ТΙаьххьарчу беттанашкахь дуьненаюкъарчу хаамийн хьостанаша маситтаза даржийра, Шемахь тΙемаш бечу гΙаттамхошлахь нохчий а бу, аьлла. ХΙинца юха а дийца долийна цхьамогΙа газеташа, Башар Асадан Ιедална герзаца дуьхьал лаьттачу ДжабхIат Ал-Нусра тобанехь нохчийн тΙемалой бу, бохуш. И хаам мел богΙу бакъдолчуьнца?
Юьхьанца иштта дΙа тΙехула, хила тарло, ткъа нагахь иза бакъ ца нислахь а, тхоьга жоп деха да вац, аьлча санна, дийца долийра сенсаци лоьхучу журналисташа Шемахь нохчийн муджахΙидаш бу тΙемаш беш, аьлла.
Ингалсера Гардиан газетан корреспондент Чулов Мартин вара и тема шуьйрра юхьаръэцнарг. Ши бутт хьалха Шемахь нохчийн дуьхьалонехь тΙеман баьчча хиллачу Гелаев Русланан воΙ Рустам кхелхича, даржийра Чуловс 24 шо долу и кΙант тΙом беш хилла, аьлла. Амма иза тера дац бакъдолчух. Гелаев Рустам, шеца бусулба дин Ιамочу кегийрхошца цхьаьна, бомбанех Ιалашлуш, цхьана маьждиг чулечкъина, оцу чохь а вийна, чΙагΙдо иза дΙавоьллинчу Гуьржийчуьрчу Паьнказахь бехачу цуьнан гергарчара.
Делахь а Чуловс кхидΙа а даржадо ша болх бечу Гардиан газетехь, Шема баьхкинчу муджахΙидийн керлачу тобанашкахь дуккха а бу гΙезалой а, узбекаш а, нохчий а бохуш.
Кху деношкахь Европерчу а, Пакистанан а, Японерчу а зорбанехь яздо «Махмудов Мурад» а, «Джей Олкер Ли» а цΙерш шайна техкинчу журналисташа, Шемарчу ДжабхΙат ал-Нусра олучу гΙаттамхойн фронтехь жигара асадхой хΙаллакбеш лета нохчий, бохуш.
Оцу авторша дийцарехь, Гуьржийчоь а, Туркойчоь а ю Кавказерчу муджахΙидашна Шема кхача некъ нисбийраш. Бахьана дуьйцуш, юьхьара оьцу шина журналиста оцу шина а пачхьалкхан оьрсашца йолу юкъаметтигаш тΙаьххьарчу заманахь шелъелла хилар а, цара цундела шайн дозанаш хедо нохчийн тΙемалошна магош хилар а.
Цхьана заманахь Ичкерин ницкъаша Буденновскера а, ГΙизларара а дарбан цΙенош тΙеман Ιалашонашца закъалте лаьцна хилар дуьненна дага а доуьйтуш, «Махмудовссий», «Джей Олкерий» дуьйцу, деношкахь нохчех болчу тΙемалоша Алеппо-гΙалахь закъалтана дарбан цΙа лаьцнера, бохуш.
Цул совнаха, авторша дуьйцу, стенна оьшу нохчашна, Шема а кхаьчна, цигахь тΙом бан. И бахьана ду, цара бахарехь, Малхбалерчу а, Пакистанерчу а, Боснерчу а, Албанерчу а салафийаша Кавказ-Имаратна шарахь 130 миллион доллар дΙакхачош хилар а, и ахча нохчий джихΙадехь дайа декхаре хилар а.
Маршо Радио гΙоьртира «Махмудов Мурад» а, «Джей Олкер Ли» а схьа а лехна, цаьрга доггΙу хеттарш дан. Шемахь нохчий хилар даржаде кхиболу журналисташ а санна, псевдонимашна тΙехьа лечкъина журналисташ схьа ца карийра тхуна. Ца карабо ишттанаш дуьненаюкъарчу Би-Би-Си телерадиоагенталлин корреспондентна Шишани Мурадна а. Цо иштта дуьйцу шен, журналистан, лехамех а, нохчо хиларна шена Ιеткъачух а лаьцна.
Шишани: «Дикка хан ю со оцу хΙуманна тΙаьхьаваьлла, цхьацца оцу хьокъехь яздан лууш волу. Иттех шо хьалха ОвхΙанистанехь нохчий бу бохура зорбанехь. Цул тΙаьхьа Иракъехь бу Нохчийчуьра тΙом бан бахана нах, аьлла а кхайкхийра. ХΙинца дуккха а нохчий бу Шемахь, аьлла, долийна. Цуьнан маситта агΙо ю. Цхьадерг вайна гуш а, хууш а ду. Кхидерг гуш а дац, я вайна кхеташ а дац. Маситтаммо кхайкхийра, нохчий бу цигахь, аьлла. Амма цхьаммо а гойтуш дац, уьш муьлш бу. И Гелаев Рустам воцург, кхин мила ву а, церан цΙерш хΙун ю а хиина дац.
Малхбузерчу журналистех а яздира маситтаммо нохчий буьйцуш, ас хатта а хаьттира цаьрга, со тΙекхоч-кхочучуьнга, шуна муха хиира уьш нохчий буй, нохчийн мотт хаьий шуна, стенгара хиина шуна уьш суьйлий я гΙезалой боцийла, аьлла. Цхьаммо а суна жоп луш дац».
Стенна оьшу-те маьΙ-маьΙнерчу, цΙаралахь долчу газетийн, агенталлийн корреспонденташна а тΙехь, Шемахь нохчий хилар, бацахь уьш цигахь болуш санна дийцар. Шишани Мурадна иштта хета оцу хьокъехь.
Шишани: « Амма цхьа хΙума ду. Шемахь цхьа нохчо хилча а хууш хир дара вайна. Лулахоша я гергарчара дуьйцур дара ваханчух лаьцна. Ишттаниг цхьаммо а ца кхайкхийна. Цундела шеко ю. Со кхеташ вац. Иштта ду сурт. Стереотип, сурт ду-кх вайн нохчашна хΙоттийна. И цхьа агΙо ю. Я оцу нахах «нохчий» ала атта долу дела дуй а хаац.
ШолгΙаниг – нохчийн мотт кΙезиг мот хилар а ду, дукха ма баций дуьнентΙехь и мотт буьйцу нах. Мухха а делахь а, вон цΙе ю-кх нохчашна туьллуш. Ас ца боху нохчийн тΙемалой хуьлийла дац Шемахь, шайн лаамехь цига баханарш. Ткъа ша Нохчийчуьра хьал дΙанисделла а доцуш, тΙом лаьтташ цигахь а хилча, маьΙна дац аьлла хета-кх вайнахана, Шема а бахана, тΙом бан.
Суна дагадогΙу, Иракъехь тΙом боьдуш, цхьана хΙиндочо яздинера, цигахь нохчий бу Урдунера а, СаΙудера а бахана, аьлла. ХΙетахь ас яздира цуьнга, Урдунехь маситта эзар бен вац нохчо, цхьамма зуда ялийча а тΙехь хууш хуьлу тхуна, иза хΙунда яздина ахь, аьлла».
Хууш ма-хиллара, эзарза ду баьхнарг, атта дац дацарехь чΙагΙдан. Журналисташа, тахана а санна, кхидΙа а кхуллур ду нохчашна тΙе доцург. Делахь а, дуьйцург долччохь дитар бен некъ боцчух тера ду. Нохчий, гарехь, шатайпа къам гучух тера ду цунах лаьцна юьстахара яздеш болчу хийрачу журналистна – уьш юкъаозийча, хьал сенсацин кепехь деста, редакцешкахь мах сов болу цуьнан дийцаран. Ткъа политикашна а ю цигахь, шайн Ιалашонашка хьаьжжина, кхочуш са.