдуш валахь а, ловзар юкъара дIавала везаш вара. Иштта гIиллакх дара хIетахь.

ХIинца воккхачо IадIе алахь, хьоьх летар ву-кх…Уьш дIа ма-девлла. Харцхьа лелларг котам бун чу а вуллий, и ловзар дIадаллалц цу чохь вуьтура, тIехула догIа а тухий.

Цхьаьна дас тIе а веана, сан кIантана хIара таIзар стенна дина, эр дацара. ХIинца да-нана хьоьх лата догIур дара. Халкъ телхина, дуьне-м телхар дацара.

Iилманчаша чIагIдарехь, дахарехь зеделла бакъдерг ду муьлххачу а къоман ша-тайпаналла, цуьнан гIиллакх, оьздангалла, ламасташ, Iадаташ ненан маттаца дозаделла хилар. Иза бицбаро, иза ледара хааро, яйеш а, лахеш а ю адамийн синмехаллаш а, боху говзанчаша.

Цара кхеторехь, шен къоман мотт хууш волчо, цуьнан дIадаьлларг девзаш волчо, шена цкъа а могуьйтур дац гонахарчаьрца лераме цахилар а, церан сий-пусар ца дар а.